Нохчийн молланаша Украинерчу тIамна агитаци йо
Нохчийн моллас Хийтанаев Мохьмада Ростоверчу маьждигехь бусалбашна дийцина Украинехь "тIеман Iалашонех". Кадыровн куьйгкIелара имамаш Нохчийчоьнал арахьа тIеман пропаганда йан буьйлабелла, оьрсийн чугIортар "динехь магийна" ду бохуш. Церан тоьшаллаш исламаца догIуш дац, боху эксперташа.