ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаьттахь Iуьллуш товш вац "паччахь"


"Машук-20I8" форуман сцени тIе дIахIитта безаш бара цига баьхкина регионийн куьйгалхой. Шайн-шайна къастийна меттиг царна хаийта, лаьтта хIиттийнера церан цIерш тIехь йолу кехатан цуьргаш. Шен метте дIахIоьттина ваьлча, Кадыров Рамзана когашкара схьаэцна, кисана таIийра шен цIе тIехь йолу кехат. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна шен цIе "лаьттахь Iиллийта" цалаар дехха дийцаредо Оьрсийчоьнан прессо. …Амма шеггара дац Кадыровс динарг – кест-кеста кхечу мехкан цхьана лидеро а оьцу шен "цIе" лаьттара хьала.

XS
SM
MD
LG