Дозанах лаьцна дийцарш дан ца баьхки ГIалгIайчуьра жигархой

Даудов Мохьмад

Республикашна юкъара латтанашна тIехула болчу къийсамах лаьцна дийцарш дан шеца цхьанакхета ца баьхкина гIалгIайн жигархой аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. ГIалгIайчоьнан дозане ша вахарх яьккхина видео хIоттийнера цо инстаграмехь. Фортанга хи а гойтуш хьаькамо боху, "цхьана нехан" къамеле ладогIа веана ша.

"Хан а, меттиг а билгалбаьккхинера 10-15 де хьалха, дуьйцург кIезиг хIума а дацара, вай тIеэцна шарI дара дуьйцург",- боху Даудовс, шен сахьта тIера хан а гойтуш.

eldit_net ник йолуш, Даудов язвеллачу инстаграмерчу паблико тIаьхьо агIоне хIоттийра гIалгIайн дозане вахарх видеон шуьйра верси. Цу тIехь гуш ду, нохчийн парламентан спикерца цхьаьна кхин а масех хьаькам а, иштта, республикан муфтий Межиев Салахь а вахна хилар. Царна хьалха вистхуьлуш, Даудовс дIахьедира, ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъарчу дозанех хаттар дийцина даьлла ду, ткъа иза иштта дац бохучара, "бахка а баьхкина, шаьш йина доклад а, диссертаци а ларъян езара".

"Диъ де хьалха бехира ас, цхьа а вогIур вац, суна хаьара, хабаршна тIера кхин гена гIура доцийла хIара", - дIахьедина нохчийн парламентан спикеро.

Лахьан-беттан 21-чохь суьйранна инстаграмерчу chp.groznyi_95 аккаунтехь видео гучуелира хакин басахь масех машен, царна тIехь Кадыров Рамзанан сурт долуш байракхаш йолуш. Ломан кIажехула йоьлху машенаш, хеза Нохчийчоьнан куьйгалхочун озах тера аз: "Дозанаш къастий. ХIара а цаьргара схьадаккха ницкъ бу-кх вайгахь. Къамел дан луучо, Фортанга хих а валий, дийца. Ас цуьнан хечех байракх а йина, Фортанга а, доза чекхдаллалц идор ву. Со цецволу, вайца доьзнарг чIогIа лардеш хиларна цара. Вукху агIор а ма ду церан доза, амма и лардеш цхьа а вац".

Машенийн ковра ГIалгIайчоьнан дозане йоьдуш юй, хууш дац, видео дукха ца Iаш, дIаяьккхира. Иза лаьттинчу 57 минотехь ворхI эзар сов стаг хьаьжнера цуьнга, масех иттаннашкахь комментареш язйира.

ХIалхо гIалгIайн "тайпийн Кхеташоно" шайн ютюберчу агIонехь кхайкхамбира, Сунжа-кIоштарчу дозана тIехула луларчу республикаца кхоллаеллачу конфликтан ситуацина собардан сацамбина шаьш аьлла.

Дахначу кIиранах нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнашка кхайкхамбира "ГIалгIайчоьнан тайпийн Кхеташоно", шина субъектана юкъахь дозанна тIехула хиллачу бертах лаьцна дискусси юхайолон еза аьлла.

Цул тIаьхьа инстаграмехь шен агIонехь йоьдучу эфирехь нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада критика йира "тайпийн Кхеташонан" декъашхойн Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанех йолчу позицина.

"Кхеташонан" декъашхой – Нохчийчохь "куьйг лун тайпа бац" аьлла, дIахьедира Даудовс. Масех де делира цо "тайпанинй кхеташонан" жигархошна, шарIица а догIуш, и латтанаш цкъа мацах шайн дара алий, дуй баа аьлла. Шегахьара дош делира цо, латтанаш дан а ду, хилла а ду нохчийн аьлла, дуй баа ша а кийча хиларх.

2018-чу шарахь Гезгамашин-беттан 26-чохь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертан куьйгашъздира регионийн куьйгалхоша Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Конституцин кхело а низамехь лерира хилла барт. ТIаккха митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь: 2018-чу шеран гурахь а, 2019-чу шеран бIаьста а. Протестхошна хетарехь, дозанаш къастор нийсонца дацара.