ТIеехкина батош, Iанаяхана ботокс, доьза дайна эхь...

Your browser doesn’t support HTML5

ТIеехкина батош, Iанаяхана ботокс, доьза дайна эхь...

Дахначу шарахь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен рогIерчу кхеташонехь айдинера силиконца а, цхьацца кхечу гIирсашца а зударийн куц-кеп хуьйцучу салонийн дай нахалбахар, церан бизнес лакъор.

ТIаьххьарчу заманчохь Соьлж-ГIаларчу «говзанчаша» йинчу операцех бала хиллачу зударша цуьнга аьрзнаш динчул тIаьхьа Iедалан тIегIанехь шуьйрра дийца долийнера Нохчийчохь платсикан операцеш яр.

И бизнес адаман могашаллина кхерам бохьуш хиларх хьул ца деш дуьйцура эфирашкахь баккхийчу лоьраша, амма киношчуьра зударий санна хазбала луучу нохчийн мехкаршна тIехь шайна са йоккхучара тахана а лелош ю шайн бизнес.

Историс бакъарехь, дуьххьара пластикан операцеш яр юкъадаьлла ширачу ХIиндойчохь.

ХIетахь, дуккха а бIешераш хьалха, цигахь тайпанашна юкъахь тIемаш лелачу заманахь, дукха хилла оцу тIемаша чолакхбина нах. Хууш ма хиллара, шаьш закъалтна лецначу нехан хIиндоша марош дохуш хилла. ХIетахь дуьххьара Iемина хIиндойн лоьраш марош, балдаш, лергаш юхаметтахIитто.

Ткъа вайн заманахь, пластикан клиникаша, шайн говзалла а, бизнес а кIелхьарайоккхуш, хазаллин индустре ю олу юьхь-марш, дегI куьце далорхьама шаьш ен операцеш.

Царна кастом-хеча, коьртара куй хийцарал а доккха хIума ца хета мара "тобар", балдаш дестор, кхийолу йийца ца тору межеш "хазъяр".

Лехамашкахь бу нохчийн зударий. Къегинчу журналаштIерачу хьоладайн, Голливудан зударийн суьрташка денна хьоьжу уьш хьегамца: оза, лекхачу догIмашца, севсинчу балдашца, кIайн цIергаш гучу а йохуш къажарца шайга схьахьуьйсучу.

Циггара долалуш ду дерриг. Зудаберашна моьтту, оцу исбаьхьчу зударех жимма тарлахь, шайн дахарехь баккхий хийцамаш хир бу, доккхачу ирсе шаьш кхочур ду а. Оцу ойланаша балабо уьш пластикан хирурган неIаре я Соьлж-ГIаларчу салонан берте.

Тахана Нохчийчохь меттигерчу а, тIебаьхкинчу а дархошна лоьралла лелош ву цхьа хан хьалха Iамеркахь "Дуьненан Лор" цIе елла пластикан хирург Баиев Хьасан.

Цуьнга хаьттира оха, хьун кхерам бохьу пластикан хирургино адаман могашаллина, къаьсттина муьлха операцеш лору цо кхераме аьлла.

Баиев: «Пластикан операцеша пайда а бо, зуламаш а до. Тахана вайн махкахь а, йоллу Кавказехь а даьржина лазар ду. ХIун ду, мила ду а ца хууш, оцу салонашкахь хIара Швейцарин юй, хIара Германехь тIаьххьара араяьлла продукци юй бохуш, ишта нах Iехош, юха йохъеш и хIун ю цахуурш, оцу балдашна чу а етташ, зуламаш до-кх.

Шайна юттург хIун ю а ца хаьа, я хатта а ца хотту, я шена хьалхьахь упаковка схьаяьстича а ца хотту, цу тIехь яздинарг хIун ду а ца хьовсу. Цхьаммо дина олий хеза, тIаккха важа а цунна тIаьхьахIутту».

Шен куц-кеп, васт тахана-кхана пластикан операцица хийца Iалашо лаьцначу мехкаршка, хIун кхайкхам бийр бара ахь аьла дара Маршо Радион рогIера хатар пластикан хирурге Баиев Хьасане.

Баиев: «Бакъдерг хIунда ца дуьйцу, и масарна а хууш ду, сайна тIебаьхкинчаьрга ас даим олуш ма ду. Шаьш чоьхьадовллушехь соьга олу цара, «хIан-хIа алий тхо дIа ма дахийталах, тхуна хаьа, ахь тIе ца лоций».

Далла хьлаха а, сайх теша а тешна тIевенчу стагана 1% а сайн шеконаш елахь, цунна тIе куьг даьхьна вац со. ЧIогIа ларвала дезаш гIуллакх ду иза. Вайн цIахь дукха бу тIамо зуламаш дина, некъан бохамаша чевнаш йина бахьанашца операцеш оьшурш.

Хазалла дала дохкуш зудабераш ду вайн цIахь, цхьа а хIума уьш оьшуш бац , ас олуш ду цаьрга, Дала шайна еллачу хазаллех тоам ца беш , шайна зулам хIунда до аш олий».

Кхо шо хьалха Китайхь цхьана цIийндас шен хIусамнанна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх айдина, цуьнгара 120 эзар доллар компенсаци яьккхинера.

Масех шо хьалха чIогIа хаза зуда ялийна хилла цо. Дуьххьара доьзалхо хилла церан йоI, дас тидамбина йоI я шех, я ненах аьттехьа а тера цахилар.

Китайра вахархо шен доьзалца (къастале)

Шен хIусамненах шекваьллачу цIийндас ДНК-н экспертиза яйтинера, зуда шена ямарт яьллий хьожуш.

Йинчу тесто шеконаш яшийра къоначу ден.

ТIаккха цуьнан зудчо мукIарло дина хиллера, ша кхуьнга маре яле хьалха масех яйтинчу пластикан операцеша шен куц, васт ца йовззал хийцарх.

Шаьшиннан йоI тоххарчу шех тера хиларх а.

ХIусамнана, пластикан операци яле а, йинчул тIаьхьа а.

ЦIинйдас оцу сохьта шен зуда йита а юьтуш, кхеле кховдийра гIуллакх.

Иштта хазаллина тIаьхьаваларо долчух ваккха а тарло. Генаш къайлахьойла дац.

Амма пластикан хирурго могашаллина зен до бахахь а, бусулба динехь магош дацахь а, процесс тIетаьIIина дIайоьдуш ю Кавказан мехкашкахь, къаьсттина Нохчийчохь..