Венерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташоно бакъо йоьху немцойн зорбанашка

Берлинехь террорхочо кир лелочу машенца нах байъича, Европехь бехачу нохчашна, кхечу нахана санна, халонга даьллера и зулам. Амма и бохам баьллачу шозлагIчу дийнахь Австрерчу булваран газеташа зуламхо нохчо ву аларо, кхин а йиш йохийнера дуккхаъчеран.

Your browser doesn’t support HTML5

Берлинера теракт нохчаша дина?

Муьлхачу а къомах болчу, синкхетам чохь болчу кхечу нахана санна, дазделлера Малхбузехь бехачу нохчашна а Германехь хIара кIира долалуш террорхочо тIелатар а дина, 12 стаг вер а, 50 герга лазор а.

И бохам баьлла аьлла хезчахьана, хийламмо вовшашка телефонашца зIе йира, бевза-безарш-м ца хилла -те цу террорхочуьн закъалт, нохчех-м ца хьакхаделла-теша и зулам, бохуш.

Цхьаццаболчара хаздора, делахь, нохчо ма хилахьара и терроран тIелатар динарг, вайнах ма хилахьара цу декъа, бохуш.

Ткъа мел йоккха хила еза цу нехан догмовлалла, бехк боцу нах баъинарг шайн къомах стаг ву аьлла шаьш меттигерчу газеташкахь дешча.

Газеташкахь аьлча, Австрехь урамашкахь мехаза Iохкуш долчу булваран зорбанан патаршна тIехь, доккхачу декъехь журналистийн декхар ма-хиллара, нахана информаци латторна метта цхьаццадолчу къаьмнашка цабезам баржош йолу йозанаш яздеш а, паника яхарца нахех кхерам кхуллуш, шайн артиклашкахь элпел а совнаха сарташ а хуьлуш долчу.

Австрехь цу кепарчу патарех цхьаъ санна шиъ ду - Oesterreich a, Heute a цIераш а йолуш. Ткъа цу шиммо а яздинера шайн Берлинерчу бохамна леринчу артиклашкахь и зулам динарг нохчо ву аьлла.

Нагахь санна, Heute газетано шен йозанехь „машенан шопар нохчо хилла“ аьлла яздинехь, цуьнан коьрта конкурент долчу Oesterreich газетин агIонна тIехь мелла а шаьш цхьана хьостана тIетовжуш долчуха кеп йинера.

Цара иштта яздира : „Iожаллечу кир-машенан шопар Кудамна гена доцучехь схьалаьцна. Иза, Германерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, нохчо ву“.

Амма Маршо радионо бинчу талламо гайтира, цхьанна а немцойн хаамийн гIирсо Берлинехь терроран акт йинарг нохчо ву аьлла яздина ца хилар.

Мелхо а, и тIелатар динчул тIаьхьа хьалхарчу сохьташкахь зуламхо я ОвхIанера я Пакистанера орамаш долуш волчух тера ду аьлла хеташ бара немцойн Iедалхой.

Цул тIаьхьа гучуделира и стаг тунисхо хилар а, дукхахена дуьйна кег-мезгачу зуламашца а, радикалечу исламхошца зIенаш лелорца а полисхошна вевзаш волу 22 шо долу Амри Анис хилар.

Ткъа Германерчу полихсошна а террорхо мила ву ца хуучу сохьташкахь Австрерчу шина булваран газетина мичара хиина хилла иза нохчо вуйла?

Шайна хила луург боккъал а долчуьнца иэдина -те нохчийн Австрерчу диаспорин векалш криминале а, радикале а гойтуш Iадат долчу цу шинна патарна? Иштта дара цу харцхаамо меттигерчу нохчашлахь кхоьллина хеттарш.

Хазанесанна халонга а даьллера царна и тайпа хIума нохчашна кхоллар. Цул тIаьхьа девллачу деношкахь иттанаш Венерчу нохчаша телефонаш йиттира цу шинна а газете, шаьш бина харц хаам юха эцар боху кхайкхамаш а беш.

Амма цкъачунна газетин куьйгалло юхаэцна дац шаьш чIагIдинарг. Цундела Венерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташо сацам бина, адвокатан гIоьнца ши газета кхеле дилла.

Цу кхеташонан куьйгалхочо Мусалатов Шайхис иштта дийцира Маршо радионе шайн Iалашонех лаьцна.

Мусалатов: „Селхана цхьаьнакхетар хилира тхан цу хьокъехь. Оха бина сацам бу, и Берлинехь йина йолу теракт нохчаша йина аьлла, бехк боцуш вайна цIе кхоьллинчу шина газетина дуьхьал низамца яккха йиш йолу массо а гIулч яккха.

Цу Iалашонца адвокат а лаьцна, цуьнан гIоьнца и газеташ кхеле а делла, цаьрга шаьш яздинарг юхаэцийта Iалашо ю тхан, тIейогIучу хенахь цаьрга иштта долу хIума вайх лаьцна ца язйайта Iалашо а ю“.

Цу юкъана Европехь бехачу нохчаша кадамаш бина немцойн къоме. Тайп-тайпанчу гIаларчу вайнаха немцойн векалташна хьалха чкъурамаш а, зезагаш а дитира, кхечу къомахчу наха санна.

Нохчийн къомо кадам бо немцошка боху йозанаш тIехь долу кехаташ а дитира цигахь.