"Хьох вала, сан гIала, даима хала ду..."
Шахбулатов Iаднанан мукъам, дешнаш - Кусаев Iадизан, локху Буркаев Мовлада – Сан гIала. Тем боцу бер санна, Хьо зевне йоьлуш ю, Iуьйренца гIаьттина, Хьо балха йоьдуш ю. Хьан сийна урамаш – Сан деган пхенаш ду. Сан гIала, туьйранал Уьш хазахеташ ву! ДогцIена йоI санна, Хьо ирсе лелаш ю, Даима зезагаш Хьан карахь лепаш ду. Хьан сийна урамаш – Сан деган пхенаш ду. Сан гIала, туьйранал Уьш хазахеташ ву! Набарна тевжина. Хьо лаьмнийн карахь ю, Олуш дерш Соьлжано Агана иллеш ду. Хьан бошмаш, Майданаш – Сан дагна хаза ду, Хьох вала, сан гIала, Гуттара хала ду!...