ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинца дуьйна ловзаршкахь "сальтош ян а, буйнаш лесто а" йиш хир яц нохчийн (ВИДЕО)


Нохчийчоь -- Firdaws-хь тегна гIабали гойтуш ю модел. 1.Лахь. 2012 шо
Нохчийчоь -- Firdaws-хь тегна гIабали гойтуш ю модел. 1.Лахь. 2012 шо

Тойнан полици, аьлла журналисташа цIе тиллинчуьн официала цIе кхечу агIор ю. Иза культуран министраллехь йина комисси ю.

Цуьнан декъашхоша, хIора зуда ялийначе а боьлхуш, цигахь хьехамашкахула лардо дIадовш долу гIиллакхаш а, меттахIоттайо оьздангаллин кепаш а. Оцу комиссин Iалашонех Маршо Радиога дийцира Нохчийчоьнан культуран министран гIоьнчас Яндиева Хадижас.

Яндиева: «И комисси кхолларан бахьанаш вайна массарна а хууш ду. Вайн нохчийн хелхар ду аьлла дIагайта эхь долуш, хелхарш ду видео тIехь. ХIора юьртахь массарн а хууш ма дай, зуда ялош меттиг юьйла. Тхайн хиъча тхо цига дIа а доьлхий, ловзар доладалле нахаца къамел до оха, муха лела деза, хелхар муха хила деза олий. ТIаккхий бен ловзар дIа ца хIоттадо. Тхайн дуьхьал бевларш хилча, тхайн артисташ а оьций, тхо дIабоьлху цигара».

Культуран министраллера белхахочо Яндиева Хадижас тидам бийриг ду ловзаргахь хелхабовлуш, наха шаьш йоху видеош яржар. Интернетехь дуккха а ю и кийсакаш, хелхаволучу хенахь, кIанта, ша маймал санна, хьийза а хьийзаш кхийссалуш, я мийра хIума ластош, я когаш шуьйра дIаса а бохуьтий, Вандамм санна, лаьтта охьахууш. Боксер велахь, бохь богIарна меттана, цо аьрро агIор хук, аьтто агIор хук еш санна буйнаш лестадо.

"Тойнан полици" олучу оцу комиссино, хелхаршна йина а ца Iаш, оцу ловзаргахь лаьттачеран духарна а терго йийр ю. Циггахь шайна цатайнарг хIусамдега дIа а эр ду. Иштта, хелхабовлучарна юккъехь а нийсо йийр ю, хIунда аьлча, ша мел йолу йоI хелхаяккха еза. Доцца дийцича, хелхадовла Iаморал сов, хьаьнца, муха вала веза а хьоьхур ду, элира Яндиева Хадижас.

Яндиева: «Ловзаршка кхайкха мегаш боцу артисташ тхуна юккъахь а бу. Уьш дIабуьйцу оха. Ловзаран юккъахь маьттаза духар а долуш, коьртахь хIума а йоцуш йоI хуьлу. ТIаккха оцу йоIан гонахь хьийза мел волу кIант. ТIаккха оха олу: «И йоI а, кхиболу мехкарий а рагI а кхочуьйтуш хелхабовлийта беза»».

Тойнан полици юккъеяккхарна реза боцурш а, иза магадеш берш а бу Нохчийчохь. Иза дика хила а мега, бохучу Муслимов Ислама, иштта элира Маршо Радиога.

Муслимов: ««ТIаьхьарчу хенахь зал чохь болуш санна буйнаш лестош, салтош еш, хIун ю ца хуург дина-кх хелхаларх. Хьожуш а хаза ма ца хуьлий иза. Кегий нах осала лелаш санна ма хетий. ТIаккха, иза иштта лелош хилча цхьа 5-6 шо даьлча вайн хелхар а дуьсурама дац. Буй ласточо, сальто ечо а, кхечанхьа а вахана дан деза-кх иза, костюм а йоьхна нахана юккъахь иза лелочулла».».

Цхьанна а стеган бакъо яц, ша санначу стаге иштта де, вуьшта де, аьлла тIедожош хIума ала. Цундела и тойнан полици кхоллар - нохчийн гIиллакхашца догIуш хIума дац, аьлла хета Соьлжа-ГIалара вахархочунна Саидов Iелина.

Саидов: «Суна хетарехь нийса хIума дац ишттаниг юккъедаккхар. Нахана шайна хуура ду, шаьш хIун леладан деза. Кхин дIоггара вониг лелош а дац ловзаршкахь. Хьалха а ма ца хилла цхьа а комиссеш.

Вайн цIахь хилла ца Iаш, Москохахь а, Европехь а ма до ловзарш. Ша верриг ларвина вера ма вац. Соьга хаьттича, нехан сий ца дойуш, бехке верг чу а вуллуш, таIзар а деш хила дезара ша дерриг».

Тойнан полици кхоллале, Нохчийчохь дуккха а дехкарш дара зуда ялор-яхийтарца юккъедаьхна. Къевлина гIабали нускало йохар а, цуьнга торт ца хадаяйтар а, томана хьош болу мах массарна цхьаъ хадор а, доьзал кхуллучу кIанта а, йоIа а СПИД цамгар яц, аьлла тоьшаллин кехат даккхар а, иштта кхин дIа а.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG