Шемарчу Алеппо гIалина тIе Оьрсийчоьнан хIаваан авиацино а, Асадан режимо а бомбеш еттар тIеман зуламаш санна лара догIу аьлла дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн адамийн бакъонехь лакхара комиссар волчу ал Хьусейн Зейд Раада.
Немцойн канцлеран Меркелан Бундесканцлерамт резиденцехь дIадаьхьана „Нормандин биъ мохк“ форматера цхьаьнакхетар деа сохьтал сов дахделира...
Берлинехь цхьаьнакхетта Германин, Францин, Украинин, Оьрсийчоьнан куьйгалхой. Шинарийн сарахь гIараделира, Меркелца телефонехула къамел динчул тIаьхьа Путин цу цхьаьнакхетаре ван резахилла хилар.
Террорхойн кхерам кхин дIа а лакхара бу Европерчу кхиинчу пачхьалкхашна, къаьстина даханчу шина шарахь бIеннаш эзарнаш мухIажарш тIеэцначу Германина а, Австрина а.
Малхбузерчу политикийн барт ца хуьлу, Оьрсийчоьнна дуьхьал Шема бахьана долуш керла санкцеш юккъеяхарна тIехь.
Шемарчу тIаме ваха арабевллачара лийцинчу рогIера нохчийн кхиазхойн дов хаьттина Венерчу кхелехь.
ТIаьхь-тIаьхьа алсамох дека Малхбузехь Шемарчу Алеппо гIалахь адамаллин дуьхьал зуамаш дарна Асадан режим а, Оьрсийчоь а Дуьненаюкъарчу кхелехула жоьпе озон еза боху аьзнаш.
Германехь а, Францехь бусулба орамаш долчу террорхоша цхьа могIа тIелатарш даро керла хаттар айдина юкъараллехь – беллачу террорхойн дIабохкаран кеп муха хила еза бохург.
Шемахь тIеман зуламаш дарна бехке йо Малхбузено Оьрсийчоь, ткъа нохчийн кегирхой кхин дIа а Шемарчу тIаме оьхуш бу.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино юккъеяккхина ю хIора шарахь дIахьош йолу „МухIажарийн еха буьйса“ цIе йолу акци. Цхьана дийнахь-бусиа шайн даймохк битина бовда безначу нахана лорий, царех лаьцна а дуьйцуш, цаьрга шайга а дуьйцуьйтуш цхьаьнакхетарш дIахьо цу акцехь.
2014-чу шеран аьхка 288 маьрша некъахо вийра Украинин Малхбалехь цабевзачара тоьхначу ракетано Малайзхойн кема чудаийтар бахьана долуш. ХIетахь дуьйна цу бохаман бехкеверг къастош яра Дуьненаюкъара талламан тоба. Кхаарийн дийнахь цо шен белхан жамIаш довзийтина.
Шемахь лаьттачу хьолана жоьпаллехь Оьрсийчоь ю, хIунда аьлча Кремло Асадана гIо деш дацахьара, цу режиман аьтто хир бацара, маьршачу нахана тIехь сел къиза таIзар латтон. Иштта дIахьедар дина оршот дийнахь Германин канцлеран официалан векало.
ТIаьхьарчу кIиранахь Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу политикийн а, Евробертан пачхьалкхийна куьйгалхойн а интернетерчу агIонашна кибератакаш йинера Оьрсийчуьрчу хакерша. Оршот дийнахь гIардаьлла цара иштта Германерчу журналистийн интеренет-агIонашна а тIелатарш дар.
Нохчийн амалш хийцалуш йогIуш ю зама дIа мел йоьду. Нагахь санна 20-30 шо хьалха ши зуда йолу стаг наггахь бен нохчашлахь нислуш ца хиллехь а, хIинца бусалба дино бакъо ялар бакъ а деш, масех доьзал болочийн терахь хаъал лакхадаьлла, къаьстина Европехь
Украинин куьйгалло сихонца шайн махкахь реформаш ца йолаяхь, Европера цхьа могIа пачхьалкхаш Оьрсийчоьнна дуьхьалара санкцеш юхаяха кийча ю, аьлла дIахьедар дина Iамеркан вице-президента Байден Джозефа. Амма Киев, хетарехь, кийча яц ша шена тIелаьцна болу хийцамаш дIабахьа.
Социалан машанашкахь а, хаамийн гIирсашкахь а цкъа а ца кхачалун тема джихIадхой а, цаьргара болу кхерам а хиларна, тIекхуьучу кегийчу бераша сема тIеоьцу исламистийн идеологи, шаьш а джихIадхой а хила лаьа царна, аьлла хета Германерчу полисхошна.
50 процент харжамхой а ца бахана кIирандийнахь Оьрсийчохь дIабаьхьанчу парламентан харжамашкахь дакъалаца. ХIетте а, вуно кхиаме лору Кремло и жамI. Ткъа Малхбузехь кхечу кепара хьоьжу Оьрсийчуьрчу харжамашкахь.
Украинерчу къайлахчу сервисаша Оьрсийчоьнна дIаелла шайн махкахь политикан тховкIело еха еана йолу Дагестанера зуда.
„Аьшпаш биттарца декъал во хьо“ - аьлла ду евзаш йолчу цхьана классикан романехь. Цу цIеяханчу репликица догIуш ду оршот дийнахь масех хьостанехула Германин урхалло а, арахьарчу гIуллакхийн министралло Оьрсийчоьнан лакхар Iедал харцдерг дийцарна тIехь лацар а, цара Путин Владимиран векалш гаррехь аьшпаш биттарна бехкебар а.
Хьажа кхин дIа а