Энерги хьокъехь Оьрсийчоьнах йозуш ца хила некъаш лоьхуш ю Европа

Оьрсийчуьрчу газана альтернатива лоьхуш бу Европера говзанчаш а, политикаш а. Зазадокху бутт бовш немцойн канцлеро Меркел Ангелас, Украинина гуонахьар хьал а, Европин а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш а йийцаре ечохь элира, хIинца дуьйна Европано шен „йоллу энергетикан политика юхатоллур ю“ аьлла.
Хууш ма-хиллара, Евроберто оьцучу газан 30 процентий, мехкадаьттан 35 процентий Оьрсийчуьра оьцуш ю. Цундела меттигерчу политикаша а, тергамхоша а хьахадо кест-кеста, Европано шен куьйгашца шех Оьрсийчуьрчу энергетикан лай йина олий, и хIума сихонца хийца дезаш хилар а хьахош.

уьнца цхьаьна шуьйра яьржина ю Европехь, нагахь санна Оьрсийчоьнца Евроберто юкъаметтигаш талхаяхь, оьрсаша шайн газ сацор ю, тIаккха вай дерриш а милла лийр ду боху ойла а.

Амма хьал ма-дарра девзаш болчу аналисташа дацаре до и тайпа хабарш, и ойла яржор Оьрсийчоьнна санехь хилар а чIагIдеш.

Политологин Iилманийн магистр волчу, Венерчу университетан белхахочуо Чапханов Руслана а боху, энергетикаца доьзна хеттаршкахь Оьрсийчоь Европехь алсамох йозуш ю, Европа Оьрсийчоьнал. Маршо радиона ша еллачу интервьюхь цуо карладаьккхира, ур-атталла уггаре а луьрчу Советан заманахь а оьрсаша Европина газ йохкар сацийна ца хилар.

Чапханов Руслан: „Вай цхьаьна хIумнах кхета деза: Оьрсийчоь Европах йозуш хилар алсамох ду, Европа цунах йозарал. Мел чIогIа Оьрсийчоьнна лаарх, цаьрга и газ сацаялур яц. Историно а гайтина вайна, мел чIогIа „шийла тIом“ болчу хенахь а, цара иза сацийна а яц, йихкина а ю.

Цу пачхьалкхан бюджет цуо юхкучу газахий, мехкадаьттахий йозуш ю. Кху деношкахь вовшахкхеттера Германин канцлер Меркелий, Канадин премьер-министрий. Цара дийцинарг Канадера шийла газ, лаьттара йоккхуш йолу, Европе кхачор дара. Евробертан энергетикан коммисар волчу Эттингер Гюнтера а боху, ша Оьрсийчоьнна дуьхьал йинчу санкцешна реза ву.

Цуьнца цхьаьна Германехь лаьттара шийла гах яккха еза вай а боху цуо, лаьттан экъа йоха а йина, йоккхуш йолу. Цул совнаха, „качйина“ гах олуш ю цхьа газ, ищза Цхьаьнатоьхначу Штаташ а, Катаро, Къилбаседа Африкерчу пачхьалкхаша а йоккхуш а, юхкуш а ю. Шортта ю-кх газ“.

Русланан дешнаш тIечIагIдо терахьаша а. 2013 -чу шарахь Оьрсийчоьно 50 миллиард сов долларна газ йоьхкинера Евробертарчу пачхьалкхашна. Кхета хала дац, и ахча Оьрсийчоьнан бюджетана мел мехала ду бохучух.

Нагахь санна амма цхьа дагахь доцург а хилла, Оьрсийчоьно боккъал а Европина газ ца йохкахь, тIаккха цунна шена хин долу зенаш, цкъа делахь алсамох а, шозлагIа делахь хенаца сихох а хир ду аьлла тешна ву Чапханов Руслан.

Чапханов Руслан: „Цхьа Далатохар долу сценарий кхочуш а хилла, Оьрсийчоьно ша шуна газ юхкур яц, оха и газ Китайна юхкур ю олуш меттиг нислахь, тIаккха а цуьнан иза дан инфраструктура яц, биргIа а цкъа хьалха ян езаш ю. Иза яле массийтта шо дIадер ду. Иза дIадалале тIаккха Европано а шена цхьа некъаш лехна хир ду, Цхьаьнатоьхначу Штаташкара елахь, я Канаре елахь, я кхечанхьара елахь а шайн газ эца“.

Европерчу пачхьалкхенаша тIаьхьарчу шерашкахь юхьаралаьцна кхин цхьа некъ а бу, Оьрсийчуьрчу газах шайн йозуш хилар дIадаккхархьама. ЮхаметтахIоттайалуш йолу энергетика шех олуш йолу концепци ю цу некъан коьртехь лаьтташ. Мохо а, малхо а кхуллуш йолчу энергех бахамашкахь а, индустрияхь а пайда эцар ду иза.

Масала, Германехь цу кепарчу энергетико тоххарехь аьтто бина, яггане а газ ягор I0 процентана лахдайта. Ткъа Австрехь дийна цхьа гIала ю, Чапханов Руслана ма-дийцара, ша кхуллуш йоцург кхин эцна энергетика ца лелош.

Чапханов Руслан: „“Смарт ситис“ олуш ю цхьа концепци. Вена, масала, дуьненчохь иштта технологеш лелорна тIехь уггаре а хьекъале гIала лерина ю, энерги Iаламера ша шена яккха а йоккхуш, иза шен хьашташна йойъуш. Венера гена йоцуш цхьа гIала ю, Дюссинг олуш, цигахь шаьш йойъуш йолчу энергин 60 процент шаьш йоккхуш ю.

Европерчу пачхьалкхенаш иштта хIума дан дезаш ду. Иштта ток ларйан а Iама деза адам, шаьш йойъуш йолу ток эрна ца яйъа. Малхах а, мохах а, хих а йолуш йолу ток шаьшна оьшучул бен ца яйъар а ду мехала. Йоккха концепци ю иза, хIинца а нах кхин башха кхетта а бац цу „Грин Энерджи“ олучу хIуман маьIнех“.

Ала дашна, Чапханов Руслана хьахийна йолу „Грин энерджи“ оьрсийн газана бакъ йолу альтернатива хила йиш хилар цхьа могIа Европерчу аналисташа а билгалдоккхуш ду. Иштта, масала, немцойн Баьццарчу партин куьйгалхочуо Гёринг-Эккардт Катрина, шайн пачхьалкхан урхалло Оьрсийчуьра оьцуш йолу газ лахйарех гIулчаш ца яхар критике а деш, элира, газ я мехкадаьтта доцург, кхин а ду шортта энергетикан хьостанаш, аьлла, изза „Грин энерджи“, я нохчийн маттахь аьлча „баьццара энерги“ кхиор а, йолуш йолу энерги кхоамца лелор а, хьахийра цуо.

Нагахь санна немцойн урхалло иза ца деш, кхин дIа а „вай Оьрсийчуьрчу гахаз дозуш ду“ бохуш иза Iахь, и урхалла ша хир ю Оьрсийчоьнах йозуш хилар кхолларна а, иза кIаргаярна а жоьпаллехь, элира цуо.