Зорбан гIирсаш маьрша хиларна хьажийна де билгалдаьккхира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Коьртачу Ассамблейно 1993-гIачу шарахь ГIура-баттахь. Цул тIаьхьа Стигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь Виндхукан олу деклараци тIеэцначу дийнахь дерриг дуьнентIехь цхьацца мероприятеш дIахьош Iедал ду пресса маьрша хиларна хьажийна.
Цу акцеш аьтто бо маршо езачу нехан шаьш зорбан гIирсаш маьрша хила лууш хилар дIагайта а, пресса маьрша хиларан мах хадо а, зорбан гIирсаш шайн куьйгакIел хилийта луучу нахана дуьхьало ян а, белхан декхарш кхочуш деш кхелхина журналисташ дагалаца а.
Зорбан гIирсаш маьрша хиларна хьажийна де тIекхочуш цхьамогIа дуьненаюкъара организацеш рапорташ Iора дехира кху дьунентIехь йолчу 200 гергга пачхьалкхехь дешан маршоца долчу хьолан мах хадош.
Ткъа муха ду Оьрсийчохь зорбан гIирсаш маьрша хиларца доьзна хьал?
«Фридом хIаус» цIе йолчу дуьненаюкъарчу организацино бинчу талламца, Оьрсийчоь билгалъяьккхина ю маьрша йоцу пачхьалкх санна. Цуьнан рейтинг ю 6, уггаре а лахара рейтинг 7 а йолуш. Ткъа рейтинг 7 йолчу пачхьалкхашна юкъахь ю Къилбаседа Корей а, Шема а, Узбекистан а, Экваторера Гвиней а, Эритрей а, Малхбузера Сахара а, Туркмени.
Цхьа шо хьалха, цхьанне а дагахь а доцуш, Нохчийчурча зорбан гIирсийн мах хадийра цу республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо шен Iедалан белхахошна хьалха дина къамеле ладогIа аьтто бу, масала, инетрнетехь YouTube порталехь.
Кадыров: - Цхьаъ мукъане а дозуш доцу... хIума дуьйцуш газет хила цамега?.. Журнал хила цамега? Радио хила цамега?.. Шу болх беш дац! Интернетера цхьа ...(хаам) cхьа а оьций, цунна юхазорба тухуш Iаш ду шу.
Даиман а хуьлуш ма-хиллара, Кадыровс дуьйцучунна реза хилира гулбелларш. Цунах лаьцна хаам бира цу хенахь республикера пресса шен Iуналлехь латточу Даудов Мохьамада.
Даудов: - Вай анализ йича шу болх ноль бу ала мегар ду. Вайн телевидено бечу балхе хьажча, дийно сарралц шун передачашка хьажча, суна хетарехь, шу чудохка дезар ду. "Главас", ара а ваьлла, цо бина болх... и сюжет йоцург, аша гойтуш ерг хIун ю а цахаьа.
«Чеченинфо» олучу Нохчийчура Iедалш латточу сайто бинчу хаамца а догIуш, Нохчийчохь арадолуш ду масийтта республикан тIегIантIера газет: «Вести Республики», «Даймохк» («Отечество»), «Молодёжная смена», "Столица +», журналаш «Орга» («Аргун»), «Вайнах», «СтелаIад» («Радуга»). Уьш дерш арахоьцуш ду бюджетерчу ахчанах. Царна тIетоха мегар ду 4 телеканал а, 2 радиостанци а.
Цул сов 13 кIоштахь а ду Iедало, ахча а луш, латтош долу кIоштара хаьл дуьйцу газет.
Кадыровс цу газетийн белхан вуно ледара мах хадийначул тIаьхьа цхьа шо даьлла. Цу хенахь ша цхьана а кепара новкъарло цайо, я йийр а яц шена критика ян луучу журналисташна бохуш вара республикан куьйгалхо.
Кадыров: - Дозуш доцуш хила деза газет. Суна дуьхьал хилча а, хьанна а дуьхьал хилча а, мухха а хилча а... цу тIехь яздан деза, бакъдерг дийца деза. Нахана тIаккха бен шу девзар дац, дезар дац. ТIаккха бен шоьца бала хир бац, аша дерг цадийцича. "КадыровгIара цамогуьйту", - олий дIабуьйлало... Делан КIураннора могуьйту!
Гарехь, цу дешнех пайда эца дагахь волу стаг ваьллачух тера дац Нохчийчохь.
Бакъдерг дийцича, Кадыровна критика еш нах бу Оьрсийчохь. Уьш бу Оьрсийчура а, дуьненаюкъара а адамийн бакъонашляръярхой. Цара дийцарехь, цхьа а стаг вац Нохчийчохь мьарша дош ала ваьхьаш. Нагахь цу тайпаниг ваьлча цуьнан кхоллам да воккхавуьйр воцуш хуьлу.
Цу нахана дала жоп а ду Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан.
Охан-беттан хьалхарчу дийнахь Путин Владимира юха а Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан дарж кхочуш дан хIоттийначу Кадыровс дIахьедар дира РИА "Новости" агенталлина, Нохчийчохь демократи а, дешан маьршо а яц бохург эладитт ду аьлла. Берш а аьлча санна, (80 процент) Нохчийчура бахархой шена гIортор еш бу, шаьш дерриг а нийса дон дела бохуш вара иза.
Амма оццу хенахь республикехь цхьа кхин нах бу «шизофреникаш" а, коьртана дика боцу нах а, ткъа иштта шайн яхь а, сий-ларам а боьхкина болу" -бохура Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Оццу хенахь Кадыровс дIахьедар дира Нохчийчура Iедалш адамашца къамел дан кийча хиларх лаьцна. Шайн министарш а, администрацин куьйгалхой а хIора Iуьйранна маьждигехь ламаз деш хуьлу. "Муьлхха а луучуьнан аьтто бу царна тIе а вахана хаттар дала", - элира цо.