Кадыров санна куьйгалхой оьшу Кремлна

ГIалгIайчоь -- (Аьаьр - Аьтто) Кхарачой-Чергазойчоьнан куьйгалхо Темрезов Рашид, ХIирийчоьнан хьалханча Битаров Вячеслав, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, Ставрополан кIоштан губернатор Владимиров Владимир, Магас, ГIад. 21.2016

Кху деношкахь Оьрсийчохь дIадирзина цкъа а цахиллачу кепара дукха губернаторш хийцар. «Кавказ.Реалии» интернет проекто дийцарехь, церан аьтто ца баьлла стохка Гезгмашин-баттахь хиллачу парламентан харжамашкахь «Цхьааллин Оьрсийчоь» парти шайн регионашкахь толийта. Кхеташ ду, иза ша цхьа бахьана хилла Iаш цахилар.

Your browser doesn’t support HTML5

Баьсса бу Кадыров даржехь витарца боьзна "сатохаран кад"

Керла хаьржина губернаторш юккъерчу барамехь 21 шо жима бу, цара хийцинчарел а. Цунах лаьцна дуьйцу политикан эксперто Бианки Валентина кечдинчу рапарт тIехь.

Бианкин талламца а догIуш, хIара шо чекхдалале хийца мегаш бу Приморьен а, Самаран кIоштан а, Петарбухан а губернаторш. Ткъа гергарчу цхьана шарахь эха шарахь хуьйцур ву 18-20 регионан куьйгалхо.

«Коммерсант» газето дийцарехь, «Политурхалла» проект кхочуш еш дуьххьара кечдина рапорт бу Бианки Валентинан экспертийн болх.

Бианкина хетарехь, элита цIинъяран логика юьсур ю тIейогIучу хенахь а. Ткъа иза иштта хилахь къона нах губернаторш хIиттор а дуьсур ду Оьрсийчохь тIейогIучу хенахь. Цу гайтамца хийца мегачу губернаторшна юкъахь ву 11 стаг.

Цул сов, Биянкин талламца а догIуш, хуьйцур бу шайн рейтингашца харжамашна зе деш болу а, регионехь долу хаьл шайн куьйгакIеллахь латталуш боцу а куьйгалхой.

Губернаторш хийцар кхетош Бианкис «cатохаран кад» аьлла кеп ялон мегар ду боху. И кад бузучу бахьанех ду боху цо губернаторийн могашалла ца хилар а, цара коррупци лелор а, регионехь дуьхьалонан ацеш хилар а, регионера элиташца дов хилар а, куьйгахочун гонаха болчу наха коррупци лелор а.

Цуьнца цхьаьна, эксперто дийцарехь, «сатохаран кад сихонца тIекIалкхосса» мегарг ду ши хIума – могашалла ца хилар а, Iедалшна а, никъаллин структурийн белхахошна а гучу а волуш, куьйгалхочо коррупци лелор а.

Губернаторийн шайн даржехь биса болу аьттонаш а бац куьйгалхойн цхьатера. Иза дозуш ду президентаца йолчу юкъеметтигех а, лаккхарчу даржехь болчу наха ларвеш хиларх а, регионна политикан урхалла далуш хиларх а.

И билламаш тидаме а эцна, жамI дина политикан эксперто Бианкис хIара шо чекхдалале Приморьен а, Самаран кIоштан а, Петарбухан а куьйгалхой дIабохур бу аьлла. Ткъа 2017-чу а, 2018-чу а шерашкахь хуьйцур бу аьлла хета цунна кхин а 24 регионан куьйгалхой. Царна юкъахь ю Къилбаседа Кавказера Дагестанан.

Вадим Муханов Къилбаседа Кавказехула политикан эксперт ву. Нагахь федералан центрна регионан куьйгалхо муьтIахь а, тешаме а велахь иза цу даржехь вуьтур ву, цхьа тIех сов хIума ца далахь бохуш дуьйцу цо.

Муханов: "Коьрта барам бу федералан центрна герга а, тешаме а хилар. Нагахь и стаг мегаш велахь, нагахь стаг кийча велахь оьшург кхочуш дан, тIаккха иза магаво Оьрсийчоьнан федерацин субъектан куьйгалхо хIотто.

Нагахь тешаман тIегIа тоъал лекха делахь, цхьа тIех сов хIума дала дезаш ду стагера иза сихонца дIавакхха. Амма, кхузаманахьлерчу Къилбаседан Кавказан историно ца ло вайна цу тайпа дукха масаллаш".

ХIинца хьовсур вай, Биянкин рапорт тидаме а эцна, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан кхоллам муха хир бу бохучуьнга.

Кадыров ханна жима ву, цуьнан рейтин лакхара ю (стохка бинчу талламца Оьрсийчохь 8-гIа меттиг), республикера хьал шен куьйгакIеллахь латтош ву иза, могашлла дика ю Кадыровн (спорт, жигара садаIар), коррупци лелийна аьлла хьахийна вац иза я Iедалан векалша а, я ницкъаллин структурийн векалша а. Вуно дика юкъаметтигаш ю Кадыровн президентаца Путин Владимирца.

Вуьшта аьлча, эксперто Биянкис буьйцу «сатохаран кад» баьсса бу ала мегар ду Кадыров Рамзанан. Цхьа хIума во ду. Иза ду, эксперто Биянкис хьехош долу «сатохаран кад» цIеххьана тIекIелбала мегаш хилар.