Кудаева Мадинин де-буьйса 48 сахьтах лаьтта

Нохчийчоь --Iалхан-Юьртарчу школера нохчийн меттан хьехархо Кудаева Мадина, 2015

Нохчийн зудчун хатI, амал, оьздангаллин билгалонаш юьйцу вай дела денна. Уггаре хьалха тидаме оьцу иза эшаме вастехь гойту масалш. КIордийна! Хьайна! Тоьлла мехкарий, буьззина вайнехан ламасташца беха зударий боцуш санна!​

Дагара ца долу суна сайн ненан хала дахар. Бедарш тоьгучу фабрикехь болх беш яра иза. ЦIенош ирахIиттийнера тхан дас, амма поппарш хьеха белхалой лаца таро ца хиларна, балхара мукъа йолчу хенахь ша хьоьхура цо.

Суьйранна диъ сахьт даьлча буьйса юккъе яххалц балхахь хуьулура иза. Балха йоьду хан кхаччалц поппарш а хьоьхий, ши куьйг дила кхиа ца еш, хьодий йоьдура фабрике. Юьрта юккъехула доьдучу Ахк-хих йолуш, цу чохь бен шен поппарх дуьзина ши куьйг дила а ца кхуьуш йоьдура иза.

Аттонаш гина боцчу яхначу заманан нохчийн зударийн кхолламера бакъдерг ду иза.

Дешар кхиоран институтат ректор Арсанукаев Iабдулла а, Кудаева Мадина а, 2015

Карарчу заманахь нохчийн зуда муьлххачу а балхахь ларош, кхуьуш, кху заманца йогIуш, цуьнан кхиамаш бIаьрла гуш хазахета.

Иштачех ю Iалхан-Юьртахь еха Кудаева Мадина. Зуда, нана, хьехархо, байтанча, илланча, спортхо, фотограф.

Муха, муьлхачу Iалашонашца еха, хIун кхиамаш бу, ларайой хьо аьлла дара сан юьхьанцара хеттарш.

Your browser doesn’t support HTML5

Кудаева: Белхаш дуккха а бу сан

Кудаева Мадина а, цуьнан дешархой а, 2015

Кхин дIа къамел дIахьош Мадинас кIоргерачу хааршца, леррина дуьйцура берашца болхбаран шен кепех лаьцна. Хьехархо шен хаарийх тоам бина Iен ца веза, бохура цо, даима лехамашкахь хила веза.

Your browser doesn’t support HTML5

Кудаева: Хаарийн цхьана тIегIантIехь социйла дац

Охан-баттахь нохчийн меттан денна лерина хиллачу къовсамашкахь толамаш баьхначу хьехархойн могIарехь а ю Кудаева Мадина."Тоьлла нохчийн меттан кабинет" мехкан къовсамехь шолгIа меттиг елира цо берашна хьоьхучу белхан меттигна.

Кудаева Мадина берашна хьоьхуш, 2015

Мадинас хьехархочун болх безаш воцург а Iехалур волуш, аьхна, дехха дуьйцура школех, берех лаьцна. Маршо Радиона хаа лиира, белхах мукъа йолчу хенахь Мадинас муха хьо шен хан.

Your browser doesn’t support HTML5

Кудаева: Иллешка безам ца хеда цкъа а

Мадинин йиш, шуна ма-гарра, Нохчийчохь шуьйрра бевзачу, лаккхара корматалла йолчу иллиалархоша денна лоькхуш хезачу эшарел хIумма а оьшуш яц. Цундела кхолладелира рогIера хаттар, муха хадабо-те цIе яххана бевзачу махкарчу иллиалархоша цуьнан кхоллараллин мах.

Мадинас иштта жоп делира.

Your browser doesn’t support HTML5

Кудаева: Со бахьанехь къам хастийча ирсе хуьлу со

​Кхин цхьа Мадинин кхиам а беза бовзийта - спортаца долу гергарло. Нохчийчохь хьехархойн гонехь дIаяьхьначу спартакиадехь йодуш хьалхара меттиг а яьккхира Мадинас кхушара.

Your browser doesn’t support HTML5

Кудаева: Спорто аьтто ло суна могуш латта

Маршо Радионо муьлхха а хаттар шега дича, оцу хаттарна жоп а лой, Мадина шен къамелехь, хьавззий, кхочура шен школе, бераш долчу. ТIаккха хьесап дира оха, и санна гIуллакхе бирзина къахьоьгучу хьехархойн белшаш тIехь лаьтта тахана Нохчийчуьра дешар, Iилма, аьлла.

Кудаева Мадина а, цуьнан кIант Шемал а

ХIун тIе ца тоьа хьуна тахана хьайн дахарехь, аьлла дара Маршо Радион тIаьххьара хаттар.

Your browser doesn’t support HTML5

Кудаева: Реза ю со Дала сайна мел деллачунна