ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: лецарш, кхелаш, дегалазамаш


Махкахь тIеман тийсадаларш дац бохуш, зевне дIахьедарш дахь а, оццу тIамца доьзна лоьцучийн тIийриг хедаш янне а яц. Оцу юкъанна, нахалахь лела полицин хьаькамаша шайн белхан эвсаралла къегина гайтархьама, уьнашарахьлера бахьанаш схьа а лехьадеш, нах чубухку боху ойла.

Цхьа Iалашо, раж хIоттийча санна, цхьана эшшарехь лоьцуш лаьтташ махкахь нах.

Гуттар а бохург санна маршонах хербеш берш кегийрхой бу.

Iедалан хьостанаша кхайкхорехь бахьанаш тIамца дозаделла ду.

Бакъду кху тIаьхьарчу шерашкахь арара, кхечу пачхьалкхашкара тIемаш а бале бевлла вайнахана. КIеззиг масалш дац, Юххера Малхбалерчу Шема пачхьалкхан тIом бахьнехь нохчийн кегийрхоша Iожалла тIеэцна а, шаьш арабаьккхина некъ нийса цахилар кхета а дина,дохкобевлла цигара бевдда цIа баьхкинарш хенаш а етташ набахтешка хьежийна а.

Шемара тIом бахьнехь хенаш а кхайкхош, тIаьххьара тутмакхийн могIарш тIедуза къаьхьа кхаж баьллачех бу, хIинцца-хIинцца Заводан кIоштан суьдо 3.5 ах шо хан тоьхна Садулаев Ислам а, ишта кху баттахь 2.5 кхел йина Махмудов Сайд-Салахь а.

Генара Iаьрбойн пачхьалкхера тIом бахьнехь кху тIаьхьарчу 2-3 шарахь цу кепара чубоьхкинарш ткъаннашкахь багарло. Царал дукха белахь бен кIезиг бац кху чуьра тIамца бозабелла хиламаш бахьнехь лоьцуш набахтешка кхачош берш а.

Кху марсхьокхучу беттан 24-чу дийнахь нохчийн республикан Лакхарчу кхело чохь яккха кхайкхийначу пхи шой ахшой хена тIера ахшо дIа а даьккхина, къинхетам бина Хьалха Мартанан кIоштерчу вахархочух Башанаев Шарипах.

Делахь а Лакхарчу кхело кхин яй ца еш, хьалхалерра 5 шо хан йитна цуьнца цхьаьна набахте хьажийначу Башанаев Шамална.

Прокуратуран хьостано Iорадаккхарца шолгIа шо доладелла 34,35 шераш долу мартанхой набахтехь кхобуш болу. Царна бехке дуьллург ду 2014-2015 шерийн масийтта баттахь кхачанан сурсаташца а, бедаршца а, ахчанца а тIемалошна гIодар.

Iедалхоша кхайкхош тIом боцу сурт делахь а, изза тIом бухе биллина а болуш, лоьцуш болчу махкахойн терахь шо-шаре даларх лахлуш дац.

Цу юкъара долуш дац карара шо а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло хааме даккхарца масала кху шарахь лаьцна кхузахь мацца а цкъа тIемалойн могIаршкахь лелла аьлла 12 стаг, ткъа гIаттамхойн аьттонна цаьрца юкъаметтигаш лелаярна лаьцнарг ву 9 стаг.

Цул сов, оццу хьостано чIагIдарца Шема пачхьалкхан тIам тIе воьдучуьра сацийна 8 жима стаг. Гуш ма-хиллара хенаш а етташ набахтешка хьежош болчийн къоьлла яц Нохчийчохь.

Билггал цхьаъ дала а даьлла стагна таIзар дар, бахархоша шаьш даре а деш, кхин халонга а ца долу нахана. НовкъадогIург ду ницкъаллин структураша шеконаш юьхьар а лоьцуш, хетарехь кегийрхой лецар.

"БIаьста, кхана-лама, дIахьуш харжамаш бу бохучу муьрехь кху ломан кIошташкара дукха кегийрхой лийцира Iедало, дуьйцуш ву цIарца вийца сан бакъо йоцу Ножай юьртан кIоштера цхьа вахархо.

"Цаьргара даьлла хIума а дацара, мажош нийса ца лелайой, телпо чухула цхьаъ аьллий, дийцаний, цхьаъ дагахь хиллерий бохуш лийцира кIентий.

Лецарал сов масех баттахь чохь а бахкийра. Цхьаболчарна ницкъ а бина меттигаш а ю. ТIемалошца тIекаренаш, уьйр-юкъаметтигаш лелийна алийта гIерташ тIеIаткъама а бина.

Ницкъаллин структураша шаьш говрахь ду бохуш и саннарг леладар ду вуно новкъа а, вуно кхераме а».

И къамел динарг вара Ножай юьртан кIоштан Бенара гIеметта хIоьттина вахархо.

Цунна хетарехь урхаллехь берш дуьхе а ца кхуьуьйтуш, цхьаболчу низамхойн хьаькамаша-буьйранчаша шайн белхан жамIаш дика гайта могуьйту шайна цхьацца харцонаш,хьарамлонаш.

XS
SM
MD
LG