Нохчийн сий айдарехь, мехкан спорт кхиорехь Советан пачхьалкхехь а, Европехь а паргΙатчу кепехь леташ маситтаза чемпион ваьлла а, тΙаьххьарчу шерашкахь шен къоман бакъонаш къийсарехь а гоьваьлла Бадалов Руслан. Маршо Радион фотокорреспондент Елхоев Леча хилира цуьнан хIусамехь.
Дуьненан кераюкъ, беснийн эла, муьлххачу а адаман деган хазна - Даймохк. Къилбан массо а агIонехула дIасабаьржинчу нохчийн аганахь, Нохчийчохь, шеран уггаре хаза зама лаьтта кху деношкахь - гуьйре. Махкахула видеокамерица и тоьшаллаш вовшахтуьйхира Маршо Радион корреспондента.
Шо шаре мел долу алсам ахча а, адам а гергаузу Кадыров Рамзана кеп-кепара даздарш махкахь хIиттош. Наггахь кIира а ца долу уьш доцуш. ГIадужу-беттан 6-чу денца доьзна дара Соьлж-ГIалин 197 шо кхачар, Хьехархочун Де, Кегийрхойн Де.
Адам маьрша дехачу мехкашкахь ду, цуьнан санна, дийнатийн а бакъонаш Iалашъен низамаш. Амма дац уьш Оьрсийчохь. Цундела дац, жIаьла, цициг кхаба кIордийча дIахеца доьхку низам а. Хууш ма-хиллара, массо а пачхьалкхехь адамийн санна, дийнатийн а хуьлу шен хIусам.
2000 шо кхаьчна лору официало Дагестанерчу Дербент гIалин. Даздаршка баьхкина пхи эзар сов хьеший.
11 шо ду Несарарчу Шадиев Ахьмада чIеран цIоканна дабагIдан долийна. Юьхьанца жимачу белхан чоьнашчохь бехара цо ша дагалаьцна технологи кхуллуш «дакъазабаьккхина» доьзал. ХIинца цуьнгара дуьненахь а гоьевллачу фирманаша оьцу чIеран кIадеш...
Деношкахь Шемарчу тIамах бевдда махка кхаьчначу Iаьрбашна а, нохчашна а лерина бу аьлла "Буьйсанан берзалой" цIе йолчу мотоциклетхойн клубан гайтам хIоттийра Соьлж-ГIаларчу хьаькамаша мехкан шахьарахь. Тамашениг дара, шаьш мухIажирш барамна герга а цахилар.
ГIурба – бусулбанна суннат дина деза де. Аьтто болучо юкъахдита мегар а доцуш. Цхьамма гIурба дийча, массарна а кхачамбо цо: доьзална а, лула-куларчу бонашна а.
Шайна ца юуш, ца молуш а, бер духарца дулар ду ден-ненан амалехь.
Чекхъели аьхке, тIекхечи бос сирла гуьйре. Токхе еана кхушара гуьйре, шеца схьалуш аьхкено кхиийна беркат: стоьмаш, хастоьмаш, дерриге Iаламан рицкъа. Массо а адам ду Iаьнна кечамаш беш.
...Билггал хууш дац хIара нохчаша туьйранашкахь дуккхазза а хьехош йолу, ца хилча ца йолуш хилла гIишло маца йиллина. Баккхийчара дийцарехь, иза латта а юьсуш, бигира депортаце Хаьмби-Ирзера бахархой.
ХIора шарахь а дикачу кечамашца, даздаран кепехь дIахьо Нохчийчохь Хаарийн де. Цу дийнахь массо а бер хаза духарш дуьйхина, сирлачу яххьашца, самукъане хуьлу.
Машенашка безам уьш кхоллаелчхьана дуьйна беха нохчашца. Царна къаьсттина тайна Соьлж-ГIалахь тIаьххьарчу хенахь хIиттош болу машенийн гайтамаш.
Го баькххина бохь лекха лаьмнаш а долуш, сирла къеггина малх кхеташ мохк бу Нохчийчоь. ЦIена, башха хIаваъ, шийла, мийларх ца Iебаш хиш, беркате адамаш. Соьлж-ГIалин гIовгIанах ведда вахана, лачкъа аьхна меттиг бу. Цкъа кху Iаламах, хазаллах бIаьрг кхетахь, гуттаренна а дагахь дуьсур ду Нохчийчоьнан исбаьхьа Iалам. Екхна стигал, мархаш, латта, аренаш, хьаннаш, ежа говраш, бежнаш, Iаьнна кечден докъар,..
ХIора а керла болам, юкъарчу дахаран тIедахкарш уггаре хьалха баледовлу могIарчу, мискачу бахархошна. Керла юкъадолораш, низамаш кхочушдеш са оьцу хьаькамаша, совдегарша.
Буммат – Нохчийчохь тIемаш боьлхучу шерашкахь къар ца луш лаьттина гIап. Бахархойх цхьа дакъа дуьйжира леташ, шолгIаниг ду набахтешкахь, кхоалгIаниг даьржина дуьне ма-дду.
Машен – заманан хазна. Бахамаллин битам. Хан хене мел йолу хийцало урамашкарчу машенийн тайпанаш, башхаллаш. Таро йолучо еза машен лелайо, йоцучо – таро ерриг!
Геннарчу заманара схьадаьхкинчу ламастийн цхьа дакъа дисина нохчийн зудаялоран кепаца: йоI ехар, йига нах бахкар, некъ лацар, нускал хитIадаккхар, и. д. кх.. Аьрга-Хишкахь Маршо Радион фотокорреспондентна карийра и ламаст вайна гайта таро.
Соьлж-ГIаларчу бераша кху бурконехь маьрша ца юьту майданашкара чахчареш а, БухIан-Юьртара луьйчийла а.
Нохчийчоь. Дуьненан муьлхачу агIонан дакъа ду иза - Ази, Европа? Къоман хатI билгалдоккху и хаттар лаьтта ду массех бIешо.
Хьажа кхин дIа а