ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаме бирзина машар


Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь 20 шо кхаьчна Нохчийчура хьалхара тIом дIабирзича Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь машаран барт бина.

Цу мехала кехатана тIе куьг таIийра Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса а, Нохчийчоьнан президенто Масхадов Аслана а.

Барт бу 5 декъах лаьтташ. Цуьнан цIе ю «Машарх а, Оьрсийчоьнан Федерацин а, Нохчийн Республикан Ичкерин а юкъаметтигийн принципех а барт» аьлла.

Амма оцу пхеа декъах коьрта лара мегар ду хьалхара кхоъ, хIунда аьлча дисина ши дакъа техникан чулацам болуш ду. Церахь цхьаммо боху барт цхьатеррра ницкъ болчу шина маттахь кечбина бу. Ткъа пхоьалгIачу декъехь аьлла ду иза болх бан болалуш бу тIе куьйгаш яздарца аьлла.

Преамбулехь билгалдаьккхина ду Лаккхара барт беш йолчу агIонаша, бIешерашкахь хилла дуьхь-дуьхьал латтар дIадерзо а, цхьатерра бакъонаш йолу а, шина агIонна пайденна йолу а юкъаметтигаш дIанисъян а лууш, барт бина аьлла.

Хьалхарчу декъехь аьлла ду муьлхха а хаттар къастош кхин цкъа а ницкъах пайда а оьцур бац, я оьцур бу бохуш кхерамаш а туьйсур бац аьлла.

ШолгIа дакъа ду вуно боккха чулацам болуш. Оьрсийчоьно а, Нохчийчоьно а барт бо юкъаметтигаш дIанисъян дуьненаюкъарчу низамшца иза догIуш ма хиллара. Цуьнца цхьана аьлла ду хIора сферехь ша-ша болу барт а бийр бу аьлла.

КхолагIчу декъехь биглгалдаьккхина ду бина барт бух хилар тIейогIучу хенахь юкъаметтигаш дIанисйеш бийр болчу бертийн.

Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь тIеэцна барт кечбеш жигара дакъа лаьцна ву историн Iилманча Абумуслимов Сайд-Хьасан. И документ Оьрсийчоьно реза а йолуш тIеэцна хилар билгал а доккхуш, цо дуьйцу нохчийн цу хьокъехь хиллачу ойланах лаьцна.

Абумуслимов Сайд-Хьасан: Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь бинчу берта тIехь билгалдаьккхина ду Нохчийчоь дуьненаюкъара субъект ю аьлла. И бохург хIун ду? Вай Оьрсийчоьнна юкъахь ца хилар а, вайн шалха статус ца хилар а ду иза.

Официала кепара иза дIакхайкхийна дацахь а, оцу тIехь долучуьнан маьIна дича, юха тIейогIу гIулч яккха аьтто а хуьлуйтуш, кечам беш санна хIума дара-кх иза. Амма юха а ала лаьа суна, оцу тIехь вайн йозуш йоцучу пачхьалкхан статус хилар шеконе дуьллуш дац. И дерриг а дIадаьккхина дара».

Кремлехь бина машаран барт тидаме а эцна, оццу дийнахь Оьрсийчоьнан премьер-министро Черномырдин Виктора а, Ичкерин премьер-министран декъарш кхочуш деш волу Масхадов Аслана а барт беш документ тIеийцира экномикан юкъаметтигех а, буьззинчу барамехь барт барх а лаьцна долу.

Ткъа кхин а ши шо ах шо далале Нохчийчохь болабелира шолгIа тIом.

Цхьаболчу политикан говзанчашна а, эксперташна а хетарехь, 20 шо хьалха Оьрсийчоьно а, Нохчийчоьно а бина барт цкъа мацца а пайденна хила мегаш бу нохчашна.

Оршотан дийнахь, Стигалкъекъа-беттан 15-чу дийнахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь машаран барт бина 20 шо кхачарна хьажийна дуьненаюкъара конференци хир ю Белгин коьртачу гIалахь Брюсселехь.

Цигахь дакъалоцуш хир бу дуккха а бевзаш болу политикаш а, Iилманчаш а, политикан эксперташ а, журналисташ а. Соьлж-ГIалахь 11 даьлча дуьйна и конференци шуьйра гайта а, цунах лаьцна дийца а Iалашо ю Маршо Радион шен сайт тIехь а, Facebook-ехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG