Дог тедан ницкъ боцу толам

Франци -- Страсбург, Европера Адамийн Бакъонашкахула йолу Кхел, Манг2013

Европера Адамийн Бакъонашкахула йолчу Кхело мукIарло дина, террор лелорехь бехке лоручу нехан декъий церан гергарачарга дIадала дуьхьал яларца, Оьрсийчоьно адамийн бакъонаш йохош ю аьлла.
Цу кепара, нагахь Оьрсийчоьнан Iедалша цу кхело бохург тидаме эцахь, сатийсам кхоллало Нохчийчоьнан Республикан куьйгалхо хиллаxe Масхадов Асланан а, цултIаьхьа Ичкерин Iедалан куьйгалхо лаьттинчу Сайдулаев Iабдул-Хьалиман а, нохчийн гIараваьлла тIемало хиллачу Гелаев Русланан а, ткъа иштта эзарнаш оьрсийн Iедалша террорахой бу аьлла цIе кхоллинчу нохчий декъаий цера гергарчарна дIадохка дIалур ду аьлла.

Страсбургерачу кхелан сацамца а догIуш, декъий дIа ца даларца, Адамийн Бакъонийн Европан Конвенцин ши артикл йохайо Оьрсийчоьно – стеган шен а, цуьнан доьзалан а ларам барца а, динан маьршонаш ларъярца а йоьзна йолу.

Кхеле латкъам бинарш бара 2005-чу шарахь Налчикана тIелатар дича дIаяьхьначу леррина тIеман операцехь вийначу 55 стеган гергарнаш а, Нохчийчоьнан президент хиллачу Масхадов Асланан доьзал а.

Шаьш хIокхунна тIехь а совца дагахь дац, нийсо меттахIотталц къийса дагахь ду элира Масхадовна кIанта Анзора:

Масхадов Анзор: "Оха хIара гIуллакх долийна а 8 шо хан яьлла. Оха хIетахь дуьйна беш болх бу, кхин дIа а дIахьур болуш а бу. Оьрсий муха бу вайна хууш ду. Царна иза (Масхадов Асланан дакъа) схьалур воций а, вала луур доций а вайна хууш ду. Эзарнашкахь нах бу цара )оьрсийн Iедалша) схьа ца луш.

ТIепаза байина нах а бу. Суна ша-дерриг хIинца дIадийца луур дац (оха бечу балхах лаьцна). Тхайн адвокаташца хIоттийна болх бу кхин дIа дезачуьн хьокъехь".

Террорана дуьхьало ярца доьзначу низамашна тIе а тевжаш, байинчеран декъий дIадала а, уьш дIабоьхкина меттиг йовзийта а дуьхьал ду оьрсийн Iедалш. Амма тахханалц цхьа а тоьшалла дац далийна я Масхадов а, я Садулаев а, я Гелаев а террорахой хилла хиларан.

2005-чу шарахь, Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь Девлетгирин-Эвлахь вийра Нохчийчоьнан президент Масхадов Аслан. И гIуллакх цIеххьана нисделлера. Цу хаамах баш тешаш бацара нах, хIунда аьлча оьрсийн пропагандо сих-сиха кхайхкадора шаьш нохчийн куьйгалхой байина олий.

Масхадов вийна аьлла дуьххьара хаам баржийнарг вара цу хенахь Оьрсийчоьнан Нохчийчохь йолчу коьртачу тIеман базехь, Ханкалахь, журналисташна шаьш бечу тIамех лаьцна дуьйцуш волу инарла Шабалкин Илья.

Цо дийцарехь, Девлетгирин-Эвлахь Зазадоккху-баттахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь дакъалоцуш дара леррина тIеман дакъош. Шабалкина дийцарехь Масхадов хилла цхьана гIишлонна къеллахь кечйинчу бункер чохь. Цо дуьйцучун тIен а тевжаш, Масхадов верах лаьцна хаамаш баржийра дуьненерчу зорбанан гIирсаша а.

Нохчийчура тIемалойн лидер вийна шаьш аьлла Шабалкинна тIе а тевжуш, уггара хаьлах хаам бинчу Интерфакс-агенталло дийцарехь, цуьнах лаьцна хIумма а хууш ца хиллера Нохчийчурча Iедалшна. Масала, цуьнах лаьцна дIахьедар дира цу хенахь Нохчийчохь лаккхара хьаькхим лоруш хиллачу Джабраилов ТIауса.

Сарахь 9 даьлча ОРТ-телеканало гайтира шаьш Масхадов верах лаьцна президенте Путин Владимире дийца веана Федералан кхерамазаллан сервисан куьйгалхо Патрушев Николай. Зазадоккху-беттан 8-гIа де дезаде доллушехь и ши стаг балхахь хиларо гойтуш дара царна хилларг мехала хIума хеташ хилар.

Патрушевс пафосан кепехь хаам бира телекамерашна хьалха дуьненаюкъара террорахо Масхадов Аслан вийна шаьш аьлла.

Патрушев Николай: «ФСБ-н лерринчу Iалашонийн центро операци дIаяьхьна тахана. Оцу операцехь вийна дуьненаюкъара террорахо, бандитийн тобанийн лидер Масхадов. Схаьлийцина цунна юххера цуьнан гIоьнчаш».

Бина хаам мел боккха кхаъ шена хеттехь а, Путина Владимира ша самукъадаьлла хилар ца гайтира. Цо аьллачуьнга лаьдогIча, сурт кхоллалора иза кхоччуш тешаш ца хиларан, Масхадов вийна бохучух.

Нагахь санна шега бина хаам бух болуш карабахь, цу операцехь дакъалаьцначу нахана совгIаташ де элира Путина.

Путин Владимир: «Кхин а цхьа экспертиза е. Иза ву, я вац а хьажа кхин цкъа а. Нагахь санна иза бакъ хилахь, Цу мероприятехь дакъалаьцнчу нахана пачхьалкхан совгIаташ де».

Шабалкин Ильяс шолгIа тIом болабелчхьана масийттоза багахь байинера Масхадов а, Шабалкин а, кхин болу тIеман командираш а. Цундела цо дуьйцучух баш тешаш бацара журналисташ. Амма сарахь НТВ-телеканало гайтира Мсхадов вийна Iуьллуш даьхна сурташ.

Масхадов Аслана тIаьххьара интервю елларг Маршо Радио яра. Цо элира шега Нохчийчохь Iедал ца хIоттаделира, Оьрсийчоьнан Iедало шена новкъарлонаш яр бахьана долуш аьлла. Амма ша халкъана диканиг дан гIерташ вара бахара Масхадовс.

Масхадов Аслан: «Сайн цIарах алалур ду соьга. Сайн бIаьргашна гинарг а, сайна хеттарг а, сайн хилла Iалашо а. ВаллахIи, чIогIа лиина-кх суна сайн пачхьалкх хуьлийла. ЧIогIа лиина-кх суна вайн халкъ паргIат долийла а, вайн халкъ маьрша хуьлийла а, мискачу нахана гIо дан а, церан аьто бан а. Цхьа а мало а ца еш, цу тIехь къахьега а хаьжна со.

Цхьанна а, я Оьрсийчоьнн а, я Iамеркана а декхарелахь а вац со. Делахь а и аьтто сан ца баьлла-кх. Пачхьалкх а соьга ца кхоллаелла, пачхьалкхан низам а соьга ца хIоттаделла. Мискачу нехан аьтто а соьга бан ца белла. Х!унда ца белла? И Оьрсичоь-пачхьалкх хIокху вайн кочахь мел йоллу, даиман а и шайн хьадалча хIотто гIерташ... Халкъо хаьржинчунна тIехь хаьлха хIара тIом балале цара латтийна долу хьал латтор ду-кха цара».

Масхадовн доьзало масийттазза дехар динера Оьрсийчоьнан куьйгалхошка а, цхьамогIа дуьненаюкъарчу инстанцешка а, Масхадовн дакъа нохчийн Iедалехь дIадолла дIадоьхуш.

Масхадов хьокъехь Оьрсийчоьнан Iедалш лелош дерг бахьана долуш Европера Адамийн Бакъонашкахула йолчу Кхеле латкъам бинарг яра цуьнах йисина йолу Кусма а, цуьнан ши бер ПтIамат а, Анзор а.

Масхадовн гергарачара шайн латкъамехь билгалдаьккхинера Европан адамийн бакъонашкахула йолчу конвенцин 2-гIа артикл йохийна хилар. Масхадов Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша вийна, велла карийна вац бохуш чIагIдора цара.

Цул сов, Масхадовн гергарачара латкъам бора Оьрсийчоьнан Iедалша цуьнан дакъа схаьа ца ло шайга, антитерроран низаман тIе а тIевжаш бохуш.

И латкъам бийцаре а бина Еврокхело агIо лаьцна МасхадовгIеран. Цо даре дина Оьрсийчоьно Европан адамийн бакъонашкахула йолчу конвенцин цхьамогIа артиклш йохийна хилар. Цу юкъахь ю адаман дахар а, цуьнан доьзалан дахар а лардарх лаьацна артикл а, маьршша дин лело бакъо хиларх лаьцна артикл а, дискриминаци ян мегар дац аьлла йолу артикл а.

Цуьнца цхьаьна Страсбургерчу кхело сацам бина, Масхадов верна бехке яц Оьрсийчоь аьлла. Суьдхошна хетарехь, иза вер таллар кхоччуш дина дара.
.
"Хиллачу меттера схаьэцначу тайп тайпанчу факташна тIе а тевжина, тешаш дуьйцург бухе а диллина, кхелан экспертизех пайда а эцна, гучудаьккхина Масхадов Аслан вийна хилар, коьртах герз а тоьхна.

Лаьтта бухуларчу дIалалечкъинчу тоьлан чу кхерамазаллин ницкъаш лилхича Масхадовна герз диттинарг ву цуьнца цхьаьна Iедалех къайлаваьлла лелаш хилла тIемало, аьлла ду Европера Адамийн Бакъонашкахула йолчу Кхело бинчу сацам тIехь.

Масхадов втйна дукха хан ялале Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисо хаам бира, Масхадов Аслан волу меттиг йийцинчу нахана догIуш долу 10 миллион доллар дIаделла шаьш аьлла. ФСБ-н векало динча дIахьедар тIехь аьлла дара, цу нахана эшахь кхечу махка дIабаха гIо дан кийча ду шаьш аьлла.

И кхин мохк «бусулба пачхьалкх» хилар билгалдаккхаро, ФСБ-на хетарехь, гайта дезаш дара Масхадовна тешна бехк бинарш нохчий хилар. Масхадовна тешнабехк бинарш цунна улле бевлла лелла болу нах хила мега аьлла, хеташ ву цуьнан накъост хилла волу, Ичкерин парламентан депутатат хилла Исханов Хьусайн а.

Оьрсийчоьнан куьйгалхоша цхьана а кепара комментари а ца еш битина Европера Адамийн Бакъонашкахула йолчу Кхело бина сацам. 2007-чу шарахь Гезгмашин-баттахь Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуран коьртачу урхалло дIахьедар дира, Масхадов дIаволла гергарачерга дIацаваларан бахьана ду 2004-чу шарахь Бесланехь динчу терроран тIелатарна юкъахь иза хилар тIечIагIдар бахьана долуш аьлла.

Хууш ма хиллара, Оьрсийохь низам ду тIеэцна тероррахой бу аьлла цIе тоьхна болчу нехан декъий гергарачаьрга дIа ца луш. И бахьана долуш хIинца а гергарачерга дIа ца луш латтош ду 2004-чу шарахь Дагестанехь велла карийна волчу Гелаев Русланан дакъа а. Соьлж-гIалара Маршо Радион корреспонденто Султанов Ахьмада дийцарехь, Гелаевн дакъа схьадаккха гIиртира Кадыров Ахьмад-Хьажа а.

Амма, цкъа дуьххьара Дагестанера Iедалш реза хиллера а, амма тIаьххьарчу минотехь Москох-гIалара омра кхаьчна хиллера царна иза доьхкуш.
Амма Дагестанан прокуроро аьлла хиллера ша, сий до Гелаевн, и санна къонахий наггахь а бен бовлуш бац аьлла.

Султанов Ахьмад: "Гелаев Руслан, кхечу нохчийн тIемалойн баьччех, шен цхьа башхаллаш йолуш вара. Иза воьвзучара а, цуьнан тобанехь хилчара а, ур-аттала тIеман кхечу агIора лаьттачара а, билгаладоккхура иза. Иза, кхиболу тIемалой санна, юккъехь ца тусавеллера нах закъалтана лацарна. Иза террорхо вац, иза яхь йолуш волу тIемало ву аьлла шен хенахь цуьнан мах хадийра, шен хенахь Кадыров Ахьмада а.

2004 шарахь, Дагестанехь вийра иза. И хилам, къхастонза долу цхьацца хIумш долу бу. Официала версийца, иза шен тобанца, лайлахула, Гуьржийнчу дехьвала гIоьртина хилла. Амма, цIеххьана вахьбеначу шалома кIела а бахана уьш белча, цхьана хенахь махкахь уггаре а йоккха хиллачу тIеман декъа баьчча, ша висина хилла.

Оцу хьуьнхахь иза тIеIоттавелла хилла дагестанхойн дозанхошна. Хилалчу тIеман тасадаларехь царах шиъ а вийна, чов хилла, цIий дIаихина велла иза. Куьйга кхеттачо даьндарго иза чкъура тIехь кхозуш дитина. Ша урс хаькхина шен и меже дIа а хадийна, иза, уллерачу цхьана диттана кIела дIа а йоьллина, цу меттехь цIий дIаихина, велла иза. Кхоно тIехь, цуьнан доьналлах цецбуьйлуш комментарийш йинера дагестанера лаккхарчу низамхоша.

Гелаев Руслан, Хьамзат аьлла цIе а лелайора цо, вийна аьлла хезча, оцу хенахь, хIинца санна дацара, цуьнана гергарчара тезет хIоттийра Соьлжа-гIалана гена йоццучу Гикало олучу оьвлахь.

Цхьаболу гергар нах, Iедалехь балхахь берш, оцу тезете бахка ца хIуттура, урамехь мила вахна, видеош йохуш къайлахь сервис юй хиинчулла тIехь. Дакъа схьалура долуш ду, аьлла хаам баьржира шина кхаа дийнахь сатийсамех болчу нахана юккъахь. Оцу дийнахь, оцу тезетера УАЗ машенца , кхо виъ стаг вахара Дагестане иза схьадан.

Морг чохь, республика прокурор а, кхиболу лаккхара низамхой а болуш вийнарг Гелаев ву аьлла даре дина хилла цара. Машен юха а ерзийна, дакъа чу дилла хIорш гIертачу хенахь, Москохара омра деъна, дакъа дIа ма ло, аьлла, Гелаевийн гергарчу нехан, цIаберза дезна. Дог а доьхна уьш дIабоьлхучу хенахь, Дагестанан прокурора аьлла цаьрга, и санна волу къонах Кавказехь I00 шарахь цкъа бен волуш вац шуна аьлла.

Цул тIехь, дуккха а гIиртинера, Гелаев Русланан дакъа схьадалийта, амма, иза дIавоьллина меттиг, кхечу тIемалойн баьччийн санна дукха лерина къайлаяьхна ю Iедалша. Гелаев Русланан ша валле, дукха хан йисле, шалла ши кIант вина хилла, оцу хенахь Гуьржийнчу дехьаяьллачу цуьнан зудчо. Шена и кхаа баьккхинчуьнна цо Стечкин тапча елла бохуш дуьйцура.

Стохка Шема пачхьалкхехь чохь болчу тIамехь, вийна цьунана воккох волу кIант Рустам. Иза оьрсийчо вина хилла. Массийта версии ю цуьнана валарна. Иза цигахь доьшуш хилла боху, кхечу хьостанаш иза, гIаттамхойн агIо а лаьцна тIом беш вийна боху, кхечу хаамца, иза тоьпаш а тоьхна вийна боху. Мухха а далахь, шен де, нохчийн цIеяхханчу тIемалочуьнна некъаца дIавахна иза".

Хьалхо вай хьахийна ма хиллара, Европера Адамийн Бакъонашкахула йолчу Кхеле иштта латкъам бинарш бара 2005-чу шарахь Налчикана тIелатар дича дIаяьхьначу леррина тIеман операцехь вийначу 55 стеган гергаранаш а.

Уьш а бу Оьрсийчоьнан Iедалшка шайн гергарачеран декъий схьадоьхуш. Страсбургерчу кхело агIо лецира тIемалойн гергарачеран. Цу нахана гIо деш яра ГIебартойн-Балкхаройчура адвокат Дорогова Лариса. Амма шаьш кхин сацам хир бацар те аьлла сатесна дара элира цо Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь.

Дорогова Лариса: «Тхо кхечу сацаме сатуьйсуш дара. Шина артиклехула тхо туьйлира. Амма оха сатийсинарг кхочуш ца хилира. Оьрсийчоьно Европана газ мел юхку нийсоне сатуьйсийла дац. Байинчеран да-наной кхечу жоьпе сатуьйсуш бара».

Набитова Римма цIе йолчу зудчуьнан ши къант Азамат а, Джамбулат а вийна 2005-чу шарахь Нальчикана тIелатар динчу хенахь.

Набитова Римма: «Тхан векал, тхан адвокат, Кушлейко Анастасия еанера Нальчике. Цо дийцира тхоьга Европан кхело бинчу сацамах лаьцна. БархI шо дара тхо цуьнга хьоьжуш Iаш долу. ХIара ду аьлла хIумма а ца аьлла суьдо. Суьдо дек[арелахь ца йина Оьрсийчоь декъий схьадалf а, уьш дIабоьхкина меттиг йийца а. Цундела халахетта ду тхо».

Масхадов Анзора а, Гелаевн а, Нальчикехь байиначу нехан гергарачара а дуьйцу шаьш цу тIехь совцур дац бохуш. Амма уьш а кхеташ бу и хаттар цхьана стагах, Путин Владимирх, дозуш хиларх. Ма дарра аьлча, цу стагах тахана дозуш-м иза хилла ца Iаш, динна пачхьалкхан хиндерг а ду.