Дагестанерчу кризисан центрехь карийна Нохчийчу дIайигинчу Тарамова Хьалимата пачхьалкхан "Грозный" телехьожийлана еллачу интервьюхь бакъ ца дина, ша ЛГБТ-машанца йоьзна ю бохург. Иштта цо дIахьедина, доьзалехь шен бакъонаш хьоьшуш цахиларх лаьцна а. "Грозный" телеканало зорбане даьккхина, мехкан куьйгалхочун гонерчу Тарамов Аюбан йоIаца Тарамова Хьалиматца хилла къамел.
ЙоIа дийцарехь, цунна дага а ца догIу, ша Дагестанехь, зударийн зуламах ларбечу бакъоларъярхойн хIусаме муха нисъелла.
"Сан бакъонаш ларйо доьзалехь а, гергарчара а, сан гIуллакхаш а дика ду. Цхьана а агIор суна беш тIеIаткъам а бац, массара а гIо латтадо суна, дог а оьцу сан", - боху йоIа.
Иштта цо билгалдаьккхина, хеттарш дечо юьйцучу ЛГБТ-юкъараллаца шена юкъаметтигаш яц аьлла.
"Сан цхьана а кепара оцу организацица уьйр яц, хаамийн гIирсашкахь сох лаьцна дуьйцучо эргIад яхийтина со. Со яц цара юьйцург, суна нийса дац аьлла, хета оцу тайпа харцо яржор, со церан декъехь ца хилча", - боху Тарамовас.
Карладоккху, зорбанан гIирсаша яздарехь, кадыровхоша, ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь нуьцкъаша Нохчийчу дIайигинера Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI Тарамова Хьалимат. Царна гIо динера меттигерчу полицно. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша нуцкъала дIабигинера полицин декъе.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчоьнан куьйгалло Дагестанера бакъоларъярхой бехке лору Тарамова Хьалимат "ядорна"Хьалхо Тарамова Хьалимата видео яржийра ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо. Едда лелларг цIакхаьчча юьйр ю, "доьзалан сийн дайъина" аьлла, орца доху бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора.
Мехкан куьйгаллина хетарг довзийтина "Грозный" телеканалехула республикан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министра Дудаев Ахьмада. Хиллачунна цо бехкебина зудчунна Кавказера яда аьтто бан гIиртина бакъоларъярхой.