Бер ца гойтуш йитинчу нохчийн зудчуьнгахьа ю Европан кхел

Страсбургерчу кхело 15 эзар евро кхачийна ша доьзалхочух яьккхар латкъийначу Соьлж-ГIалин яхархочунна

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листина Соьлж-ГIаларчу Магомадова Элитин арз. Шен кIант а, цуьнан да а веха меттиг карор цо дехча, Соьлж-ГIаларчу кхело тоам боллуш ца къастийна да-нана вовшахдаьлча бер хьаьнца диса деза, боху Страсбурган сацамо.

Эшам лайначу Магомадована Европан кхело кхачийна 15 эзар евро, хаам бина "Кавказ.Реалиига" арздиначуьнгахьа йолчу "Бакъонан инициатива" проектан векало.

КIентан цхьа шо долуш, 2010 шарахь вовшахкъаьстина цуьнан да-нана. Бер цомгуш долуш, цунна дарба дайтархьама, Соьлж-ГIалара Москох дIаяхна Магомадова. ВоI ган кест-кеста воьдуш хилла да а. Амма 2013-чу шеран ГIадужу-беттан 22-чу дийнахь, берийн бешара дIа а эцна, шеца Соьлж-ГIала дIавигина цо кхо шо кхаьчна кIант.

2014-чу шеран бIаьста Нохчийчоьнан шахьарарчу Ленинан кIоштан кхеле бер долу меттиг лахар доьхуш арздина нанас. Кхелана хенан йохалла карийна кIант а, цуьнан да а, амма бер ненах дIатоха ца гIоьртина, боху шен хаамехь "Бакъонан инициативано".

Магомадова Элитина гойтуш а ца хилла кIант.

Оцу юкъанна, 2014-чу шеран Iай, некъан хьовзамехь кхелхина беран да. КIант шайга дIавигина дехоша. Магомадовас юха а дина арз. Сацам цуьнгахьа бина кхело. Амма пурстоьпаша, шайна ца карабо я дехой а, я бер а, аьлла, тесна дитина гIуллакх.

Цул тIаьхьа массех бутт баьлча Европан кхеле яьлла нана. 2015-чу шарахь листа тIеэцна дов Страсбурго. Кхеле хьоьжуш Магомадова а Iаш, Шеларчу полицино 2016-чу шеран бIаьста, лехна, дIавелла нене кIант.

"Нохчийчуьрчу кхелашкахь туьйлира со, амма суна сан бер схьадалош вацара стагга а. Оьрсийчоьнан беран бакъонан урхалле а дира ас арз. Амма схьа ца лора соьга кIант, пурстоьпех а лечкъавора дехоша. Ткъа соьга иза схьавеллачу муьрехь-м сан арз дара Страсбургехь толлучу кхаьчна", - дийцира Магомадова Элитас.

ХIинццалц зийна яцара Европан кхело Нохчийчуьрчу доьзалан юкъаметигаш, оцу маьIанехь дуьххьараниг ю Магомадова, билгалдоккху "Бакъонан инициативерчу" юристаша.

"Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а доьзалан юкъаметтигаш луьстуш, дехошкахьа юьйлу кхелаш. Да-нана къаьсташ бен сацамаш бер дега дIа а луш бо. Оцу Iадатна я юкъа ца гIурту, я, юкъагIоьртича, дегахьа долу Iедал. И хьал ма-дарра Iаддуьту федералан Iедало а. Оцу хьелашкахь эшначех ю Магомадова, ма-дарра аьлча, хьалхарниг а ю шен бакъо къовсуш Европан кхеле кхаьчначех", - боху "Бакъонан Инициативан" юристо Гюльмагомедова Бикес.

Хьалхо "Кавказ.Реалиино" яздира кху девнах тера догIучу Муружева Лайлаан девнах лаьцна. 2014-чу шеран Дечкен-баттахь цуьнан майра лаьттинчо, лачкъийна, ГIалгIайчу дIадигинера юкъара бераш. ГIалгIайчоьнан кхело сацам зудчуьнгахьа бина хиллехь а, аьтто ца белира бераш цунах дIатоха. Стохка гурахь цхьа бер дIакхетта Муружевах.

Приритетехь листа тIеэцна Европан кхело цуьнан арз а.

Кхин цхьа арз а кхачийна юристаша ГIалгIайчуьра Страсбурге – Губашева Асян. Цуьнгара йоI дIаяьккхина, нанна ца гойту дас.