Таьхьарчу хенахь Къилбаседа Кавказехь а, Гергарчу Малхбалера пачхьалкхашкахь а шуьйра яьржина ю косметикан хирурги. Къаьсттина даьржина ду марош а, балдаш а тодайтар. Хьалха ийзалуш хиллехь а, хIинца иза могIарера хIума лоручух тера ду наха Нохчийчохь.
-Ватта. хьенех, хьо юй хIара ян мукъана а? Ахь хIун дина цу юьхь тIехь дан мукъана а? Цхьа хIума хийца-м делла хьан!?
-ДIаялахь меллаша дийцахь, нах цец а ца бохуш! Мара битаме балабайтина ас лоьрашка,- хазадо вукхо меллаша, лере а таьIаш.
-Дера ма яха еха гIазкхинарг! Со Iа хьо ю те я яц те бохуш, цец-акъ а яьлла хьоьга хьоьжуш… Ма бакъ дина ахь иза!
Ганза дикка хан а яьлла, шинна гар нисделча, цу кепара къамел хазар тахана хийра дац вайнахалахь. Вуьшта аьлчи могIарера гIуллакх а хилла дIахIуттуш лаьтта махкахь юьхь-сибат куьце дало лоьрашна тIелестар.
Ши-кхо бутт юкъа хан а йоьлла, хьуна юьртара цхьаI гича, туьтамIаьжиг юьхьтIе йоьллича санна, хийцамаш карабо хьуна цуьнца: бехо хеталуш хилла мара хуьлу бацбелла хьалабирзина, я хIинццалц дIасадахна гуш хилла лергаш хуьлу битаме далийна, я кхечу кепара хийцамаш хаало.
Мел даьржина ду нохчашлахь юьхь-сибат хаза, безамехь хилийтархьама лоьрашна тIелестар? Мел къобалдо бахархоша лоьрашка хийцамаш байтар? Цу а, кхечу хеттаршна жоьпаш каро ас къамеле баьхна дуккха а бахархой.
Цхьаболчара тидарехь Дала, Iаламо делла юьхь-сибат хьедар дика-м муххале а дац, мелхо а къилахь ду. Кхечара кхеторехь хаза хила лаар вон хIума санна тидар нийса дац. Юьхьца хийцамаш бан гIертар лартIа ца хетачех ю Соьлжера Эльмурзаева Марет.
«Дала белла маара гIоле хетта суна-м. Суна схьахетарехь нохчашлахь кхин даьржина хIума ду ала а дац и операцеш яйтар. Таро хилча йойтур ерш дукха бу ба-м. Масаарна ма лаьа хаза хила.»
ДегIастанан ХIинжа гIалахь лоьрашка шен маара кхечу куьце балабайтинчех цхьаъ ю Соьлжа-гIалара хьехархо ПетIимат. Цо дийцарехь нохчашлахь Iаламат дукха бу, 30-40 эзарне кхаччалц ахчанаш а луш, пластикан операцеш йойтуш, уьрса кIел хуьйшуш берш.
ПетIимат:» Харж 35 эзарне кхаччалц йолу. Операцеш яйта гIертарш мел дукха бу хаьий хьуна. ХIора шарна совбуьйлуш бу, къайлах а.къулах а лоьрашна тIеоьхуш берш»
Лоьраша шаьш дечу мукIарлонца вайнахалахь шуьйра даьржина хIума ду марош, лергаш куьце даладайтара а, малделла, бодделла, хебаршка эха доладелла чкъор озадайтар а. Цу хьокъехь сан къамел хилла лоьраца Хизрица. Шена зеделлачух цо дуьйцу.
Хизар: "Нохчийчохь ду дер-кх чIогIа даьржина. Наноша арабовлий къаьсттина мехкаршна йойту цу кепара операцеш. Нохчашна хийра дац марош, лергаш хаздар а, чкъор озадайтар а. Нохчашна а ма лаьа кхечарна а санна хаза хила а, товш хила а. Уьш хIун оьшуш бу?
Советан Iедал долуш дуьйна а ма дара юьхь-сибат тодар. Нохчийчохь ишта хийцамаш бо ца бо ала суна ца хаьа. Баиев цIе йолуш хирург ву. Германера цIа веъна. Суна хууш и говзанча уггар хьалха гIарваьлла цхьацца сакхташ долуш дуьнентIе девллачу берашна гIо дарца…Стигал-балда даьтIначарна масала».
Схьагучу суьртехь, лоьраша а, бахархоша а даре а деш, шо-шаре мел долу нохчашлахь кхин а шуьйра даржахь бен лахлур долуш хIума дац лоьрашка гIо а доьхуш, юьхь тIехь хийцамаш байтар.
Товш, безамехь хила ойла хIоьттинчу мехкарша –зударша а, кегийрхоша а хьесапе оьцуш дац,схьагарехь, шайн дино Дала кхоьллина амат хийца магада я ца магадо боху хаттар. Тидаме эцац,гарехь, нохчийн кица а: «Хазалла-сарралц, дикалла-валлалц».