Урдунехь а сийдо Темирханов Юсупан
Оршоьтадийнахь Урдунерчу Сувейлехь вайнах гулбелира, шен къоман йоI ерна чIир оьцуш стаг вийна аьлла, Оьрсийчоьно набахте хьажийначохь веллачу Темирханов Юсупна кадам бан. Меттигерчу нохчаша а, гIалгIаша а доIанаш а деш, сийдарца ехира кхелхинчун цIе. Видео яийтина Урдунерчу Вайнехан юкъараллин декъашхоша