Ша шена дина истанг доцуш нохчийн йоI маре йоьдуш ца хиллийла хаьий шуна? И гIиллакх дицдина лаьттина. Амма хIинца дендеш ду. Бакъду, оьшур ду я дац таханлерчу нускалшна истангаш, хууш дац уьш дечу Гуьмсан кIоштан Ойсхарарчу исбаьхьаллин школехь, ткъа лаам болчунна дан-м Iамадо цигахь.