Пригожина бунт гIаттийначу йукъанна Нохчийчуьра дакъош Ростов гIала ца кхечира.Уьш цига хьовсор оьшура Кадыровна, ша Путинна муьтIахь хилар дIагайтархьама, боху эксперташа. ЧВК "Вагнеран" йолахошца тийсадаларшка ца бевлира кадыровхой.
Къилбаседа ХIирийчохь хи дистича зенаш хилла коьртачу гIалахь а, йарташкахь а. Бохам хиллачу кIошташкахь 400 сов доларчу цIеношна а, 30 петарийн гIишлошна а зен хилла. 17 вахархочунна эвакуаци йина, беллачех хаамаш бац.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан вешин кIант а, цуьнан хьехамча волчу Кадыров Хьамзата шен социал-машанашкарчу агIонашкахь дIахьедарш дина. "Нохчийн ламасташ цалардечарна" кхерамаш туьйсуш бу церан чулацам. Оьрсийчоьнан низамо бакъо ца ло нахана оцу кепара тIаьхьавала.
Кадыров Рамзана нохчийн дакъош Белгородан махка хьажаде аьлла хила тарл Украинерчу халачу меттигехь дакъалоцучуьра шен ницкъаш Iалашбархьама.Ишта дуьйцу Американ тIом талларан институтан (ISW) рапортехь.
Украинана дуьхьал бечу тIамехь вийна Ямадаев Сайд-Хьусейн - 2008-чу шарахь Москвахь вийначу нохчийн гIаттамхойн хиллачу командиран, думин депутатан, "Оьрсийчоьнан Турпалхочун" Ямадаев Русланан кIант. Набахтехь хилла цуьнан кIант ЧВК "Вагнер" тобанхойх дIакхеттер
17-шо долу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта шен нийсархочуьнгара бехкаш даьхна, бакъо йоцуш машен лелорна. Цул совнах, ша 17-шо долу Кадыров Ахьмад а, цуьнан жимахболу вежарий а дукхазза гина машенаш хоьхкуш.
Волгоградехь КъорIан дагорна лаьцна 19-шо долу Журавель Никита Соьлжа-ГIала валийна. Нохчийчоьнан Iедал «исламан гIаролхой» санна хIуьттуш – и хилам дуьххьара бац.
Нохчийн моллас Хийтанаев Мохьмада Ростоверчу маьждигехь бусалбашна дийцина Украинехь тIом барна Iалашонех. Кадыровн куьйгкIелара имамаш Нохчийчоьнал арахьа тIеман пропаганда йан буьйлабелла, Оьрсийчоь чугIортар “динехь магийна” ду бохуш.
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, Кремлехь шен дош лелар меттахIотто хьийзаш ву, цундела тIеман министраллица долчу девнехь цо ЧВК "Вагнеран" долахочун Пригожин Евгенийн агIо лаьцна. Ишта хьесап дина Американ ТIом талларан институтан аналитикаша.
Аннекси йинчу ГIирман дозанехь цIе яьлла даьгна мехкдаьтта лело кема. ТАСС пачхьалкхан агенталлин хаамашца, цIе йаларан бахьана дара «дрон охьайожар». Белларш а, лазийнарш а бац – меттигеру Iедалан хаамаш бу уьш.
Краснодаран махкарчу Ейск гIалахь Iедало берашка дакъа луьцуьйтуш парад хIоттийна "Тхо Сийлахьчу Толаман берийн берийн бераш ду" цIарца. "Сий дайъар ду иза", - аьлла дIахьедира меттигехь депутат хилла волчу Коровайный Александра.
Къилбаседа Каказехь куп тоьхначу Оьрсийчоьнан эскарехь «керла штурм йен дакъош» вовшахтухуш ву Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад. Оьрсийчоьно дIалецначу Украинин латтанашка а вахана, жигара тIамехь дакъа лаца бохуш, кхайкхамаш а бора цо.
Хьажа кхин дIа а