ГIирман куьйгалло и ах-гIайре Украинех йозуш ца хиларх йолу деклараци тIеэцна, меттигерачу гIезалошна вуно яккхий бакъонаш а кхайкхош. Украинин низамца йогIуш йоцучу референдумна кечамаш беш ю ГIирмин Лаккхара Рада.
Шинарий дийнахь шаьш тIеэцначу Киевах йозуш ца хиларан декларацица цара официала бух биллина, и ах-гIайре Оьрсийчоьнан куьйгакIела ялон Iалашо йолчу референдумна. Цу декларацехь ГIирман куьйгалла 2010 шарахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн юкъаралло Косово - пачхьалкан хьокъехь бинчу сацамна тIе тевжа.
ХIетахь, хууш ма-хиллара, Косово Сербех дIакъастар толлуш хиллачу Дуьненаюкъарчу кхело тIеэцначу сацамца, цхьана пачхьалкхан декъо я кIоштано шен йозуш ца хилар кхайкхор дуьненаюкъарчу бакъонашца цхьаьнадогIу, я цхьаьненна а зене лара а ца догIу.
И деклараци тIеэцначул тIаьхьа журналисташца шен хиллачу пресс-конференцехь ГIирман Лаккхарчу Радин куьйгалхочуо Константинов Владимира, и ах-гIайре Украинин куьйгакIела юхайоьрзур ю бохург дийца оьшуш а дац, аьлла, хадийра.
Амма уггаре а шена тIе тидам бохуьйтуш дерг ду шинарий дийнахь оццу Лаккхарчу Радано тIеэцна болу ГIирмерчу гIезалойх болу сацамаш. Иштта, масала, Радин депутаташа сацам бина, керла тIеэца леринчу ГIирмин конституцехь меттигерачу гIезлойн мотт, украинхойн а, оьрсийн а меттанаш санна, кхозлагIа официала мотт цу автономехь дIакхайкхон.
Цул совнаха, ГIирмера гIезалой массо а гIаланашкарчу а, кIошташкарчу а Iедалий кхеташонашкахь хилийта безаш хилар а, ГIирмерчу гIезалойн куьйгалла а, церан хьукматаш а къобалдар а, иштта ГIирман Iедалан массо а тIегIанна тIехь церан векалш хила безаш хилар а.
Ма-дарра аьлча, цкъа а керлачу исторехь меттигерачу гIезалойн ца хилла йолу бакъонаш ю царна хIинца Оьрсийчоьнгахьа долчу Iедалша лур ю аьлла кхайкхийнарш. Амма хIун ду теша цу комаьршачу дешнашна тIехьа лаьтташ? Боккъал а гIезалойн бакъонашна иштта саготта ду техьа ГIирман Iедал а, шен лаьттанашна тIехь дехачу кегийчу къаьмнашца нийсо лелорна хIумма а саготта йоцу Оьрсийчоь а?
Цу хьокъехь ГIирмерчу гIезалойн маджлисан куьйгалхочуо Чубаров Рифата пресс-конференци дIаяхьира шинари дийнахь Севастополехь. Меттигерчу Лаккхарчу Радано гIезалошна лур ю яьлла кхайкхийначу бакъонехь лаьцна шена хетарг дийцира цуо.
Цуьнца цхьаьна ГIирмерчу гIезалойн маджлисан куьйгалхочуо Чубаров Рифата билгалдаьккхира, кIирандийнахь дIаяхьа леринчу референдуме гIезалойн мадждлисан болу хьежамаш хийцабелла бац аьлла. Оха референдумана бойкот кхайкхийна, цу тIехь лаьтташ а ду тхо, элира цуо.