«Керла Iилманча» журнало дийцарехь, 2014-чу шарахь хьалхара зераш дIадолор ду адамаш Марсана тIе дахийта аьтто луш болу космосам аппаратийн. Гезгмашин-баттахь NASA-но космосе хьажор ду генарчу космосан миссишна хьажийна долу Orion цIе йолу космосан кема.
Цул сов, кху шарахь космосе хоьцур ю SpaceX цIе йолчу долахь йолчу компанино йеш йолу Falcon Heavy олу ракета. Иза ницкъ болуш хир ю Марс тIе 13 200 кила кира дIакхачо. Иза уггаре а онда ракета хир ю карарчу хенахь адамийн ян аьтто баьллачех. Цуьнан цкъачунна ницкъ бац Марс тIе адамаш а, царна оьшург а цхьаьнаметта дIакхачо, амма цуьнан гIоьнца цу планетина тIе оьшург дIакхачо аьтто хир бу цига дамаш дахийтале.
2013-чу шарахь Латта тIехула елира ISON олу комета. 2014-чу шарахь цунна тIе хуур ю Европан космосан агенталло кечйина Rosetta олу космосан аппарат. Карарчу хенахь и комета хахкаелла йоьдуш ю, 16 килиметр секундехь чехкалла а йолуш. Цунна тIаьхьахахкаелла йоьдуш ю Rosetta.
Лахьан-баттахь иза тIаьхьакхуьур ю кометина. ТIаккха цунна тIера гIоттур ю кометина тIехаа езаш йолу Philae цIе йолу модул. Цунна тIехь йолчу лабораторино толлур ду комета стенах лаьтташ ю бохург. Цо Латта тIе хьажор ду жамIаш. Ткъа шайн агIора Iилманчаша жоп лур ду вайн дуьнен тIехь дахар кхолладалар цу кометах доьзна ду-дац бохучунна.
Адамо йина аппараташ хилла Баттана а, Марсана а тIехь. Амма Латтан тIехь долу цхьа доза хIицца бен даста аьтто ца баьлла Iилманчийн. Буьйцург бу стохка карийна болу 500 метр кIорга болу 4 километр томмачу шано хьулбина лаьтташ болу Малхбале-Iам. 2014-чу шарахь Iилманчийн талла дезар ду цигахь дахар ду я дац бохург.
Карарчу хенахь кинохь а бен динозаврийн клонаш ца яло Iилманчашка. Амма цара кхиамаш баьхна динозавраш санна дацахь а, делахь а ширчу дийнатийн геном ешарехь. 2014-чу шарахь Iилманчаш дIадерзо дезаш ду цхьа миллион шо хьалха даьхначу Homo Erectus цIе йолчу адаман геном хIоттор.
ТIаьххьалц кхузаманахьлера адам гучудалале даьхначу адамийн геном каро атта дацара. ДНК дика лаьтташ Iедал ду шийлачу меттигашкахь, ткъа цу хенахь адамийн дай бехаш хилла тропикашкахь. Амма дукха хан йоцуш Испанехь карийначу адаман геном еша буьйлабелла Iилманчаш, иза цхьа шайтачу хьелашкахь Iиллина хиларна.
Бразилехь кху шарахь хир йолу Дуьненан футболан чемпионат дIайолош буьрканна дуьххьара мийра тухур берг вац футболхо. Нагахь дерриг а дагалаьцна ма хиллара чекхдалахь иза дийр ду юх сецна волчу кхиазхочо, шена тIейоьхначу леррина Iилманчаш кечйинчу экзоскелетана ойланца омра а делла. Иза хир ду Walk Again олучу дуьненаюкъарчу проектан кхиам гайтар. Экзоскелетана урхалла деш ю хьен чохь кхоллалуш йолу электросигналаш. Ткъа уьш йоьшуш ю коьртах доьхкинчу электродаша.
Нагахь Британин Парламенто пурба лахь, бер дуьненчу даларан керла кеп кхолла мегаш ю Iилманчаш. Иза хир ду кхо да-нана долу бер. Цу гIуллакхо аьтто бийр бу берашна ненера юьсуш йолчу цамгарех хьалха довла.
Эксперташа дийцарехь, гергарчу шина шарахь Iамеркин интернет-гиганташ а, технологин компанеш а йиса мегаш ю 35 миллиард доллар барамехь са а ца йолуш. Цуьнан бахьана ду адамашна шайна интернетехула терго яйта ца лаар. Цул сов, дуьненан электорнан маша а бекъабала мегаш бу. ЦхьамогIа пачхьалкхаш, шайна юкъахь Бразили а, Германи а йолуш, ойла еш ю шайн къоман интернетан дакъа кхолларх лаьцна.
Цхьа шо даьлча вай массара а коьрта тIехь лело мегаш ю компьютерш: 2014-чу шарахь дохка долор ду шуьйра реклама еш дийцина хилла долу Google Glass олу куьзганаш.
Кху шара Hyundai компани дагахь ю Tuscon Fuel Cell олу водород дагон джип арахеца йоло. Водородах, хIаваэра схьаоьцу кислород а тухуш, рекци а йойтуш, цуьнах электро ток яккха дагахь бу Iилманчаш.
Цу тайпа машенна «ягориг чуйотта» цхьа ши минот а бен оьшур яц. Ткъа юьззина бак а йолуш машено некъ бийр бу 480 километр.
Климат хийцаяларехула йолчу Дуьненаюкъарчу экспертийн тобано шен рапорт арахоьцур ду кху шеран Зазадокхху-баттахь. Цуьнан коьрта чулацам бу: кийча хила муьлххачу а агIор климат хийцаяларна аьлла. Карарчу хенахь Iилманчийн тешам чIагIбелла Европан Къилбе а, Гергара Малхбале а, Iамеркан къилба-малхбалера штаташ а Австралин къилбе а йокъо хьоьгаш хир ю бохучух.
Ткъа Скандинавехь а, Канадехь а алсам догIанаш а, ло а дан мега. Амма кхечу меттигашкахь хIун хир ду хууш дац. Цундела климат хийцаяларна кийча хила беза кху дуьненан еъа а меттехь беха бахархой аьлла хеташ бу Iилманчаш. Масала, цара кхион беза йокъо а, хиш тIедовлар а лан аьтто болу стоьмаш а, хастоьмаш а, иштта дIа кхин а.