Инстаграмерчу пайдаэцархоша "ШайтIа-флешмоб" цI е а йолуш, протестан болам гIаттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал. Флешмоб дIахьош дитинчу йозанийн авторшлахь 9 стаг вара шайн аккаунташца билгалваьлла, царна кхераме ду шаьш бовза а бовзуьйтуш, боламехь дакъалаца, яздо «Кавказский узел» газето.
Интернетхошна флешмоб йолийна Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 17-чохь ша инстаграмехула къамел деш, шега, "хьо адам дац, хьо шайтIа ду", аьлла, Москвана гергахь вехачу дагестанхойх волчу жимчу стага йоза дитича, ша иза хIаллаквийр ву, яздарна а, цул тIаьхьа оцу кIентан гергарчаьрга шега бехк цабиллар дехийтарца а доьзна.
Ца тайна флешмобан декъашхошна оцу хиламал тIаьхьа, дагестанхочо аьлларг социалан машанехь дIакхайкхорна Пермь гIаларчу цхьана кхиазхочуьнга а Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хьалха къинтIера вала алийтар.
Машанехула Кадыровна хьалха бехке хIиттийна кегий нах ца хила а тарло йозанаш динарш. Нохчийчоьнан куьйгалхочо гайтина шена вониг аьлларг муьлхха а, кхечу республикера стаг а, шена карош а, ца таIзаре верзош а вуйла, Iедалхочо лелориг низамехь дац, аьлла дIахьедина бакъоларъярхоша. Шайлахь «Гражданское содействие» цхьаьнакхетараллин куьйгалхо Ганнушкина Светлана а, Кавказан къаьмнийн ассоциацин лидер Кутаев Русланна а волуш.
Стигалкъекъа-беттан 24-гIа де доьрзуш 17 эзар сов стаг вара флешмобехь дакъалоцуш, йозанаш дитинера 78 пайдаэцархочо.
"ШайтIа адамах алар дика дац. Цунах доп дала деза. Амма Рамзан политик ву. Харц ву иза официалехь кхерамаш тийсарна. Ца хуьлчу даьлча, кегий нах болчу а кхаьчна, цаьрца кхетош къамел динехь а тоьара", - яздо интсаграмехь lifebyrasul ник йолчу пайдаэцархочо.
"Массо а кхерабалур бац. КIиллоший, террорхоший бен бохур дац аьллачу дашна дуьхьал ша иза вуьйр ву", - яздина Петербургерчу цхьана яхархочо.
"Цхьа пен а хилла дIахIитта деза шаьш паччахьаг бу, эланаш бу бохуш хьийзачарна дуьхьал", боху кхечу, drobI63_inoy ник йолучо.
Бакъоларъярхой богу флешмоб айинчарна дуьхьал а ницкъ баккхарна Каыдровс а, цуьнан гоно а. "Мел маьттаза хIума аьллачунна а, низам доллучохь а дитина, бекхам бан аравийларо хьакам ваз ца во, иза эхь ду. Ницкъ, сий вовшашца башхалла йолу хIуманаш ду",- аьлла бакъоларъярхочо Ганнушка Светланас.
Нохийчоьнан бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна меттигерчу "Грозный" телеканалехула кест-кеста доьхуьйту мехкан куьйгалхочуьнга къинтIеравалар. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.