ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра дIавахначу кхин а цхьана жигархочо хаамбина, шен гергарнаш лецна аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Германехь вехачу Ичкерин адамийн бакъонийн Центран (ингалсан маттахь Human Rights Center Ichkeria) директоро Арцуев Аслана дIахьедина, нохчийн ницкъхоша Нохчийчохь бисинчу шен гергарчех виъ стаг дIавигина аьлла. Кавказ.Реалии портало яздо цунах лаьцна. Хьалхо оппозицин масех блогеро хааме даьккхира, Нохчийчохь беха шайн герагара нах лачкъийна бигарх.

Арцуевс дийцарехь, ГIуран-беттан 22-чохь цуьнга хаийтина хилла, КIотар-Юьртара а, ТIехьа-Мартанара а цуьнан шичой Абдулмуслимов Хизир а, Аслаханов Селим а, деваша Арцуев Султан а, маьхча Арцуев Муса а полисхоша дIалецарх. ТIехьа-Мартанарчу полицин декъан хьаькам а, ФСБ-н белхахой а бу боху Арцуевс, шен нах дIабигинарш.

Путинна а, Кадыровна а ша ен критика бахьана долуш уьш лецна аьлла хета Арцуев Асланна. Берлинехь вийна Хангошвили Зеламха вер эвсара таллар тIедожош, акцеш дIаяьхьира цо доккхачу декъанна.

"Сан гергарнаш закъалтана лецар (дуьххьара дац) - Путинан бандин бекхам бу ас бечу бакъоларъяран а, юкъараллин а болх бахьана долуш. Ас сайна гIо дар доьху сан гергарнаш Iазапех а, цара байъарх а кIелхьарбаха", - дIахьедина Арцуевс.

Нохчийчуьрчу Iедалхоша комментари йина яц махкара бахархой лецарх лаьцна.

  • Кху беттан 22-чохь Нохчийчохь шен ялх гергара стаг лачкъийна вигина аьлла, хаамбинера телеграм-каналехь нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Абдурахмановс дийцарехь, хьалхо лачкъийна вигинчу цуьнан массо а гергарчунна "ультиматум хIоттийнера", иза сацаве аьлла. Ца хуьлчу далахь, Абдурахмановс бахарехь, чIир хьейийр ю аьлла хиллера цаьрга.
  • Германехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Мализаев Минкаила а видео дIаязйира, Нохчийчохь бисина шен гергара нах лачкъийна бигина, царна тIехь гIело латтайо, уьш хьийзош бу аьлла.
  • Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино дIахьедира, шайн куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш Нохчийчохь лечкъийна хиларх. "Вайфондан" информацица, Нохчийчохь лецна Садулаевн уллора гергарнаш: Хасанов Хьасан, Хасанов Хьусейн, Хасиев ИбрахIим.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо бекхам бийр бу "бага оьзда йоцчу" наха мел дуьйцучунна бохуш, йоца видеороликаш хIиттийна нохчийн хьаькамаша шайн социалан машанашкахь. Инстаграмерчу шен агIонехь парламентан спикеро Даудов Мохьмада зорбане яьккхинчу видео тIехь Кадыров чIагIонаш йо, шен критикийн йисина хан "кIезиг ю" бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG