Кадыров Рамзанан куьйга кIел йолчу Нохчийчоьнан коьртачу башхаллех ду нах халкъанна хьалха бехказбуьйлуш телерепортажаш яхар, юьхьIаьржа хIиттор. Дуьххьара гIараевлира "Грозный" телеканалан и тайпа сюжеташ 2015-чу шарахь. ХIетахь дуьйна схьа бахархошка «къурд» олуьйту видеогайтам арабаьлла бIеннал сов. Амма Iедал деза-доккха ду моттийтар, нах "нийса ца леларна" кхеро гIертар – и коьрта Iалашо кхочуш ян ца елла, аьлла хета эксперташна.
Бехказбийлинчийн кочар вуно деха ду. Церан декъа кхача тарло цхьаьнхьа керт йохийнарг а, сагIа дехнарг а, Кадыровх хьовха, кхечу хьаькамах, могIарчу полисхочух ира дош аьлларг а. Нохчийчуьра зеделларг дозанел дехьа а кхаьчна, Дагестанехь бехказволу "хьашт доцчу меттехь" хелхаваьлларг, Къилбаседа ХIирийчохь – Iедалан ницкъхошна критика йинарг.
Нохчийчохь шаръелла кеп хIинца кхаьчна федералан тIегIанашка а – полисхоша кест-кеста буьйлийта шаьша лоьцу оьрсий бехказа. Мангал-баттахь Пачхьалкхан думин гражданан юкъаралла кхиорехула, юкъараллин а, динан тобанийн а гIуллакхашкахула йолчу комитетан декъашхочо Милонов Виталийс а, Оьрсийчоьнан Юкъараллин палатин фейкашна дуьхьало латточу тобан куьйгалхочо Малькевич Александра а къобалдина низам дохийна нах видеошкахула бехказбийлийтар юкъадаккхар. Стаг юхьIаьржа хIоттор – иза ду боху депутаташа шаьш юьхьарлаьцнарг.
"Веза ша хеташ лелларг лахво ахь, охьатаIаво, компьютеран GTA-ловзарехь санна, супер-адам ду ша бохуш лелларг деса адам дуйла гойту", – билгалдаьккхира Милоновс.
"Нахера къоьлла ца гуш ву хьо?"
2015 шеран ГIуран-беттан 18-чохь "Грозный" телекомпанино гайтира Нохчийчуьрчу нехан дахаран хьелаш ледара ду аларна халкъ кIинтIера даккха ялийна социалан белхахо Инаева Iайшат. Iела-Юьртарчу оцу зудчун шогга довдира Кадыров Рамзана, гIараелира и эфир ерриг а Оьрсийчохь.
Нохчийчоь бахархошна ахча кхачарца ю 85 регионашлахь 72-гIаниг, хIусам эца йолчу таронца - 79-гIа, белхазаллица - 83-гIа
Инаевас мессенджерехула аудиохаам баржийнера махкахь алапашна тIера ахчанаш сецорах, бахархой хала бохкуш хиларх, Кадыровна гонах Iанадахана лелачу рицкъанах лаьцна. "Рамзан Ахматович, кхузахь дерг ца хууш ву-те хьо?" – хоьттура махкахь сихха дIасадаьржинчу къамелан автора. Ткъа мехкан куьйгалхочо ша охьа а хаийна, шен юьхьйохуш, корта хьала ца таIош, ша аьллачунна дохкоялар къадийра Инаева Iайшата.
Амма зуда харц яцара – Нохчийчохь дахар къен дуйла массарна а ду хууш. Республика яц йолуш социалан, экономикан аутсайдерашлара. Масала, тIаьххьарчу талламех ду Нохчийчоь бахархошна кхочучу ахчанца Оьрсийчоьнан 85 регионашлахь 72-гIаниг хилар, хIусам эца йолчу таронца 79-гIа хилар, белхазаллица 83-гIа хилар.
2015-чу шеран ГIуран-беттан 20-чохь видео яьржира тIехь хече а йоцуш Эвтарарчу Дикаев Адама спортан гIирса тIехь гIулчаш йохуш, лоькхура цо Тиматин а, Честа Сашин а "Сан тоьлла доттагI – иза президент Путин ву" йиш. Цуьнгара даьлларг дара иза хьалхо оццу йишца спортан гIирса тIехь гIулчаш йохучу Кадыровх кхаьрдина хилар.
"Со кхетта суо хIумма а йоцийла. ХIинца дIа Путин сан да а, деда а, паччахь а ву", – аьлла дара, «халкъ къинтIерадоккхуш» Дикаевс дина къамел.
Инаева а, Дикаев а юьхьIаьржа хIоттор мохк кхерош хIума дуйла кхеттачу Iедалхоша естийра и практика. Дуккха а гайтира телехьожийлехула цхьацца Iедална шаьш бинчу цатемашна бехказбуьйлу нах. "Кавказский узел" газето ягарйо "Грозный" каналан и тайпа эфираш: 2016-чу шарахь – 5, 2017-чохь – 15, 2018-чохь – 6, 2019-чохь – 33, 2020-чохь – 70 гергга, кхушара – 25.
КХИН А ХЬАЖА: "ШайтIа-флешмоб" йолийна социалан машанехь Кадыровна дуьхьалБехкала боьлхурш лахлуш бац
Бакъоларъярхойн "Iазапна дуьхьалоечу комитетан" юристна Янгулбаев Абубакарна гарехь, бехказбийлийтар оьшу Iедална ша милла а полице кхачо а, етта а, камерашна хьалха "къурд" алийта а ницкъ болуш хилар гайта.
Стаг бехках хьалха ца волу шена чу джин доьлла аларх. Ткъа Нохчийчохь иза йоккха аргумент ю
Юриста бахарехь, республика мел динна чуйоьлле елахь а, бахархоша бен-башха доцуш тIеоьцу палтосурш эфире кхийлар.
"Бусалбанаш тешна бу иштачу наханна таIзар дан догIуш хиларх, амма иштаниг нийса дац – ШарIан кхел хила еза цунна дуьхьал болх беш. Ткъа кхузахь иэдина дерриг а – ШарI а, Iадат а, Оьрсийчоьнан бехктакхаман низам а. Худар хилла. Стаг бехках хьалха ца волу шена чу джин доьлла аларх. Ткъа Нохчийчохь иза йоккха аргумент ю – зулам динарг иза ца хуьлу, зулам цо ца дича санна доьрзу!" – боху Янгулбаевс.
Бакъоларъярхочо, ша юрист хиларе терра чIагIдо Нохчийчуьра практика низамехь цахилар.
Your browser doesn’t support HTML5
Нах къинтIерабахарх лаьцна - психолога
"Хаам шина сахьтехь беха, скандал – дийнахь-буса, бохам – кIиранах. Дукхахдолу къинтIерабахарш дац я скандалаш а, я бохам а, меттиегрчу Iедало бен болх гойтучу информацин хьостанийн боллу ницкъ бен бац оцу хиламийн. Аьлча а, ледара бу юкъараллина цо бен тIеIаткъам", – элира психолога, социалан философа Долгицкий Олега.
Психологи зийча, Iедало лелочуьнца гучудолу сурт ду 3-7 шо долчу бераний, дена-нанний юкъахь хуьлучу къестамийн, боху эксперто.
"Юкъаметтигийн хIоттам бу ден-ненан берца хирг. Бехказвериг беран метта хIутту, бехкбоккхург – воккхачун. Доцца аьлча, бехк тIехьарчориг коьрте хIутту девнехь, цунна там хуьлу беран метта хIоттийнарг юьхьIаьржа хIоттош", - билгалдаьккхира Долгицкийс.
Your browser doesn’t support HTML5
"Цундела дерриг а гIамаршлахь ловзучу берийн кепа доьрзу, деса ловзар хуьлу. Эшнарг, бехказвуьйлург, ловзар а дуьтий, юьстахволу, ткъа тоьлларг, бехкбоккхург, гIамарлахь ловза вуьсу. И дерриг а ду Оьрсийчохь идеологи яцарца дозуш. Политика гIамаршлахь ловзучу берийн санна ю пачхьалкхан", - аьлла бу бехкбаккхаран компанин психолога къастош болу мах.
Низамо полицина а хьоьху нах къинтIерабахар
Ша динчунна стага эфирехула нах къинтIерабахарх духуш хIума дац, аьлла хета Оьрсийчуьрчу Amnesty International цхьаьнакхетараллин директорна Звягина Натальина. "Стаг гIалатваьллехь, цо низам луьра хьашна дацахь, дов, агIонашна там а бохьуш, дерзор зене дац. Адамаш къинтIерадаха хаар – иза дика дипломати ю. Бехк цабиллар дехаро тIом юхатуху, адамца йолу юкъаметтиг денйо", - боху Звягинас.
Бехказволучу полисхочух а ца теша, бехк шена тIеоьцучу блогерах а къахета, массо а Кадыровна тIехь бела а боьлу
Цо дагадоуьйту Оьрсийчохь бехказвалар – иза формалехь ламаст цахилар, "Полицех" долчу низамо нийсса дIа хьоьху нах къинтIерабахар: документо бахарехь, "шен белхахочо низам а хьошуш стаг таIзаре верзийнехь, урхалло и стаг къинтIреаваккха догIу". 2011-чу шарахь дуьйна схьа и кеп дуккхаза а шех пайдаэцна ю, дуьйцу бакъоларъярхочо.
"Амма полицино ницкъаша нах бехказбийлийтар – и низам дохор ду: низамо тхоьга нах къинтIерабаха бохуш делахь, аш а дан деза изза, хьомсара бахархой! Берийн ловзарш ду-кх. Оцу чахчаре хIоьттира юьхьанца Рамзан Ахматович. Шен и ловзарш цунна тайна, цо уьш дIадахдина. Бахархой нахалбахар – иза нах сийсазбар ду. Бехказволучу полисхочух а ца теша, бехк шена тIеоьцучу блогерах а къахета, массо а Кадыровна тIехь бела а боьлу", – аьлла хета Amnesty International-ан векална.
Беса бац Нохчийчохь нах къинтIрабахарца Товбецан-бутта а. Масала, вакцинин меттана шен коллегашна "витаминаш" диттина аьллачу Iалхан-Юьртарчу Джабраилов Мохьмаде "Грозный" телеканалехула нах къинтIерабахийтарал совнах, ницкъаша белхаш а байтина. Бажа бажон меттиг яц аларна халкъ шена къинтIера даккхийтина деношкахь Куьрчалан кIоштарчу Агуев Рустаме.
Нах юьхьIаьржа а хIиттош, телеканалехула бехказбийла декхаребеш хилар тидаме ийцира Охан-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу динан маршонаш дуьненаюкъарчу комиссино. Зераш довзуьйтучу талламан авторша Вашингтонна хьоьху Нохчийн республикан зорбанан, информацин министрна Дудаев Ахьмадна духьал санкцеш кхайкхор.