Стигалкъекъа-беттан 18-чу дийнахь ГIирмера гIезалоша дагалецира шайн къам дохийна махкахдаьккхина 70 шо кхачар. Юккъерчу Азе а, Урале а дIахьажийначу цу нахах нисса ах кхелхира мацалла а, цамгарех а, шело ца лайна а. Тахана Советан Iедал доьхна 23 шо даьллачул тIаьхьа и къам юха а цу кеппарчу кхераман къеллахь ду.
Оьрсийчоьно ши бутт хьалха цIеххьана дIалаьцначу ГIирмера гIезалойн дахарах масийтта масал далор ду аса. Зазадоккху-беттан 15-чу дийнахь, ГIирмехь референдум аьлла цIе тоьхна хIума дIадахьа масийтта де дисинчхенахь, бутт болалуш вайна хиллачу, кхаа беран ден Ахметов Решатан дакъа карийра.
Гуш дара и стаг веле къиза хьийзийна хилар. Ахметовн доьзало дийцарехь, иза дакъалоцуш хиллера Симферополехь парламент дIалацарна дуьхьал гIезалоша дIаяьхьначу митингехь. И парламент дIалаьцнарш бара герзаца болу нах. ТIаьхьо, Путина даре а деш, гучуделира и нах Оьрсийчоьнан лерринчу эскаран тобанера хилар.
Меттигерчу Оьрсийчоьнехьа йолчу милицино Ахметов валаран бахьана некъан бохам бу аьлла дIаяздинера. Амма ГIирмера гIезалошна иза сигнал яра, Москохна дуьхьал хилаш дохко бохур хийлар гойтуш йолу.
«Референдум» хиллачул тIаьхьа 14 шо долчу гIезалойн къомах волчу кхиазхочунна йиттира герзаца хиллачу оьрсаша, цо телефонехула гIезалойн маттахь къамел дина аьлла.
Кху беттан 6-чу дийнахь машенахь хиллачу ГIирмера гIезалойн меджлисан декъашхочунна Егиз Iабдурахьманна йиттира оццу «самооборонан ницкъаш» олучу тобанийн декъашхоша, шайна машенан кехаташ ца гайтина аьлла. Цул тIаьхьа цу наха, дозанехь саца а вина, шен даймахка ца ваийтира ГIирмера гIезалойн бакъонаш кIуьйсуш Советан заманахь а лагерех чекхваьлла волу Джемилев Мустафа.
ГIирмера кампани йолош Оьрсийчоьнан коьрта Iалашо яра гIезалойн фактор эшон, дуьненаюкъаралле шаьш ГIирма дIалацар дуьхьал стаг а воцуш дина ала. Цундела и нах эца гIоьртира Кремл.
Москохо хьул а ца деш хаийтина, нагахь гIезалой Оьрсийчоьнна муьтIахь ца хилахь, Кремло царца кхечу агIор къамел дийриг хилар.
Оьрсийчоьнан куьйгалхоша ГIирмера гIезалошца къамел дан юкъаозийна ву ГIезалойчоьнан президент Минниханов Рустам. Цо хIинцале а дIахьедар дина гIезалойн кхолламан Iаткъхам бан Меджлисан болу аьттонашна схьадиллина кор хIинц-хIинца къовлалур ду аьлла.
Ткъа Путина и кор хIинцале а чIаьгIначух тера ду. Даханчу ПIераскан дийнахь иза цхьаьнакхийтира Кремлехаь болчу ГIирмера гIезалошца, шайна юкъахь цхьана а дас лоруш боцу нах а болчуш.
Цуьнца цхьаьана Оьрсийчоьно чIагIдеш ду психологин Iаткъам бар. Цхьацца хабарш даьржина, нагахь Меджлис оьрсашка ладугIуш ца хилахь, ГIирме Кадыров Рамзан хьажор ву цьарца юкъаметтигаш къасто аьлла. И хаамаш официала кепара тIечIагIбина бацахь а, Кадыров ГIирмера гIезалой хьокъехь дуьйцург маслаIате доцу хабарш ду.
И дерриг а ГIирмера гIезалошна дагахь ца хилларг ду. Къаьсттина иза хьакъалуш ду тоталитаран йоцу пачхьалкхехь кхиинчу кегийрахойх. Цундела царах дукхах берш лууш бац Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар даре дан. Вуьйсуш махках бовла ойла йолуш бу. Ткъа кхолагIчара кхайкхамаш бо Оьрсийчоьнна дуьхьало ян еза бохуш.
Мел тамашийна делахь а, Сталино департаци йина 70 шо кхочуш ГIирмера гIезалой юха а бисина харжа ши некъ бен боцуш. Царах цхьаъ бу Оьрсийчоьно шайн мохк дIалацарна къурд а аьлла къелбисар. Ткъа шолгIа некъ бу, оццул шаьш а, шайн дайша а сатийсина болу даймохк а битина, махках бовлар.

Амма хIинца, ГIирма Оьрсийчоьно дIалацар хилла даьлла хIума дуц аьлла дуьненаюкъаралла дIатийча, Москохо кхочуш дан йолийна шен ГIирмерчу политикан рогIера дакъа. ХIинца хIоттийна Iалашо ю ГIирмера гIезалой бекъар, къаьсттина цу нехан политкан бух болу Меджлис екъар.