Серганова ТIаус: Керла Шо хьахийча дагаоьккхург – тIом
Керла шо. Жимачо дагалоцу стохка я лурчах ша хьегна дика. Ткъа шерашкахь болчу нохчашна даима а цхьаъ бен дац «Керла шо» - 1995-гIаниг – уггаре ирча, уггаре декъаза, уггаре дукха коьртехь лаьтта тIеман Керла шо. Журналиста, бакъоларъярхочо Серганова ТIауса, хIинцца, селхана хилча санна, сирлачу кхетамца, ирачу тергамашца довзуьйту и Шо…