Къилбаседа ХIирийчуьрчу эскархочо Украинехь маьрша нах байъина хила тарло
Украинан маьрша ши вахархо верна бехкехила тарло Оьрсийчоьнан тIеман декъехь хилла Къилбаседа ХIирийчуьра эскархо. Дийцарехь, лахьан-беттан 23-хь вийна и шиъ– Оьрсийчоьнан эскархоша бертаза дIа а вигина, хьуьнан асанехь тоьпаш тоьхна вийра 40- шо долу Голубенко Сергей а, 32-шо долу Хомников Николай а.