Украинера гранаташ а, патармаш а арадаьхна "Юг-Ахматан" эскархоша
Низамехь а доцуш, Украинера Нохчийчу герз дан гIоьртина "Юг-Ахмат" тобанан эскархой. 20 сов граната а, 600 патарма а карийна кадыровхошкахь Ставрополан махкарчу КПП-хь, йаздо ASTRA а, BAZA а телеграм-каналаша, шайн хьасташ ца йуьйцуш. Официалерчу Соьлжа-ГIалано а, Талламан комитето а комментари ца йо оцу хаамашна.