Ткъа кху деношкахь ерриг а Iамеркехь гайта йолийна «Patriots Day» «Патриотан де» цIе йолу кино. Цхьанатоьхначу Штаташкахь вевзаш волчу режиссеро Берг Питера яьккхина иза 2013-чу шарахь Бостонехь Марафон дIахьош вежарша Царнаев Тамерлана а, ДжовхIара эккхийтар дар бухе а диллина язйинчу сценарица.
Нохчийчохь адамаш дайарна чувоьллина лейтенант хилла Аракчеев Сергей хенал хьалха дIахецна набахтера, масал эца а мегар долуш, дика лелла аьлла. Цунах лаьцна хаам бина «Московский комсомолец» газето, низамаш лардочу органашна тIе а тевжаш.
Киевехь гIалан юккъехь полицин патрулан тобано сацийна хилла Mercedes ML машен. урхалла деш хилла дег1аца ши тапча йолу Гуьржйичоьнан махкахо Махаури Тимур.
Дуьненаюкъарчу Human Rights Watch адамийн бакъонашна терго ен вовшахтохаралло Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожийна «Кавказский узел» интернетан проектан коьртачу редакторан Шведов Григорийн кхерамазалла ларйе аьлла а, Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада цунна кхерамаш тийсар емал де аьлла а.
Iамеркахошна Оьрсийчоьнах хетарг а, Цхьаьнатоьхначу Штаташна кхераме хIун ду а теллина Iамеркерчу Пью-Центро. Гучудаьлларг ду 54 процент Iамеркахошна Оьрсийчоь шайн махкана кхераме хеташ хилар.
Дечкен-беттан 11-чу дийнахь Нохчийчохь леррина операцеш дIахьош лаьцначу 22 стеган цераш. Амма и терахь хийцалуш ду. Цхьаболчу хаамашца (къаьсттина цунах лаьцна дукха хаамаш бу социалан машанашкахь) Цоцин-Эвлахь а, Гелдаганахь а, Куршлойн-Эвлахь а, БIачи-Юртахь а, Шелахь а, Гермачигахь а, Аргунехь а дIалецна ву 100 герга жима стаг.
Нохчийчура Кадыровн эскархойн а, цхьацца герзаца лелачу нехан а терахь алсамдолуш ду Донбассехь. Уьш цига хьажийна меттигера террорхой Оьрсийчоьнан тIеман дакъойн урхаллера ца бовлийта. Иштта хаам бина цхьамоггIа зорбанан гIирсаша, Украинин кхерамазаллан сервисана тIе а тевжаш.
Мьянмера рохIингия къомах болчу наха орца доьха дуьненанюкъаралле а, массо а маьрша нахе а, шайна гIо дахьара бохуш. Цу нахах къахетта хIун гIо далур дара-те шега аьлла, Мьянме вахана Оьрсийчура вевзаш волу адвокат Мусаев Мурад.
Акха ду цу чIажахь тайпанаш, Маршонна - сужданехь, ткъа низам – тIемалойн, МостагI шен вожавар цигахь дац зуламе, ДоттагIна - тешаме, гамонца – бекхаме, Диканца – догдика, вочуьнца - сов дера, Луьралла - бух боцуш, безам а санна.
Нохчийчохь дIайоьрзуш ю кегийрхой Оьрсийчоьнан арме бигаран компани. Нохчийчура тIеман комиссариатан векалша дийцарехь, КIилба ТIеман гонехь долчу эскаран дакъошка хьажийна 500 жима стаг.
ТIеман конфликташ толлучу Conflict Intelligence Team (CIT) тобано дийцарехь, «Исламан пачхьалкх» олучу тобано шена тIелаьцна аьлла, Соьлж-Галахь полицин белхахошна герзаца ши тIелатар дар.
Иштта дерг хилла дацара Нохчийчохь кху тIаьхьарчу шина шарахь. Шоьтан сарахь 11 сахьт долуш Соьлж-ГIалин шина меттехь герзаш дуьйлуш хезара бахархошна. Ватсапехула а, Фейсбукехула а тешаша даржийначу сурташа гайтира герз диттина машен а, вийна массех жимастаг а.
Кху шара Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан харжамаш хилале ши-кхо бутт хьалха Кадыров Рамзана дIахьедар дира, шен дарж дита кийча ву ша аьлла. Иза дуьххьара олуш дацара цо, амма республикехь харжамаш хила безаш а болуш, цхьа хан еара Кремл цуьнан кхолламах лаьцна йист яьккхина ца йолуш.
Калининград махкарчу Нивенское эвларчу бахархоша кехат хьажийна Кадыров Рамзане, шаьш Нохчийчоьнах дIатохар доьхуш.
Шемахь йоьдучу тIеман конфликтехь дакъалоцу ю лаххара 4 агIо - Шеман президентан Асад Башаран Iедал, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш, ДАIИШ (Исламан пачхьалкх), Шемара оппозицин тIеман тобанаш. Царна массарна а юкъахь бу ... нохчий.
22 шо хьалха, 1994-чу шарахь ГIуран-беттан 11-чу дийнахь, луьра тIом болало Нохчийчохь. Оцу хенахь Оьрсийчохь президент хиллачу Ельцин Бориса, шен политикин хьелаш тодархьама, эскарш хьажадо Нохчийн Республике, низам а, къепе а, юкъараллин кхерамазалла а дIанисъян.
Оьрсийчоьнан вице-премьеро, Оьрсийчоьнан Футболан кхеташонан президенто Мутко Виталийс шена хетарг довзийтина 2018-чу шарахь Оьрсийчоьхь хила езачу футболан дуьненан чемпионатан ловзарш Нохчийчохь а дIадахьа деза бохучух лаьцна.
Вуно жигара видеоловзарех ловзархочух Швецера Шелберг Феликсах хилла 2016-чу шарахь уггаре а дукха ахча даьккхина волу видеоблогер.
«Францин президенто Олланд Франсуас туйнаш тоьхна Парижехь Обамин мачашна», «Вашингтонерчу КIайчу ЦIанехь, бомбанаш а лелхийтина, чевнаш хилла Обамина», «Iамеркан тIеман кеманаш лелон хIордан кема кхераделла оьрсийн чIерийлецархочух».
Шайн гергарнаш Iазапах кIелхьарабаха гIерта Карелерчу Сенежа-гIалахь 7-чу колонехь хан токхучу тутмакхийн наной а, хIусамнаной а. Кху деношкахь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире гIо доьхуш кехат яздина цара.
Хьажа кхин дIа а