Солидараллин де Венехь

Дуьненаюкъарчу къаьмнаша билгалдаьккхира хIора а шарахь санна адамашна юккъехь солидараллин де. Къаьстина тIаьхьарчу хенахь, дуьненчохь цкъа а ца хиллачу кепара дукха тIемаш а, и бахьана долуш дукха мухIажарш а баржаро мехал до адамаш вовшашца солидаралле хилар.

Адамаллин уггаре мехалчех амал санна лара йогIу халонехь я баланехь болчаьрца таронечара, я машаречу хьелашкахь баха ирс хиллачара гIодар, адамаш вовшашца солидаралле хилар.

И амал дебон а, цуьнан мехалалла массарна а кхеташ хилийта а Iалашонца юккъе даьккхина Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралло хIора шарахь гIура беттан ткъозлагIчохь адамийн солидараллин де билгалдаккхар.

Кху шарахь цу денна леринчу шен къамелехь цу юкъараллин инарла секретара Ки-Мун Вана кхайкхам бира пачхьалкхийн куьйгалхошка а, дуьненан бахархошка а, хIара дуьне цхьа боккха доьзал санна гаре, юкъахь сацамаш тIеэцчий, юкъахь цхьаьна Iалашоне гIиртичий бен ирсе хир боцу.

И дешнаш цхьа деса аз хилла ца Iойла гойту кху тIаьхьарчу шарчохь дуьненчохь хиллачу хийцамаша. Къаьстина мухIажаршца долчу хьоло. ТIамех а, цуьнца боьзначу баланех а, къеллех а бевдда, миллион герга мухIажарш кхаьчна кху карарчу цхьаьна шарчохь Гергарчу Малхбалера Европе.

Кхин а массийта миллион адам ду Туркойчохь а, Ливанехь а, Иорданехь а бIеннаш эзарнашна леринчу мухIажарийн лагершкахь вуно халчу хьелашкахь, мацалла а, шелонаш а ловш, хене долуш.

Цу нахана гIодан декхарийлахь ю Цхьаьнакхеттачу къаьмний юкъараллин цхьа могIа программа, масала, мацаллийна дуьхьал къийсам латторан программа я мухIажаршна гIодаран программа. Амма цу программашка кхоччучу барамехь гIодайтархьама Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин декъачу кхиинчу пачхьалкхаша, шайх донорш олучу, хIора шарахь тоъалла ахча хьажон дезаш ду.

Бакъду, эццахь, мискачарна ахча дIахецарна тIе ма кхаьчний, чекхйолу цхьайолчу таронечу пачхьалкхийн куьйгалхойн солидаралла.

Тамашийна хеталахь а, даханчу шарахь уггаре а кIезгоха шаьш мухIажаршна а, мацалла ловчарна а хьажон декхарийлахь долу ахча деллачу пачхьалкхашна юккъехь бусулбаниш ю, уггаре а хьалха дуьненан рицкъанаш дукха совдовларна гIамаршлахь а, хIурдана юккъехь а уггаре а лакхарох бIаьвнаш хьан ютту бохучух къийса а луш, сонталлина миллиардашкахь ахчанаш дойъуш йолу Iарбойн Эмираташий, Кувейтий.

Юкъарчу хьесапехь массо а Iарбойн пачхьалкхе схьаэцча, цигахь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралло чIагIдарехь,масех эзар мухIажар бен тIе ца эцна доккхачу декъехь и мухIажарш шайн бусулба вежарий а, йижарий а хиларо а шек ца бохучу цу пачхьалкхийн куьйгаллерчу шаьш вуно суьпа лоруш болчу шейхаша. СаIудийн Iарбахь, масала, 641 мухIажар ву, Катарехь 221 бен вац, ткъа Кувейте 1652 стеган кхача кадаьлла.

Бакъду, бIеннаш эзарнаш мухIажарш Европано тIеоьцучу хенахь шайна цу кепарчу бендацарна бехк баьккхича, СаIудийн Iарбан арахьарчу гIуллакхийн министралло элира, шаьш мухIажаршна гIо ца до бохург бакъ дац, шаьш Германехь цу мухIажаршна ламазаш дан 20 эзар маьждиг дотта дагахь ду, аьлла.

Цу дешнаша мацах Францехь мацаллин дуьхьал протесташ ян арабевллачу мискачу нахе шен балкон тIера чу а хьаьжначу элин зудчо Мария Антуанеттас „ванах, цу наха шаьш меца делахь пирожнеш хIунда ца юу-те?“ аьлла дина хилла хаттар дагадоуьйту.

Цу юкъана Европехь пачхьалкхаш а, меттигера бахархой а катоьхна тIебаьхкинчу нахана Iанех бовла аьттонаш баха гIерташ къахьоьгу. Кхузахь ала догIу, Iедалша мухIажаршна мел гIо дахь а, меттигерчу бахархоша кхин дIа а критике до урхаллин леларш, цара тоъалла къа ца хьоьгу, тIе мел вогIург а дIанисварехь, бохуш.

ХIора шарахь ГIура-беттан 20-чохь Венерчу парламентана хьалха шаьш дIахьош йолу митинг кху шарахь меттигерчу адамийн бакъонашларйархоша ерриг а мухIажарийн хьолана а, цаьрца алсамох солидаралла гайта дезаш хиларна лерира.

Ступник: „Нохчийн маттахь „Яхь“ боху дош ду-кх, дуй. Тайп-тайпанчу агIор кхето йиш ю и дош. Ткъа ас а сайна хетачу агIор гочдира иза немцойн матте.МухIажаршца дуккхаъ шерашкахь солидаралла гойтуш, къаьстина вайнехан мухIажаршца озабезам а болуш, цаьрца белхаш беш волчу Австрерчу вевзаш волчу адамийн бакъонашларйархочуо Ступник Штефана дийцира Маршо радионе, шена солидаралла марзйинарг, иза Iамийнарг а нохчийн „яхь“ боху дош ду аьлла.

Соьга хаьттича, немцойн маттахь яхьа бохург „Цивилкураж“, аьлча а гIоьнна кхача сихвалар, гIодан кийча хилар ду. Мел кIезга а и дика хIума Iамийна ас сайна нохчашкара, и гIодан кийча хилар. Иза суна вуно мехала а ду.

Иштта суна нохчашкахь дика хетар – иза церан адаме болу ларам бу. И санна долу хIумнаш, халахеташ делахь а, юкъараллехь а, хаамийн гIирсашкахь а башха хьаха ца до. Юкъараллехь хьехош дерш доккхачу декъехь негативе хIумнаш хуьлу“.

Цу юкъана Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралло дуьненаюкъарчу адамийн солидараллин денна лерина динчу дIахьедарца, гергарчу масех баттахь къаьстина Гергарчу Малхбалерчу тIемех бевдда луларчу пачхьалкхашкахь тишчу хьелашкахь мухIажарийн лагершкахь хан йоккхучу нахана кхиинчу пачхьалкхаша ахчанца а, сурсаташца а кхоччучу барамехь гIодан ца доладахь, цигахь мацалла а, гуманитаран катастрофа а хIотта кхерам бу.