ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайга куьйгалхо харжийта хьакъ доцу нах


Оьрсийчоь -- Харжамхошна хетарг пенаш тIехь ган аьтто бу Оьрсийчохь, 16Чил2012
Оьрсийчоь -- Харжамхошна хетарг пенаш тIехь ган аьтто бу Оьрсийчохь, 16Чил2012

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира куьг таIийна республикийн куьйгалхой а, губернаторш а бахархоша хаьржина ца Iаш, меттигерчу парламенташна харжа бакъо луш долчу низаманна.

Иза шалха хиларо хаттар кхуллу, муха хир бу и харжамаш олий. Амма говзанчашна хетарехь, керла низам хьакхалуш хир ду Къилбаседа Кавказерчу республикех.

Сихаллех тIеэцна а, Путин Владимира тIечIагIдина а долчу харжамех лаьцна долчу низам тIехь дуьйцуш дерг шалха тида мегар долуш ду. Оьрсийчоьнан субъектийн куьйгалхой хоржуш бу харжамхоша кхаж а тосуш.

Амма оьшуш меттиг балахь парламенташа харжа а мегар бу уьш. И бохург ду Оьрсийчурча республикийн куьйгалхой а, губернаторш а, ма дарра аьлча, хьалха санна дIахIиттор болуш бу Кремло. Амма и гIуллкх къовса лаам болуш цхьа а вац Оьрсийчохь.

Цул сов, политологшна хетарехь, харжамийн низаманна тIехь и хийцамаш бина леррина Къилбаседа Кавказана. Иштта ойла ю масала, Москох йолчу политикан технологийн центран экспертан Макаркин Алексейн.

Макаркин Алексей: ««Уггара а цуьнан гуш йолу Iалашо ю Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь харжамаш бар дIадаккхар. Иза оьшуш ду бах цхьайолчу республикашкахь конфликт эккха мегаш хиларна и харжамаш бахьана долуш.

Масала, нагахь, массо а наха дакъа а лоцуш, Дагестанехь харжамаш дIабахьа гIортахь, цигахь дов дала мега бах, суьйлишна а, даргинцашна а юкъахь. Суна хетарехь, и кхерам дукха бястийна бу, делахь а, и кхерамаш болуш бу. Цундела, суна хетарехь, цу кепара, сих а дина, и низам тIеэцар доьзна ду Дагестанехь кестта хир болчу харжамашца».

Кхузахь хаттар кхоллало, Кадыров Рамзанна оьшуш дарий те и низам олий. Макаркин Алексейна хетарехь, Кадыров лууш вара, массо а харжамхоша дакъа а лоцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан харжамаш дIабахьа. Иза шеко йолуш вац ша тоьлург хиларх. Макаркина дийцарехь, тIаккха цуьнан аьтто хир бара ша халкъо хаьржина ву ала.

Макаркин Алексей: «Ма дарра аьлча, и низам цунна пайдехь хуьлийла дац. Иза пайдехь ду, Кремлца барт а бина, Iедале кхача дагахь болчу кхечу республикашкарчу элитан декъашхошна.

Кадыров Рамзанах лаьцна аьлча, цунна пайдехь хир дара ша халкъо хаьржича. Кхеташ ду, хIинца волчу Оьрсийчоьнан президенто куьйгалхо Кадыров Рамзан хIоттор хиларх. Амма кхин дIа хIу хир ду хьанна хаа».

Харжамийн низаман тIехь бинчу хийцамашца а догIуш, хIора парламентехь йолчу партин аьтто хир бу, шен, кхаане кхаччалц, кандидаташ а хаьржина, уьш царах цхьаъ президенте чIагIвайта хьалхататта.

Цул тIаьхьа, президенто кхо стаг а хаьржина, юха парламенте кхоже юьллур ю церан кандидатураш. ТIаккха дукхох болчу депутаташа кхаж теснарг хир ву республикан куьйгалхо, я губернатор. РогIера цу кепара харжамаш хир бу Оьрсийчохь кху шеран Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG