Берлин: Хангошвили Оьрсийчоьнан сервисаша вийна хила тарло
Шайн коьртачу шахьарахь Хангошвили Зеламха вер толлучу Германин полицино алссам тоьшаллаш вовшахтоьхна, керла агIонаш Iораяьхна. Талламчашна гарехь, нохчо вийна цхьана урхалло араваьккхинчу стага, ткъа и урхалла хила тарло Оьрсийчоьнан къайлах ницкъаш, я цхьа лаккхара хьаькамаш. Оцу бахьаница таллам шен долаэца мега Германин Прокуратуро – цо бен ца зуьй пачхьалкхийн ницкъ юкъа а узуш дина зуламаш.