ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIоьнан дозанаш дац Кадыровн фондана


Сомали -- Мацалла ловш болу Сомалира мисканаш бу цу мехкан коьртачу гIалахь Могадишухь, кхачане сатуьйсуш лаьтташ.
Сомали -- Мацалла ловш болу Сомалира мисканаш бу цу мехкан коьртачу гIалахь Могадишухь, кхачане сатуьйсуш лаьтташ.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллин Дерригдуьненан кхачанан программан декъашхо хIоьттина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу фонд. Оршот-дийнахь Эфиопин коьртачу гIалахь Аддис-Абебехь цу хьокъехь долу мехала кехат тIеэцна цу махкарчу Программин векало Диенг Абдос а, Нохчийчурчу фондан векало Сабсаби Зияда а. Бинчу бертаца а догIуш, Эфиопехь дIатарбинчу Сомалирчу мухIажиршна 200 тонна кхача оьцур бу Кадыровн фондо.


Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а зорбан-сервисо бинчу хаамца, Аддис-Абебехь хиллачу церемонехь дакъа лоцуш вара Оьрсийчоьнан Эфиопехь волу векал Уткин Валерий. Шен вистхиларехь цо дIахьедар дира Сомалирчу мухIажиршна гIо дар политикан акци яц, цIена гуманитаран чулацам болу хилам бу аьлла.

Нохчийчура фонд Дерригдуьненан кхачанан программан декъашхо хIоттар ша тайпа акци ю. Цу программан статусца а догIуш, цо коьртачу декъана ахча схьаоьцу мискачу нахана гIо дар Iалашонца бохуш, дийцира Маршо Радионе Нохчийчохь тIемаш долуш мел-лаххара а 12 шарахь цигарчу, дан амал доцуш бисинчу, нахана гIо деш хиллачу Дерригдуьненан кхачанан программан Оьрсийчохь векал хиллачу Чубрикова Татьянас.

Чубрикова Татьяна: «Цигахь чIогIа чолхе механизм ю. Цундела Дерригдуьненан кхачанан программана гIоле хета кхачанца гIо а ца деш, и кхача эца шайна рицкъ луш хилча. Цу рицкъах пайда оьцу цо шен кепарчу мехашца, ша хаьржинчу пачхьалкхашна гIо деш кхача оьцуш».

Дерригдуьненан кхачанан программо Нохчийчу кхачийначу рицкъах а элира Чубрикова Татьянас.

Чубрикова Татьяна: «2000 шарахь дуьйна 2008-чу шаре кхаччалц кхачанца гIо дина Нохчийчоьнна 101 миллион доллар барамехь. 205 эзар тонн кхача бахьийтира цига. И кхача бийкъира 350 эзар хиллал болчу бахархошна юкъахь».

Оьрсийчоьнан федералан статистикин сервисо бинчу хаамца, Охан-баттахь лерича, 35 процент бахархой бу Нохчийчохь болх боцуш. Лоруш берш бу 15 шарера 72 шаре кхаччалц хан йолу бахархой. Говзанчаша дийцарехь, и терахь а дIоггара нийса ду ала хала ду, хIунда аьлча, ша бан болх боцуш ву ала, Iедалшна тIе ваха таро йоцуш дукха а нах бу республикехь.

Бан болх ца хилча, хууш ма-хиллара, дан амал доцуш, цхьацца лол бетташ лела нах. Цундела Сомалирчу мухIажирех къахетахь а, цу тайпа кхачанан гIо дича доккха накъосталла хир дара шайна аьлла, хеташ дукха а нах бу Нохчийчохь.

Регионерчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу фондах лаьцна баш дIоггара хууш хIума дац. Хууш ду иза кхоьллина хилар Нохчийчоь юхаметтахIоттш гIо дар Iалашонца. 2004-чу шарахь, шен хIусамда кхелхинчул тIаьхьа, цу фондан куьйгалхо хIоьттира Кадырова Аймани.

Цу хенахь дуьйна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондан цIе, хIора денна аьлча санна, йоккхуш ю зорбанан гIирсашкахь, цхьаболчара - критика ярца, вукхара -цхьацца дика гIуллакхаш дарна хасторца. Царна юкъахь ду, Нохчийчоь юхаметтахIоттош дакъа лацар доцург, масала, таро йоцу нах ХьаьжцIа бахийтар саннарш. ТIаьххьара цу могIарехь лаьтташ болу хаам бу Сомалирчу мухIажиршна гIо дар.

Ткъа мичара долу фондана и дика гIуллакхш дан ахча? Цунна жоп делла ду Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а интернет сайт тIехь. Фондо гIоьналлин гIуллакхаш деш ду шайн лаамехь наха луш долчу рицкъах пайда а оьцуш. Цу нахана юкъахь бу бизнесхой а, могIарера Даймахкахь хуьлчуъ доглозуш болу нах а, аьлла ду цу сайт тIехь.

Амма нахана саццаза гIо даран кхин шен агIо а ю бохуш, дуьйцу Нохчийчохь тIемаш доьлхуш мухIажиршна Дерригдуьненан кхачанан программан цIарах кхачанца гIо деш хиллачу Чубрикова Татьянас.

Чубрикова Татьяна: «Йеххачу хенахь гIо дича, цуьнах нах була. Оха тIаьххьара кхочуш еш хилларг ишколашкахь кхача латторан программа а, нахана юкъахь кхача бекъаран программа а яра. Уьш Iедалшка дIаелира оха, адам кризисах хьалха даьлла аьлла. Кхин дIа Iедалша шайна тIелецира и программаш кхочуш яр».

Кхеташ ду, даиман а наха луш долчу сагIанна къел а хиина стаг Iайла доций. ТIехула тIе вайнахана юкъахь дукха нах карор бац, хIумма а ца деш, Iедале а хьоьжуш, Iаш болу. Цу тайпачу нахана хьажийна программаш а ю кхочуш еш Дерригдуьненан кхачанан программо.

Царах цхьаъ ю «Шайн кьуйгашца сурсаташ деш болчу нахана кхачанца гIо дар» аьлларг. Цу программица а догIуш, Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Дерригдуьненан кхачанан программо цхьацца шен проекташкахула бинчу балхана дуьхьал кхачанан сурсаташ ло мацалла ловш болчарна. И проекташ хьулу цу наха кхана бийра болчу белхан бух буьллуш.

Масала, юьртабахамехь болх бечу нехан кхана хIун юуур яр-те бохуш, ойла ян дезаш ца хилча, алссам хан а, ницкъ а хуьлу шайн гIуллакх шор дан аьттто бийра болчу, шаьш кхиош долчу ялташна тIе хи далорна рицкъ хьажо. Цулсовнаха цу тайпачу программаша гIо до нахана, кхачанах лаьцна ойла а ца еш, цхьацца говзаллаш караерзо.

ХIинца, Африкерчу мискачу нахана гIо дарца, Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Дерригдуьненан кхачанан программан декъашхо хIоьттина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу фонд. Цундела, цу Программан Iалашонаш тидаме эцча, ала мегар ду, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу фондана кхин а дуккха а хIума ду Даймахкахь а кхочуш дан аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG