Украинерчу тIамехь йийсаре лецна кадыровхой сихаха хуьйцу, Оьрсийчоьнан армин кхечу тIеман дакъойн эскархойл а. Цунах лаьцна дIахьедира, "Ищи своих" телеграмерчу каналан авторо Золкин Владимира а, Украинин агIо лаьцна тIом беш волчу гуьржийн легионерчу буьйранчас Мамулашвили Мамукас а.
Украинхойн Мариуполь гIалин цIе мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан сий деш хийца аьлла, хьехна Нохчийчохь. Карарчу заманчохь Оьрсийчоьнан эскархоша дола деш ю гIала – цу чохь хIаллакдина мел кIезиг а 1100 цIа.
Нохчийн йоьалгIа батальон вовшахтоьхна Украинехь Оьрсийчоьнан чугIортарх пачхьалкх Iалашъярхьама. Цуьнан цIе тиллина Ичкерин тIеман ницкъийн лерринчу Iалашонан къаьстина батальон аьлла, командир хIоттийна полковник Зумсо Хьаьжа-Мурд. Хьалхо Украинехь кхоьллираа нохчех долу кхо тIеман дакъа.
Украинехь байъинарш хуьйцучу заманчохь Соьлжа-ГIаларчу эскархочун дакъа цу юкъа ца дахийтина. Цунах лаьцна хаам бира «Ищи своих» телеграм-канал кхоьллинчу Золкин Владимира.
Нийсса 5 шо кхечи нохчийн иллиалархо Бакаев Зелимха вайна. Иза варах лаьцна низамашлардаран органаша хIинца а делла дац кхачам боллу жоьпаш. Бакаевн уллера накъостий тешна бу: иза ницкъахоша лачкъа а вина, къайлахчу набахтехь латтийнера аьлла.
Нохчийчохь Товбеца-баттахь кадыровхоша мел лахара а 17 стаг лачкъийна. Цунах лаьцна дуьйцу 1ADAT оппозицин боламо. Жигархоша ялханнан цIе яьккхина, баккъал а долу терахь кхин а лакхара хила мега бохуш, чIагIдо.
ГIалгIайчохь контрактехула эскаре баха луучарна мобилан пункт схьайиллина. Военкоматан векалша меттигерчу бахархошна хьоьху, Троицкая юьртахь куп тоьхначу 503-чу полкерчу “цIеран” роте дIа а базабелла, Украинерчу тIаме баха.
ГIалгIайчохь шегара дIаяха гIоьртина зуда йен гIоьртина цIийнда. Дуккха а уьрсаца йина чевнаш йоллушехь, иза дийна йиссира – дахар хадо кхераме йолу чоконашна зен ца хуьлуш дирзина иза. "Клуб добрых дел" цIе йолчу гIоьналлин фондан куьйгалхо Матиева Ната хIинца дарбан цIийнехь ю.
Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а байъинчу эскархойн а, "лаамхой" шайх олучийн а терахь эзар стагал совдаьлла. Шайн цIерш Кавказ.Реалиина билгалъяьлларш бен бац уьш.
Шена гергахь бехкала бахначу, махкал арахьа бехачу Нохчийчоьнан бахархошна таIзар дар юха карладаккха деза аьлла, тIедожийна Кадыров Рамзана. Уьш цIа а балош, цаьрга «цIенкъа горгамаш хьоькхуьйтур ю» аьлла, дIахьедина цо.
Нохчийчуьра дукхахболчу ницкъахоша шевронаш хийцина - шаьш муьлхачу дакъойх ду хоуьйтучу билгалонийн меттана церан баккъаш тIехь "На Киев" йоза ду. Кавказ.Реалиина республикерчу хьосто дийцарехь, «массо а аьлча санна» тIеман дакъойн белхахоша букьа тIехь и йоза ду лелош.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхерам тесна президент Путин Владимир куьйгаллера ваьллачул тIаьхьа пачхьалкхан хиндолчух лаьцна дийцаре динчу «Оьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн форуман» декъашхошна.
Хьажа кхин дIа а