ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дарба лаха - пана махка


Нохчийчохь, лоьрашна мел дика хьелаш дахь а, дуккха а цмогуш болу нах, дарба лаха мехка дозаналла арарчу республикашка боьлху. Цара шаьш дийцарехь, нохчийн медицина, ахчне яьлла, цундела, нахана кхоччуш дарба ца хуьлу.

Ростов а Краснодар, Астрахань, Буру-гIала. Оцу гIаланашкахь йолчу дарбан клиникашка оьху, Нохчийчуьра цомгуш нах. Дарба лаха бахар цхьа хIума дара, амма, оцу меттигашка цамгар къасто а боьлху уьш.

Соьлжа-гIалара Москоха йоьдучу цIерпошт ах ала мегар долуш юьззина хуьлу, Ростов гIалахь йолчу дарбан хIусамашка боьлхучу нохчех. Оцу гIалахь, цIе ца йоккху цамгарна дарба до, Астраханехь дагна дарба до, Краснодарехь бIаьрса меттадаладо.

Нохчийчохь иттанашкахь дарбан хIусмамаш ю. Соьлжа-гIалахь тIееш а, йина а, муьлха а, цIеяххана лор хьоьгура волуш гIирс а, аьтто а болуш ю уььш. Амма, адамийн факторца доьзна ду ша дерг боху, нохчийн медицинина реза боцучара. Царах ву Аслан цIе йолу Ноьвра кIоштера вахархо. Деххачу шерашкахь ша лелош долу цамгар ца къастаделлера нохчийн лоьрашка, элира цо Маршо радиога.

Аслан: «Хьекъал долуш бац вай лоьраш. 25 шо хан ю ас дагца бала хьоьгу. Кхузахь со тIевахча, дагца цхьа а бала бац, хьайн паргIата дIалела элира соьга. ЦIийна Iаткъам лакха а баьлла, тIевахча а, цхьа а хIумма а дац аьлла цIа вахийтар. Астраханехь, кардиохирургиян федерала центр ю.

Цигахь соьга деган негIар хийца деза элира. Кхузахь верг дика ву, амма, дукхахберш, хIума хууш бац. Шайна ца хууррг, ца хаа аьлча а дара гIуллакх. Дукха хиламаш бу ишшта. Цундела адамаш, шайна гIоле хетачу боьлху».

Хазчу дашо а ерзайо йина чов, олуш нохчийн цхьа хIума ду.Амма, иза догIуш дац, Нохчийчуьра дукхаболчу лоьрашна, аьлла кхин дIа а дуьйцу Аслан цIе йолчу лазархочо.

Аслан: «Ас цхьа масалла даладо.цо хадабо хьуна, массу а хIуманна мах. ЙоI а эцна, со тIеман госпитале вахара. Со бера а далош веана ву аьлла хезча, лоьро, цомгуш берш тIе а ца оьцуш, сан йоIе хъаьжира. Кардиоцентререа юха соьца зIене а боьвла, хьан йоI дика яц, сихонца тхуна тIеялае элира цара.

Цул тIаьхьа массийта шо хан яьлча, гуьйранна йоI юха а цомгуш хичла, цIахь йолчу цхьана лоьран со тIевахча, сайн нохчийн къомах йолчу зудчо соьга: сан хьан йоIе хьожура йолуш яц, ан хьажа езаш а яц, элира. Керста стаг а хьажина йолу, хьаниг хIунда ца хьожу аьлла хета».

Нохчийчохь, масла, дукхачу хьолехь томографии йоккхуш, гучудаьлла долу сурт, Москоха а дохьутий, цигахь цара хIун цамгар ду а олий, сацам бо. Ткъа нохчийн лоьраш деш дерг ду, иза цомгучу стаге дIаалар а, цунна дарба дан а. Олуш ду, цамгар къастор-ах дарба ду, амма, цIахь и ах дарба дайта ца луурш дукха бу. Лиза цIе йолу зуда а ю царах.

Лиза:
«Кхузахь ас могашална таллам бойтура-м бацара. Со ца теша. МРТ а , КТ а, яьккхийта ца яхь со. Сайна а, са берана а ас кхузахь иза йоккхуьйтура-м яцара. Буру-гIала яхара со. Мелла башхалла яра механ, амма, хьажар дика дара. Кхузахь дкиа ца хьовсу лоьраш. ХIинжа-гIала а, цхьанахь дIаоьхучулла шен цIахь хилча гIоле дацара? Наха арабоьвра ма бацара».

Нохчийчохь дарбан хIусамийн дикалла лакхаяьккхархьам Iедалша ца деш хIумш дац. Лоьраш, зеделла бу бохуш, уьш даиманна хьоьсту. Нохчийчоьнана университетехь хиллачу лоьрийн факультетах хIинца институт йина. Цига деша хIоттаран, кхаанна луш долчу ахчанна барам, цхьадолчу хьосташа дийцарехь уггаре а лекха бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG