Нохчийчохь шуьйра ловзарш хIиттор дихкина, Украинехь кадыровхой байарна
Махкарчу дуккхаъчу эскархошлахь Украинехь эшамаш хиларна, зуда ялийча даккхий ловзарш хIиттор дихкина Нохчийчохь. Регионерчу шина хьосто бина и хаам Кавказ.Реалиига, билгалдаьккхина официалехь и тIедожийна цахилар, ткъа дехкар дузу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан «ишта ойла» хиларца.