Сатосуш гIевттина, маьждигехь Iиде бевлира Венера бусалбанаш. РагI ца тоарна, шозлагIа а хIиттийра молланаша мубарикан барамаш. Бусалбанашка ларамбеш баьхкинера Дезачу Дийне меттигера австрихой а.
Официалехь Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а оьшуш йоцу тIеман архиваш ю вовшахъетташ Европерчу массех пачхьалкхехь. Нохчий хилла а ца Iа иза дийраш. Зама йогIур ю хилларг-лелларг ма-дарра довза оьшуш, бохучух теша "халкъан архивариусаш". Иштачех цхьаъ гира Маршо Радоина деношкахь.
Венерчу Исламан центрехь къоначу бусалбанийн конкурс хилира азан хаза алар къовсуш. Барамехь вахара Маршо Радион корреспондент.
Маршо Радионо кхидIа а довзуьйту нохчийн даарш. Венерчу Айзана гойту муха бо хьокхам.
Вене веъначу Саакашвили Михеиле Маршо Радион аьтто белира массех хаттар дан.
2006-чу шеран гурахь Лондонехь полоний-дIаьвшаца шен майра вер теллина даьлла, амма банза бу бехкечарна бекхам, боху Оьрсийчоьнан Iедал халкъана дуьхьал зуламаш лелош хиларна бехкедеш ваьхначу Литвиненко Александрах йисинчу Литвиненко Маринас. Маршо Радион къамел хилира цуьнца.
Суворов Виктор (бакъ цIе – Резун Владимир), вина 1947 шарахь. Къайлахчу сервисан (ГРУ) эпсар а волуш, ведда Советан пачхьалкхера.
Европехь тховкIело лаха арабовлий, Беларусерчу Брестехь хенаш токхучу нохчашна Полшин ков делла, я ца делла таро ю уггаре хьалха дозанхошца цхьаьна болх бечу психологийн. Иштачех цхьаъ ю полшахо Ксенжак Мария. Цо дийцира Маршо Радиога шена муьлхачу хьолехь го ша толлу мухIажирш.
Стигалкъекъа-беттан 15-чу дийнахь Брюсселехь конференци дIаяьхьна Нохчийн Ичкерин Республикан дозанал арахьарчу векалша а, Европарламентан декъашхоша а, дуьненаюкъарчу бакъоларъяран юкъараллаша. Иза лерина яра 20 шо хьалха президенташа Ельцин Бориса а, Масхадов Аслана а хIоттийначу машаран бертана.
Рудольф Майер Австрехь наха уггаре а говза лоручу адвокатех цхьаъ ву. ЦIе гоьяьлла цуьнан махкахь гIарадевллачу кхелан девнашкахь цо болхбеш хиларна. Йовха юкъаметтигаш ю цуьнан нохчашца, ду дуккха а гергарлонаш, Майерца къамел хилира Маршо Радион.
Европерчу пачхьалкхийн массех шахьарахь хIиттира "Лийрйоцу полк" боламан барамаш. Алссам бара дакъалоцуш Оьрсийчоьнан бахархой а. Венерчу гуламе вахара шинарийдийнахь Маршо Радион корреспондент.
101 шо дара Маршо Радионо Толаман Денна кечамбеш ши бутт хьалха къамел динаТIехьа-Мартанара тIеман ветеран Умаров Iела.
Ахьаро йоккха меттиг дIалоцу нохчийн кхача лелорехь. Масала, ахьаран галнаш, сискал, хьовла, худар. Масала, дуьненчу даьлла бер дуьххьара аганчу дуьллуш, ахьаран хударх яй а боккхий, лула-кулара,гергарнаш чу а кхойкхий, ламаст дара лелаш.
Венерчу Симмеринг кIоштарчу NG Wien клубе шоьтадийнахь баьхкина дукха хьеший бара: клубан декъашхой, спортхойн дай-наной, гIалин администрацин векал, Венерчу дзюдон федерацин президент ишта кх дIа а. Австрин дзюдохула чемпион ваьлла нохчо Бибулатов ИбрахIим декъалварца гулбеллера уьш.
Политикан диалог юха а теттина, тIамца Нохчийчоь шен долаерзо гIертачу Оьрсийчоьно 1996-чу шеран Охан-беттан 21-чу дийнахь вийра президент Дудаев ЖовхIар. Нохчийн лидер дагалоьцучара кеп-кепара вуьйцу иза. ДудаевгIеран доьзалехь а хилла, Маршо Радионо дIаязбина Дудаева Аллин дагалецам.
Уггар дукха нохчий Европехь бехачу Австрехь эзарнашкахь бу нохчийн кегийрхой. Доккха дакъа ду лаккхарчу дешаршкахь. Кегийнах вовшашца уьйрахь, шайн юкъарлонаш а йолуш хуьлийла лаьа баккхийчарна. Оцу Iалашонца вовшахкхеттера вайнах кху мукъаденошкахь Венехь. Гуламехь хилира Маршо Радион корреспондент
Австрера Швеце вахначуьра цигарчу полицино дIалаьцна нохчийн мухIажир. Политикан тховкIело елла волу иза Интерполехула дIавоьхучу Оьрсийчоьнан каравала кхерам бу. Цунна дуьхьалоеш, еарийдийнахь протестан гулам хIоттийра Авcтрерчу вайнехан мухIажирша Венехь Швецин векалтна хьалха.