Тахханалц дайначу "Боинган" цхьа а дакъа карийна дац иза лоьхучу ницкъашна. Шена тIехь 239 стаг волу "Боинг-777" новкъадаьллера Куала Лумпурера Пекине даха баханчу беттан 7-чу дийнахь. Амма кестта иза дайра радарийн экранаш тIера. ХIинца Боинг лохуш дакъалоцур ду кIоргга хи бухула лелачу "Bluefin -21" олучу аппарато.
Иза вуно хала гIуллакх ду. ХIодан бухахь 4500 метр кIоргенехь, берда тIера эзар сов километр генахь цхьаъ каро атта дац. Цу операцина куьйгалла дечу хIинца пенсехь волчу Австралин тIеман ницкъийн маршало Хьюстон Ангуса ВВС-на еллачу интервьюхь дийцарехь, "Bluefin -21" олу аппарат дIакхачор йолуш ю лехамаш дIахьочу метте гергарчу хенахь.
"Боинган" Iаьржа яьшканаш луш йолу сигнал лаца Австралера говзанчаша пайда оьцуш бара тIех семалла йолчу аппаратах. И бахьана долуш жозза сигналаш лаца аьтто баьлла церан. Маршала Хьюстона дийцарехь, тIеххьара сигнал лаьцна даханчу Шинарин дийнахь. ХIинца кема хи бухулахь лаха хан тIекхаьчна аьлла хета цунна.
Пхи метр еха йолчу "Bluefin -21" аппарато хIордан бухан карта дуьллур ду. ТIаккха цу аппарато "Боинг" лохур ду. Хьюстон Ангуса дийцарехь, и болх цхьа а жамI а доцуш берза мегаш а бу.
ХIоразза а и аппарат болх бан таро йолуш хир ю 24 сохьтехь. Царах 16 сахьт цо доккхур ду хи бухулахь. Хьюстона дийцарехь, цара кема лохур долчу меттехь «Оушн шилд» олучу хIордан кеманан экипажана мехкадаьттан томмагIаш карийна хи тIехула. Цигара эцначу мехкдаьттана анализ еш бу говзанчаш.
Цкъачунна хууш дац Malaysia Airlines кеманах хилларг билггал хIун ду. "Боинган" хьал дуьйцуш спутникашна тIе ихинчу сигналашца а догIуш, и кема 7 сохьтехь гергга дIадахана, экипажо лаьттаца радиозIе хадийначул тIаьхьа. Иза охьадожжалц пилоташа цхьа а хаам ца бина шайн кема галдаьлла хиларх, я кхин хьовзам хилла хиларх лаьцна.
Гарехь, Куала Лумпурера Къилбаседехьа агIор Iуьллучу Пекине доьдучу цу кемано шен курс хийцина нисса бIостанехьа. Эххаре а иза охьадоьжначух тера ду Индин хIордан Къилберачу декъехь Австралина Малхбузехьа.
Цу хьокъехь масийтта хетарг ду. Царна юкъахь ду теракт ярна тIера, цIеххьана экипаж кхетамчуряларна тIе кхаччалц долу бахьанаш. Амма цу версех цхьаъ бакъ ю аьлла бух болуш хIума карийна дац.