Бераш Iалашдаран де даздеш яра бошмаш Нохчийчохь а. 51-чу "Седа" ("Звездочка") бешахь иштта гира и Де Маршо Радиона.
Иттех эзар гергга низамхо, эскархо, 145 тIеман техника, кеманаш... Нохчийчуьрчу Iедало Толаман Дийнан даздарш дIадаьхьна
"Айра" компанино юкъабаьккхинчу SMART TRACK керлачу гIирсан презентаци а еш, велосипедистийн хан тIекхачар къобал а деш, оршотдийнахь Соьлжа-ГIалахь лерина тобинчу некъа тIехула вилспеташ хехкар дIадолийна. Smart Track кечйина ю интеллектуалечу серло латточу системица. Цо гIо до садайначул тIаьхьа велосипедца дIасаваха, некъахь хинболчу хьовзамех а ларвеш.
Советан Iедалера кхаьчна дезде - 1-ра Май - билгалдоккхуш ю, Оьрсийчуьра кхин регионаш а санна, Нохчийчоь. ГIали юккъехь хIиттийна концерташ, ловзарш, хелхарш.
Ненан меттан де билгалдоккхуш, барамаш дIабаьхьна Соьлжа-ГIалахь. Даим санна, иллешца, эшаршца, хелхаршца, тойнашца, нохчийн духаршца... Маршо Радион корреспондент а хилира даздаршкахь.
Туризман а, садаIаран а дуьненаюкъара "Шашлык-Машлык" фестивал дIаяхьна Соьлж-ГIалахь.
БIаьсте, цхьаьнгге а деха ца дезаш, шега эрна са ца доьттуьйтуш, йиллинчу рогIехь кхочу. Къаьсттина хаза, эзар басахь йогIу иза Нохчийчу! Маршо Радион корреспондентна иштта гира бIаьсте Соьлж-ГIалахь тахана.
1995 шеран Охан-беттан 7-8-чу деношкахь талоран операци дIаьяьхьира СемаьIашкахь федералан эскарша. Инарлаш Куликов а, Романов а коьртехь а болуш, юьрта даьржира дакъош. 264 маса топ охьайилла декхаре йира юьрт. Омра кхочуш ца данделча, вийра, Amnesty International терахьашца, 250 сов вахархо.
Охан-беттан 7-гIа де дуьненаюкъара Могашаллин Де ду. Соьлж-ГIалин майдана бевлла, нахана лоьралла деш бу меттигера медикаш.
Дуккха а шераш ду актеро, махкахь телевизионехула самукъане васташкахь къоман амалш а, адамийн сакхташ а ловзорца вевзачу Исраилов Хож-Баудис карикатураш йохку а, уьш евза а. Цуьнан суьртийн гайтаме кхечира Маршо Радио.
Оьрсийчоьнан автокроссан къовсадаларш дуьйлалуш, "Грозный-ГIап" автодромехь хьалхара кросс дIаяьхьира кIарандийнахь. Цигахь хилира Маршо Радион корреспондент.
Нохчийчохь 2003-чу шарахь, тIемаш севцца а бовлале, дIаяьхьначу референдумца тIечIагIдира мохк Оьрсийчоьнан декъахь хилар. Оццу плебесцитан жамiца тIеийцира керла конституци а. Цуьнан Де даздеш дара Кадыров Рамзанан Iедал Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь.
БIаьсте яла йолаяларца цхьаьна дуьйладелла Нохчийчохь "субботникаш" а. Уьш хIинца лаьттар ду ца хеддаш. Хоьттур дац нахе "лаьий - ца лаьий", ца ваханарг вала тарло шен даржах. Маршо Радионо тергалдира Iедалан белхахоша мехаза Соьлж-ГIалахь белхаш беш.
Кхо шо а ду Оьрсийчоьно Украинерчу ГIирмина аннекси йина. Кремло иза яр а, Донбассера сепаратисташ тIекIабар а бахьанехь Млхбалено тоьхна санкцеш ловш ду Оьрсийчоьнан халкъ. Амма и де даздеш дара Оьрсийчуьра Iедал. Цуьнан декъахь яра шоьтадийнахь Соьлж-ГIала а.
Лаха-Неврехь ткъеха шо сов хан ю нохчийн къоман Мамакаев Iаьрби дагалоцуш музей йиллина. Иза юзург а, цуьнан доладийриг а ву поэтан воI, ша а поэт волу Мамакаев Эдуард. Маршо Радио хилира хьошалгIахь.
Рихтеран бустамца 4,4 а, 4,3 а балл ластам болуш, шозза, сахьт юкъа а дулуш, сатоссуш мохк бегийна Соьлж-ГIалахь. Цуьнан тIаьхьало гойтуш бу БухIан-Юьртара бахархой.
Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь Нохчийчохь Улус-Кертанна гергахь жIаран хIоллам хIоттийна оцу меттехь 17 шо хьалха тIом беш хIаллакьхиллачу Псковерчу десантан декъанна. Эгнарш базбеш дош элира Кадыров Рамзана а, бараме баьхкинчу Псков мехкан куьйгалхоша а.
Хьажа кхин дIа а