ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн Iуналлехь йолу интернет кхолла лууш ду Оьрсийчура Iедалш


Оьрсийчоь -- 1966-чу шарахь зорбане яьллачу книжкан турпалхо Чебурашка.
Оьрсийчоь -- 1966-чу шарахь зорбане яьллачу книжкан турпалхо Чебурашка.

Оьрсийн сенаторо «Чебурашка» цIе йолу шайн «суверененан» интенет кхолла еза Оьрсийчоьно аьлла д1ахьедар дира дукха хан йоцуш. Иза беламе тIеэцнехь а, Кремл, шеко а йоцуш, лууш ю интернетана алсам контрол ян. Маршо Радион корреспонденто Кэйтс Глена материал язйина цунна Iуналла даран кепех лаьцна. Иза тIаьхьакхиа гIерташ ву, царах муьлха кеп гIоле хир ю Оьрсийчоьнна бохучунна. Шамаев Руслана гочйина и материал.

1966-чу шарахь зорбане яьллачу книжкан турпалхо йолу Чебурашка йийцаре ян яьккхина кху деношкахь Оьрсийчоьнан Iедалш, шайн махкарчу интернетан Iуналла дан дагахь хилар дийцаре деш. Охан-бутт чекхболуш Оьрсийчоьнан парламентан лаккхара чоьно дIахьедар дира махкал арахьара Iунал дан йиш йоцу шен чоьхьара интернет кхолла еза аьлла. Цуьнан цIе Чебурашка хила еза аьлла меттах ваьллера сенатор Кавджарадзе Максим.
http://www.russianfoods.com/en/meet-cheburashka/

ТIаьхьо иза нисвелира ша аьлларг Iилманан юкъареллах хьакхалуш дара аьлла. Делахь а Чебурашка дика симбол ю «суверененан» интернет кхуллуш Кремло лелочуьнан. Керла дехкарш юкъадохуш ду Оьрсийчохь маьрша интернетана.

Охан-баттахь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думо низам тIеийцира махкал арахьарчу операторшна шайн ерриг информаци 6 баттахь Оьрсийчохь латтор тIедуьллуш.

«Коммерсант» газето дийцарехь, Оьрсйчоьнан президенто Путин Владимира леррина кхоьллинчу комиссино рекомендаци елира Оьрсийчухула йолу муьлхха а контент (тексташ а, адио а, видео а) литта а, цунна тIекхача а аьтто беш йолу система кхолла еза аьлла.

http://www.kommersant.ru/doc/2462760

Информаци тIехь йолу серверша а, центрш а Оьрсийчохь латтор вуно яккхийн харжаш ян дезаш долу гIуллакх ду. Цул сов, хала ду Гугл а, Фейсбук а олу коьрта компанеш иза дан реза хир ю ала. Иштта кхеташ дац хIуттур ю Москох баккъалла а шена муьтIахь йоцу сайташна блокаш хIиттон.

Амма цо муьлхха а некъ харжахь а, Путин Владимира лелориг тера ду интернетана Iуналла дан гIерташ, кхечу кху дуьнентIера авторитаран лидерша лелочух.

Мухха а делахь а, интернетан дуьхьалонаш ян атта дац. Делахь а, цунах пайда оьцучу наха а, компанеша а, шаьш лелориг тидамехь дуй хууш шаьш йо шайна цензура.

Къилбаседа Корейн «Керт йина беш»

Къилбаседа Корейн интернет «Керт йина беш» чоьхьара система ю. Цунна тIекхочийла дац махкал арахьара. Кванмён (къегина) олу къилбаседа Корейн маша боккха кхиам бу цигарчу режиман.
Цунах лаьцна хууш баш дукха хIума дац. Амма Associated Press агенталло дийцарехь,
http://globalnews.ca/news/II24882/surfing-the-intranet-north-koreas-authoritarian-alternative-to-the-world-wide-web/

цу системехь 550 веб-сайт ю. Уьш ю цхьацца университетийн а, пачхьалкхан урхаллийн а. Цу кепара система болх бан аьтто болуш ю информацин блокадан хьолехь. Цу кепара чоьхьара маша кхолла аьтто бац Къилбаседа Корей а, Куба а санна йолчу деспотийн пачхьалкхашкахь а бен.

Китайн Firewall

Китайхь йолчу системо саца а йо, литта а луьтта махкахь Iедалехь йолчу Коммунистийн партина кхераме хета информаци. Иза кхиам болуш хиларан бахьана ду, цу пачхьалкхо интернет яржа йолаелча сихха гIулчаш яьхна хилар, цунна Iуналла дар Iалашонца.

Китайра интенетах пайда оьцучу нехан аьтто бу Iедало Iуналла дечу провайдерех пайда а ца оьцуш сайтийн куьзганашкахула царна тIекхача. Амма шаьш лелочу интернетах тоам беш бу дукхах болу китайхой. Цундела цара къа а ца хьоьгу кхечу сайташна тIехкача гIерташ.

ГIажарийчоьнан «Хьалал»-Интернет

2009-чу шарахь президентан харжамаш хилча цуьнан жамIашна реза боцучу наха урамаш дуьзира ТехIранехь. И бахьана долуш ГIажарийчоьно шордира интернетана Iуналла дар. Iедалша дихкира махкахошна Твиттерна а, Фейсбукна а, Ютюбна а тIекхачар. 2011-чу шарахь ГIажарийчоьно болх болийна Хьалал интернет кхуллуш. Иза махкахь бен лелаш хир яц. Нахе схьаеллалур яц оьзда доцу хIуманаш тIехь долу сайташ.

http://online.wsj.com/news/articles/SBI000I42405274870488940457627739I4490020I6

И интернет кхолла хан оьшу. Цундела Iедало хIиттийна цензорш бу карарчу хенахь «кхераме» сайташ дIакъовлуш болх беш.


Туркойн интернет

Iаьржачу ницкъашца тIаме велира Туркойн премьер-министр ЭрдохIан Реджеп стохка цигахь Iедалшна дуьхьала акцеш юйлаелча. Зазадоккху-баттахь ЭрдохIанан доьзало коррупци лелийна хиларна тоьшаллаш деш аудиош интернетехь гучуевлча цуьнан Iедало омар дира Твиттер а, Ютюб а дIакъовла аьлла.

Дукха хан йоцуш хиллачу харжамашкахь толам баьккхира ЭрдохIанан партино. Иза интернетана дуьхьал репрессеш ян шена бакъо ялар санна тидина цо. Туркойн талламан сервисана бакъо елла нехан информацех пайда эца. Ткъа провайдерша, Китайхь иза дина ма-хиллара, информаци литтаран технологи дIахIоттийна.

http://online.wsj.com/news/articles/SBI000I4240527023046263045795059I25I8706936?mg=reno64-wsj&url=http%3A%2F%2Fonline.wsj.com%2Farticle%2FSBI000I4240527023046263045795059I25I8706936.html

Ткъа хIун хоржур ду Оьрсийчоьно?

Дуьххьара хетало Китайн «Firewall» система йогIуш ю Оьрсийчоьнна аьлла. Меттигерчу «Яндекс» олучу лахаран системах а, «ВКонтакте» олучу социалан машанах а шуьйра пайда оьцуш бу цигахь. Амма коьртачу декъана цуьнан бахьана ду кхечу пачхьалкхашкарчу моделех а, инвестицех а пайда а оьцуш уьш кхоьллина хилар. «Яндекс» регистраци йина ю ХIолландехь. Цуьнан акцеш юхкуш ю Нью-Йоркерчу NASDAQ олучу биржехь.

Охан-баттахь «ВКонтакте» кхоьллина волу стаг дIавахара Оьрсийчура, шен акцеш Кремлан гергарчу стага йохка дезна шен аьлла. Иза а, Яндексан куьйгалхой а реза бац Оьрсийчохь интернет хьокъехь тIеэцначу низамашна. ХIинццалц Оьрсийчоьно блокаш хIиттийнарш цхьацца нехан а, блоггерийн а сайташ яра. Масала, оппозицехь волчу Навальный Алексейн сайт саннарш.

Амма гуш ду цу тIехь Кремл соцур ца хилар. «Суверенан» интернет кхолла-м луур ду Кремлна, делахь а Оьрсийчоьно лелон мегаш дерг ду Туркойчохь юьхьарлаьцнарг.
XS
SM
MD
LG