Амирханов Ахьмад, онколог, гIиргIазойн дозалла
Нохчо ву, берраш а санна, ГIиргIазойчуьра онкологаш Iамийнарг – Амирханов Ахьмад, баккъал а Дала дашо куьйгаш делла лор. Бишкекерчу онкоцентрехь а, лоьрийн академехь а болх бан лараво иза. …1990-чу шерашкахь Нохчийчу, шен дайн баьхначу махка веана, цигахь пайде хила гIоьртира Ахьмад, амма Iедало тергал а ца вина, ГIиргIазойн пачхьалкхе юхавеара. Ткъа кхин сурт ду кхузахь – Бишкеко доладо рак кхеттачу нехан, мехаза йо царна диагностика, аьтто бо цомгушчунна лоьралла деш. Амирханов Ахьмада оцу лазарх дукха гIиргIазой хьалхабаьхна, я байбина царна хьега тIебоьжна бала.