Нохчийчохь наггахь а стаг хир вац Médecins Sans Frontières (MSF) «Доза доцу лоьраш» организаци ца евзаш. Хьалхара тIом болабелча уггаре а хьалха орцах бевлла Нохчийчу кхаьчначу нахана юкъахь бара цу дуьненаюкъарчу организацин лоьраш.
Цу хенахь дуьйна Нохчийчохь хуьлург шайн тидамехь латтош бу цу организацин белхахой. Кху беттан 16-чу дийнахь цара шайн керла рапорт арахецна «ТIеман зуламаш а, кхероран политика а Нохчийчохь 1994 – 2004» цIе а йолуш. Иза ду 372 агIонах лаьтташ.
Цу рапортана тIехь «Доза доцу лоьраш» хьул а ца деш дуьйцу шаьш Нохчийчохь болх барх лаьцна а, ткъа иштта хетарг ала дезаш хьал хIоттош гуманитарийн кеп йолу кхераме хьал хIоьттича цу организацино сацамаш тIеэцар муха хилла бохург а.
Масала, «Доза доцу лоьраш» санна йолчу организацин Iедал дац цхьа а политикан дIахьедарш деш, я хуьлучу конфликтана юкъагIерташ а. Амма Нохчийчохь хуьлург гуш уьш Iа ца белира юьстах латта. Иштта 1999-чу шарахь Нобелан Машаран совгIат схьаоьцуш цу организацино Нохчийчохь маьрша нахана тIе бомбанаш еттар сацаде аьлла кхайкхам бира.
СовгIат дIалуш церемони хилира оццу шарахь ГIура-беттан 10-чу дийнахь. Шен баркалла олу къамел «Доза доцу лоьраш» органиацин президенто Орбински Джеймса долийра иштта: «Кхо бутт бу Нохчийчоьнан бахархошна, Соьлж-ГIалин бахархошна тIе бомбанаш етта. Ас кхайкхам бо Оьрсийчоьнан президенте Ельцин Борисе: сацаде маьрша бахархошна тIе герзаш деттар».
Хууш ма-хиллара, муьлхха а тIом боьдучу меттехь болх бар чIогIа кхераме хIума ду. ХIун тIехIуттур ду хууш ца хуьлу. Ткъа цу тайпа кхераме, я сихха цхьаъ дан дезаш хIуманна шаьш дуьхьал хIиттича «Доза доцу лоьраш» динарг дуьйцуш ду цу рапорт тIехь.
Уьш тIаьхьакхиа лууш бу нийса дара те шаьш лелийнарг я дацар-тебохучунна. Рапорт тIехь буьйцуш бу Нохчийчохь ши тIом боьдуш а, цул тIехьа хаьл «лортIе» деанчу хенахь а цу организацина дехкарш до билламаш а, проблемаш а, хIун дан деза ца хууш хIиттина хьелаш а.
«Доза доцу лоьраш» организацино зорбане даьккхина «ТIеман зуламаш а, кхероран политика а Нохчийчохь 1994 – 2004» цIе йолу ша кечдина рапорт ингалсан а, французийн а, оьрсийн а меттанашкахь.
Ханпаша масийтта шарахь болх бина ву «Доза доцу лоьраш» организацехь. Нохчийчохь хьалхара тIом баьлча, Хасавюрта а баьхкина, цул тIаьхьа Нохчийчохь шайн гуманитарийн болх дIаболийра цу организацин векалша бохуш дуьйцу цо.
Ханпаша:
«Доза доцу лоьраш» олу гуманитарийн организаци кхоьллина Парижехь 1971-чу шарахь. Тахана иза дуьненаюкъара болам бу 23 ассоциацех лаьтташ болу, Швейцарехь штаб-хIусам а йолуш. «Доза доцу лоьраш» вовшахтохаралло кхочуш еш программаш ю 70 пачхьалкхехь.
Цу организацино гIо до и гIо оьшуш болчу нахана, церан полититкан хьежамех а, уьш муьлхачу къомах бу а, муха аматехь бу а, хIун дин лелош бу а бохучуьнга ца хьожуш аьлла ду цу вовшатохараллан хартина тIехь. Цу новкъа дIайоьдуш а ю иза.