Нагахь оьшуш меттиг хилахь президента Трамп Доналда кхин а тIеман тохарш дийр ду Шемахь, аьлла дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штатийн Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовошахтохараллехь йолчу векало ХIейли Никкис, хаам бо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсо.
«Цу тIехь соцур вац иза. Нагахь кхин а цхьаъ дан оьшуш меттиг хилахь, цо дийр ду оьшург», - дIахьедар дира ХIейлис CNN телеканалана интервью луш.
Делахь а, президент Асад Башар Iедалера дIавоккхуш уггаре а хьалха кхочуш ян оьшур йолу Iалашонаш юьйцуш, ХIейлис хьехориг цхьаьна ца догIу Пачхьалкхан секретаро Тиллерсон Рекса дуьйцучуьнца.
Политикан сацам каро цхьа а некъ бац, нагахь Асад режиман коьртехь висахь, - элира ХIейлис.
Цо лелориг тидаме эцча, цигара хьал тидаме эцча, хала ду Асад коьртехь волу Iедал кхане йолуш ду ала. Шайна хетарехь режим хийцалур ю, бохуш яра иза.
Оццу хенахь «Исламан пачхьалкх» олучу тобанна тIехь толам баккхар хьалха санна Iамеркан Шемара коьрта Iалашо ю боху Тиллерсона.
Хьалха дан дезарг хIун ду бохург билгалдаккхар мехала ду, ткъа шайна хета ИГИЛ тобанна тIехь толам баккхар коьрта дан дезарг ду аьлла, бохуш вара Iамеркан пачхьалкхан секретар CBS телеканалан программехь дакъаолоцуш ша волуш.
ИГИЛ-ера схьаболу кхерам дIабаьккхича Шемара хьал дIанисдарна тIе тидам бахийта безар бу, аьлла хета Тиллерсонна.
Iамеркан Пачхьалкхан секретаро дийцарехь, Цхьаьнатоьхна Штаташ лууш ю, Шемахь бахархошна юкъахь боьду тIом юха ца болабалийта а, хир долчу политикан дийцаршна массо а агIо юкъаозо а.
Политикан дискуссеш хила еза аьлла хета Тиллерсонна Асадан Iедална а, Димашкера режим йохо гIертачу тайп-тайпанчу гIаттамхойн тобанашна а юкъахь, яздо "Iамеркан аз" сайто.