Янукович Виктора хаьржина Украинина Болрусино а, Оьрсийчоьно а юьхьарлаьцна некъ. Цу хьокъехь яздо Оьрсийчура «Ведомости» газето. Амма Украина а Оьрсийчоь а, Белоруси а цхьатера яц. Цундела цу махка харц Iедалан раж, лазам а боцуш, хIоттор чекхдера дац аьлла хета говзанчашна.
Кху беттан 16-чу дийнахь Украинин Лаккхарчу Радано, шен белхан регламент а йохош, тIеийцира репрессийн чулацам болу, дукхачу хьолахь Оьрсийчоьхь долчех тера низамаш. Царна тIехь а хьехош ю Оьрсийчохь санна Iедалшца йоьзна йоцу организацеш кхечу мехкийн агенташ хилар а, хьехош ду дуккха а адамаш дакъалоцу акцеш вовшахтохарна жоьпалла а, эладит лелорна хан тохар а иштта дIа кхин а.
Даханчу ПIераскана дийнахь и низамаш тIечIагIдира президенто Янукович Виктора. Оппозицино и гIулч пачхьалкхан кеп йохор ду элира. Киеверчу юккъерчу майданахь цхьаьана а кхетта, демократехьа болчу наха сацам бира, керла низамаш тIеэца мегар дац аьлла. Цара тIеэцначу резолюци тIехь аьлла ду альтренативан Iедалан органаш кхолларх а, конституцин гулам гулбарх а лаьцна.
Ведомости-газетана хетарехь, и низамаш тIеэца аьлла Киевна хьехар динарг ю Москох. Цунна иза оьшуш ду ша Украине йине шен инвестицеш ларъян.
КIирандийнахь оппозицин жигархой гIортира Лаккхарчу Радина блокада ян. И бахьана долуш тийсадаларш дуьйладелира полицица. Карарчу хенахь байина нах бу Киевехь. Украинин инарлан прокуратуро бакъдина Грушевского урамехь, герз а тоьхна, ши стаг вийна хилар. Пркурораша чIагIдарехь, уьш карийна милицин белхахошна тасадалар хиллачу меттигана уллехь.
Оппозицино адамаш дайарна бехке бина Iедалан ницкъаш. Амма Iедалша чIагIдо, шайн цигахь болчу милцошка герз дац бохуш. Делахь а оппозицино дIахьедар дина Украинин маьрша бахархой байарна жоьпаллехь ву президент Янукович а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Захарченко а аьлла. Оппозицин куьйгалхоша шайн агIончашка кхайкхам бина Киеверчу Незалежности майданехь гуллло аьлла.
Зилхалов Василий Маршо Радион Украинин сервисана аналист ву. Украинахой кху тIаьхьарчу хенахь хийцабелла. Уьш Iийр бац Москохара шайн Iедална куьйгалла а дойтуш аьлла, хета Зилхаловна.
Зилхалов Василий: "Юкъаралла хийцаелла. Дера, померанчан революци хиллачул тIаьхьа даьхкинчу шераш хийцина адамаш, къаьсттина кегийрахой. Адамаш Украинин малхбузехь хийцаделла ца Iа, малхбалерчу регионехь а хийцаделла. Кегийрахой лууш бац цхьа а авториторизм хилар. Цхьа а Оьрсийчоьнца кхеташонаш ца оьшу царна".
Карарчу хенахь Украинехь хIоьттинчу хьолана бехке президент Янукович ву аьлла. хета аналистана Зилхалов Василийна.
Зилхалов Василий: "Цо цхьаъ дуьйцу, Януковича, ткъа хуьлуш дерг ду соборности олучу къам цхьанакхеттачу дийнахь цIий Iенар. Иза хIумма а деш вац! Оппозици цуьнга ала гIерташ ю, цхьаъ дан деза, даржера дIавала веза".
«Ведомости» газетана хетарехь, Украинехь харц Iедалан раж хIоттор Москохана оьшуш ду шен бизнес-проекташ кхочуш ян. Цхьана агIор Оьрсийчьнан а, Белорусин а юкъаметтигаш цхьа ша тайпа мегапроект ю ала мегар ду. Ткъа цу тайпачу мегапроектех лаьтташ ю оьрсийн коррупцин экономика.
ТIеххьара болчу хаамашца, оппозицино сацам бина къоман гварди кхолла. Цара кхайкхам бина шайн агIончашка, шайн герз а дохьуш, Киеве схьагулло аьлла.