Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь лаьттачу 1АДАТ боламо зорбане яьккхина махкахь лечкъийначу нахах шаьш вовшахтоьхна беттан статистика. Жигархоша чIагIдарехь, байначу баттахь 74 стаг лачкъийна республикехь
Кадыров Ахьмадан цIарахчу нохчийн спецназан командиран гIоьнчас, оьрсийн эскархойх "оккупанташ" аьлла. Оцу кепара йоза тIехь долу сториз гучуелира капитанан Солтаев Илесан инстаграм агIонехь, 1995-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь Соьлжа-ГIалина штурм ярх лаьцна инстаграмехь комментарий еш
Ичкерех лаьцна дIахьедар дина Украинан къоман кхерамзаллин а, тIеман а Кхеташонан (СНБО) секретаро Данилов Алексейс. Гергарчу хенахь йозуш йоцу Нохчийчоь хир ю аьлла, тешна ву иза
Нохчийчохь нах лечкъорна а, Европера нохчий бохорна а дуьхьал митинг дIаяхьна Венехь. Пикет вовшахтоьхнера Австрера Ичкерин векалша. Акцин декъахоша Евробертан Iедалашка тидам тIебахийтар дийхира, Нохчийчохь кхел йоцуш нах байъарна
Рэп олучу Моргенштернера реклама эцна Кадыровца йоьзначу инстаграм-аккаунто. Шо хьалха рэперо дIахьедира, Кадыровн доьзало дакъалецира социалан машанашкара шайн аккаунташ дIасаяржочу конкурсехь аьлла. Цо бахарехь, хIетахь хIора аккаунт шорйийриг 400 эзар сом делира
40 гергга шайн ден а, ненан а агIор гергарнаш дIабигарх хаам бира бакъонашларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристо Янгулбаев Абубакара. Цхьана кIиранчохь Нохчийчуьра шайн гергара нах лечкъийна аьлла хаам биначарех ялхолгIа ву Янгулбаев.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, Украина Оьрсийчоьнах йа Нохчийчоьнах схьатухуш "хаттаран йист яккха" кийча ву ша аьлла. Къилбаседа Кавказерчу регионан куьйгалхочо дина оцу кепара дIахьедар Соьлжа-ГIалахь йоьдучу пресс-конференцехь, яздо Новости агенталло
Цхьана хеначохь масех Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикаша дIахьедира, махкахь беха шайн гергарнаш лeчкъийна аьлла. Дозанал арахьа бехачу шен оппоненташна "бекхам бан' чIагIо йира Кадыров Рамзана цул тIаьхьа парламентана хьалха.
Туркойчоьнан Iедална а, къаьсттина президентана Эрдоган Реджепна а бехк биллина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, «талорхошна а, зуламхошна а» тховкIело яларна. Хетарехь, буьйцурш бу, оцу махка баха дIабахна болу нохчийн оппозиционераш.
ГIуран-бетта 18-чохь Геленджикерчу Тонкий Мыс олучу кIоштахь 300 сов меттигера вахархо гул а велла, президенте Путин Владимире видеокхайкхам бира. Уьш синтеме бац курорт-гIалан инарла планан юккъехь хийцамаш барна а, меттигерчу администрацица шайн юкъаметтиг ца хиларна а.
Дудаев ЖовхIаран цIарах юхакечйина парк схьайиллина Туркойчохь, майданахь хIоттийна Ичкерин президентан хIоллам. Парк схьаелларан церемонехь Дудаев ЖовхIар “доьнал долу тIеман буьйранча” вара аьлла. ОЬрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн минстраллан векало Захарова Марияс монумент схьаеллар “цатарлург” ду аьлла
"Пачхьалкхан терроризман акт" йина Оьрсийчоьно Германин дозана тIехь аьлла, сацаммбина немцойн кхело. Бекхам боцуш дуьтур дац шаьш иза, боху Москвано
Хьажа кхин дIа а