Венера я Берлинера нохчий бац хьагна Путин ган
Путин Европе (Австре а, Германе а) вахар шина маьIнехь туьду Оьрсийчуьрчуй, Европерчуй бахархоша. Оьрсийчоьнна шен президент дуьненаюкъарчу политиках цахедийла лаахь а, цигахь лелачу харцонах бевдда Европе баьхкинчу мухIажиршна ца тов Путин шаьш дехачу мехкашка лесташ. Австрера нохчий реза бац иза деношкахь Австре кхачарна, ткъа Германера нохчий протесте а тIехь бевлира оцу хьокъехь. Маршо Радионна шайна хетарг довзийтира массех шо хьалха Оьрсийчуьра веддачу шина адвокато, Австречу Садаханов Зоврбека а, Германерчу Арцуев Аслана а.