Яндарбиев Зелимха. Сайн ойла

Нохчийчоь --Соьлж-гIалахь

Your browser doesn’t support HTML5

Яндарбиев Зелимха. Сайн ойла

Яндарбиев Зелимха

***

Сайн ойла, синхаам ца хIуттуш хьоьга дIабийца,
Йочане, йоькхане денош вайн хийла дIаидда.
Ткъа царех тахана сан дагна буха хIун дисна? –
Сингаттам, сатийсамаш, дагалецамаш шийла.

Амма ца воллу со тахана я уьш а лера,
Синтемах хийца а ца гIерта лазам а церан.
Сан даго кхин лоьху – хьан хазахетаран серло,
И цунна оьшуш ю, малх санна, зезагаш дело.

Хьан елакъажаро луш дегайовхо, со веха,
Вуй-те со ирсениг я кхардам кхаьчнарг ву нехан?...
Сан даг чохь зезагах гIоттур ду хьан хазахетар,
ТIулг хилла, дужур ду муьлхха а хьан халахетар…